Кхушеран хьалхарчу кварталехь Дагестанан бахархоша 17-тта миллион сом ахча дIацаделла тоьках. "Россети Северный Кавказ" компанина гучяьлла, тергам беш а йоцуш, ток ягийна 700 меттиг, хаам бо "Кавказский узело".
Компанехь хаам бина, хIора фактах лаьцна хаамаш низамаш лардон органашка дIаелла хиларх лаьцна. Талла долийна 667 административан а, 1 бехктакхаман а гIуллакх, кхин а 11 материалан чулацам толлуш бу.
Цуьнца цхьаьна билгалдоккхуш ду, ахча д1а а цалуш, ток ягийначу 25 стага шен лаамехь мах дIабелла хилар ша ягийначу энергех, цу кепара Iедална 1,2 миллион сом компенсайци а еш.
- ХIара шо доладелчхьана Дагестанехь гучуяьлла майнинг-фермаша электроэнерги лачкъийна 9 меттиг. Майнерш ток лачкъийна Буйнакскан, Карабудахкентан, Левашинскан, Магарамкентан, Сулейман-Стальскин кIошташкахь а, ткъа иштта ХIинжа-ГIалахь а (Махачкала).