ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу ширачу эсаллех документалан кино яккха дагадеана Кадыровна


Нохчийчоьнан Республикан культуран тIаьхьалонех йоккхучу документалан филман соавтор хила лаам шен хиларх дIахьедина Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан синбахамаллин министрца Любимова Ольгица цхьана дийца дагахь ву иза Нохчийчоьнан дозана тIехь мел йолчу эсаллех. "Это Кавказ" ресурсо бина цунах лаьцна хаам.

Культуран тIаьхьалонан массо а гIишлош юхаметта а хIоттийна, уьш ларъян дагахь ду шаьш аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

"Дукхахйолу шира гIишлош а, тайпанийн бIаьвнаш а тIемаш бирзинчул тIаьхьа хIаллакйина яра. Царех цхьа дакъа оха юхаденйина, хIинца а уьш меттахIиттош схьадогIуш ду тхо", - дIахьедина Кадыровс.

2016-чу шеран Гезгамашин-баттахь динчу официалан дIахьедарехь, Нохчийчохь ларъеш историн а, культурин а 432 гIишло яра, царех 134 федералан цIарх, 298 регионалан. Оцу юкъанна, тIаьхьо дIакъевлинчу шен инстаграмерчу агIонехь Кадыровс хаам бора, пачхьалкхо дола деш регионалан а, федералан а маьIнехь 53 комплекс ю, ткъа культуран тIаьхьалонан гIишло ю аьлла, тIеэцна 560 хIоллам бу аьлла.

Кху бIаьста "Артдокфест" фестивалехь дакъалоцуш яра "Тийна аз" ("Тихий голос") фильм. Оцу фильмехь дуьйцура, шен гергарчарна ша гей вуй хиъначул тIаьхьа, махкара аравала дезначу нохчийн ММА-н латархочух. Кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Москвахь гойтучуьра юкъахъяьккхира и кино. ХIетте а "Артдокфестан" гран-при кхечира цунна, ишта масех кхечу пачхьалкхашкарчу фестивалашкахь тоьллачарех а лерира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG