ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Iедало дIакъовла, боху нохчийн оппозицин IADAT канал


Урдунерчу нохчочун машен чохь Ичкерин васташ
Урдунерчу нохчочун машен чохь Ичкерин васташ

Оьрсийчоьнан Iедало дIакъовла боху нохчийн оппозин 1ADAT канал

Нохчийн оппозицин 1АДАТ ютуб-канал Роскомнадзоран арз бахьанехь Оьрсийчоьнан территори тIехь дIакъовла тарло, аьлла, хаам хьажийна видеохостинган куьйгалло каналан администраце. Сепаратистийн Нохчийчоьнан Ичкери Республикан пропаганда яржайо цо, аьлла ду арз.

Кавказ.Реалиица къамел деш 1ADAT-ан векало билгалдаьккхира шайн каналехь цхьа наггахь доцург хьахош а ца нисло Ичкери, цо довзуьйтург Нохчийчуьра таханлера хьал бен дац, аьлла. Роскомнадзоро ца къастийна, Оьрсийчоьнан низам талхорца муьлха видео шена цатайна, дерриг а канал дIакъовла боху цо.

"Роскомнадзоран версица, тхан дерриг а канал ду Ичкерин пропаганда, ткъа каналан цхьа а битамаш бац Ичкерин васташца боьзна", - билгалдаьккхира ресурсан векала.

Видеохостинган долахойн (Google компанин) тIедахкарш кхочушдеш, дIаяха езаш нисло цхьа билггал контент. Амма яц билгалйохуш тайна йоцу материалаш, дерриг а канал дIакъовла гIерта, боху 1АДАТ-ан векала.

"Иза деса хIума ду, тхо дуьхьаллаьтта цунна, жоп хьажийна оха орзанна дуьхьал. Оьрсийчоьнан территори тIехь оццул кIоршамечу хьесапехь тхо дIакъовла гIертаро гойту Кадыровн режимна оха боккха тIеIаткъам беш хилар. Кадыров (Нохчийн Республикан куьйгалхо - ред.) деккъа дIа шен информацин четара кIел эца гIерта тхан къам, "Грозный" телеканале бен ца хьожуьйтуш, ша кхиболу кхетам тIеоьцуш бацаре терра", - жамI дира 1АДАТ-ан векала.

Ичкерица йолу юкъаметтиг йовзуьйтуш, цунах 1ADAT каналан векало, "оккупаци кIел яхана вайн пачхьалкх ", олу. Амма шаьш реза дац, боху 1АДАТ-хоша эмиграци йинчу "эккхийна дехачу Iедална".

"Тхо дац цхьана а хьукматна кIел, хуьлда иза Закаевн Iедал я Сараляповн министрийн кабинет, Ичкерин кхийолу тобанаш, ца хьоьгу тхо дIадахначух, ц адеха церан лидер дашалоьцуш, церан боламан васташ даздина", - дийцира Кавказ.Реалиига каналан администратора.

"Хьалхалерчу адамашца, боламашца цхьаьна Ичкери юхаерзо ца гIерта тхо, амма хаа деза, тхан пачхьалкхан цIе ю Ичкери. Иза нохчийн къам ду, вац я Дудаев а, я Масхадов а, я Яндарбиев а (Ичкерина коьртехь лаьттина лидерш бу буьйцурш – ред.), я кхиболу турпалш а. Цундела олу оха тхайн маршонан, нийсонан пропагандисташ. Тхайн къам геноцидна бухара даккха гIерта тхо, лаьа тхешан пачхьалкх оккупацина бухара йолийла, лаьа тхешан низамашца даха, ца деза арахаьра тIеэгийна низамаш", - элира 1АДАТ-хочо.

  • Ютуб-версии йоцуш, ю телеграм-канал 1ADAT а, 2020 шеран Охан-баттахь кхоьллина иза. "Кадыровн диктатурина дуьхьаллаьтта халкъан болам" олу шех канало. Таханенна 16 эзар сов ву цуьнга язвелла, дийнахь 250 эзар гергга нах хьовсу цуьнан хаамашка, лаккхара ю цуьнан прессехь "хьехоран рейтинг" а.
  • 2020 шеран ГIура-баттахь Талламан комитето бехктакхаман дов айдира IADAT телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман варца доьзна. Иза 2020 шеран Гезгмашин-беттан 6-чохь вадийра Геленджикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера ду шаьш аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчарна геопозици тергалъярца хиира иза Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу полкехь хилар. Цул тIаьхьа яйра Тепсуркаев лар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG