Германин хIордан кеманаш дIасалеларан а, гидрографин а федералан агенталло бакъо елла "Къилбаседан Iовр -2" (Nord stream-2, Северный поток -2) газан биргIа тасар кхидIа дахьа, цIена шайн экономикан зонехула. Цунах лаьцна хаам бина оцу хьукмато шен сайта тIехь.
БиргIа яр сацийнера Стигалкъекъа-бутт болалуш, экологаша кхеле хьажийна лехам (иск) бахьана долуш. Цара чIагIдо, 5-ъа хIордан йихкинчу меттигехула чекхйолучу биргIано юхаметтахIотто аьтто боцу зен дийр ду Балтин хIордан экологина, вочу агIар Iаткъам бийр бу олхазарша бенаш дарна.
Федералан хьукмато таллам а бина, сацам бина, биргIа тасаран белхаша цхьа а вон Iаткъам бийр бац гонахарчу Iаламна аьлла.
"Къилбаседан Iовр -2" ян йолийна Оьрсийчуьра Германе Балтин хIордан бухула 2018-чу шарахь. Американа а, Евробартан дуккха а пачхьалкхашна а хетарехь, и газан биргIа болх бан йолалахь, цо алсамдоккхур ду Евробарт Оьрсийчоьнах бозуш хилар, аьтто бийр бу Москван Украинина Iаткъам бар кхин а алсамдаккха, Оьрсийчоьнан газан транзитах цуьнан экономика йозуш хиларна. Цуьнан метта Вашингтоно шен энергин кочаллаш кховдийнера Европана.
БиргIа еш дуьххьара дуьйна шайн компанеш дакъалоцуш хиллачу Оьрсийчоьно а, Германино а, цхьамогIа кхечу пачхьалкхаша а чIагIдо газан биргIа еккъа коммерцин проект ю бохуш.