ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Спутник V" йохка бина барт 8 процентна бен кхочуш ца бина Оьрсийчоьно


Коронавирусна дуьхьал кхоьллина "Спутник V" вакцина йохка тIеэцна Iалашо 8% бен кхочуш ца йина Оьрсийчоьно. Оьцучаьрга дIа ца кхаьчна жима дакъа бен. Вакцина дозанал арахьа дIахьажор лахара ду иза кIезиг арахоьцуш хилар бахьана долуш. Оцу хьокъехь яздо Forbes журналан оьрсийн версино а, The Bell портало а.

Forbes-о бахарехь, 205 миллион сов доза "Спутник" (100 миллион адамна тоххал) кхечу пачхьалкхашка экспорт ян барт бина Оьрсийчоьно. Амма дIахьажийна яц 16 миллион 300 эзар бен. Экспорте хьажийначу оцу барамах доккха дакъа дIакхаьчна кхаа пачхьалкхе - Аргентине, Мексике, Венгре.

Бина барт кхочуш беш Венесуэле ца кхчийна 2% вакцина бен. Гондурасе – цхьана процентал кIезиг, Шри-Ланке – эха процентал кIезиг. Хьалхо Reuters агенталло а, WSJ газето а хаам бира, вакцина арахецарца проблемаш ю Оьрсийчохь, аьлла.

"Спутник" кечъечу хьукматан векала дийцина The Bell ресурсе, фармацевташка цхьана эшшара латта ца ло вакцинан башхалла, эвсаралла, аьлла. Кхечу хьостано хаийтина, и бахьана долуш алссам вакцина ара ца хецало, аьлла.

"Спутник V" вакцинан регистрацин тоьшалло бахарехь, Оьрсийчохь иза арахеца йолу таро кхочу баттахь 40 миллион дозане, хаам бора Оьрсий маттахь Би-би-си радионо. Амма оццул дукха ара ца хецало бечу балхе хьаьжча: йохк-эцаран министра Мантуров Дениса Зазадоккху-бутт боьрзуш дIахьедира, Оьрсийчоьно 2021-чу шеран хьалхарчу декъехь 80 миллион доза вакцина арахьоьцур ю, аьлла.

"Спутник V" дуьхьал лаьттачу Малхбузерчу фирманаша шайн Pfizer, AstraZeneca вакцинаш арахоьцу хIора баттахь бIеннаш миллионаш дозанаш, боху Reuters-о.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG