ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу вахархочо бакъ ца дина ша меттигерчу полисхоша лачкъийна вигар


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Полисхоша вигина шайн кIант аьлла, гергарчара дIахьединчу Аргунан кIоштарчу вахархочо Татаев Акрамана бакъ ца дина ша лачкъор. Стигалкъекъа-баттахь бакъоларъяран "Мемориал" центре (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) хаийтинера цара цунах. Татаевс бахарехь, цхьана ахсахьатана бен лаьцна ца витина иза.

"Со лачкъийна вигина бохуш, чIагIонаш йинера "Мысли Ислама" аккаунт лелочо. Массанхьа а хаамаш дIасакхехьийтинера, маьршаваккха Татаев бохуш. Со дIавигира, хIунда аьлча, соьга кехаташ хаьттира, ткъа соьгахь уьш дацара. Полицин декъехь соьга хеттарш дира. Сох цхьаммо а пIелг ца Iоьттира. Шуна гуш ма-хиллара, могуш ву-кх со. Цхьа а кепара чевнаш яц сан дегIа тIехь",- дуьйцу Татаевс видео тIехь.

Хиллачух шен дега-нене хаийта ца лиира шена, бохуш чIагIдо Татаевс, цундела ша вайна аьлла тарделлера царна.

"Со сайн ненаваша волчу дIавахара, цигара араваьллачул тIаьхьа. Сан да къовламе ву, цо дов дийр дара суна, цундела ненаваша волчу вахара со. Суна дика вевза сайн да. Нагахь санна, Iедалшца сан гIуллакх Iотталахь, ша могуьйтур дац аьллера цо соьга. Сайн дех кхеравеллера со, цундела вахара ненаваша волчу. ХьошалгIа веана со аьлла, жимма хан яьккхира ас цигахь", - дIахьедо Татаев Акрамана.

Видео тIехь боху цо, ша цIахь ву, лачкъийна бохуш, социалан машанашкахь хаамаш ма баржабе.

"Аш и видеош а йохуш, со нахалаваьккхина. Ма дицийша сан доьзалх, дех, ненах. Со сайн цIахь ву. Ненавешин хIусамера цIа веана со. Сан ненаваша а оьгIаз вахна суна, ас шена харцдерг дийцарна. Ас аьшпаш боттарна, хIинца массара а тхан доьзалх лаьцна дуьйцуш ду. Телефон дIа ца яйнехь, ас кхин а хьалххе хаам бина хир бара. Шаьш Европехь Iаш делахь, дIа а совций Iейша. Дитийша тхо. Сан тайп а ду, тукхам а ду. Со нах боцуш а вац. Цара гатдийр ду суна са", - боху Татаевс.

Байначу беттан юккъехь бакъоларъярхошка елира Татаев Акраманан хIусамнана. Цо дийцарехь, иза дарбанан цIийне ялош веанчу заманчохь циггара лаьцна вигинера цуьнан цIийнда. Гергарчарна официалехь цхьана а кепара информаци ца лора цуьнгара даьллачух.

Иштта, полисхоша кхерамаш тийсинера Татаевн дена-нанна а.
Устрада-гIаларчу полицин декъе а бигина, "шаьш чуделла арз а, шайн йолу претензеш а юхаэца, и ца дахь, берш уьш хIаллак а бина, бехк Акраманна тIехь буьтур бу" шаьш бохуш, кхерамаш тийсинера. Татаев шаьш маьршавоккхур ву, нагахь санна, цара чуделла арз юхаэцахь аьлла, дош деллера ницкъхоша. Цара Iаткъам барна, бакъоларъярхошца кхидIа юкъарло лело дуьхьал бевлира уьш.

Оцу тайпа видео дIаязйира Охан-баттахь Францино депорт йинчу мухIажаро Гадаев Мохьмада а. Шен гIуллакх дика ду аьлла, дIа а хьедеш, адвокатан гIо оьшуш дац аьлла, дуьхьало йира цо.

Масех шо хьалха видео Iораяьккхира Бакаев Зеламхаца а. Цо а элира, дерриг а дика ду, ша Европе дехьаваьлла. Амма журналисташа къастийра, иза чохь волчу хIусамера йийбар а, моьлу хиш а Оьрсийчохь арахоьцуш хилар. Ткъа Евробертан пачхьалкхаша дIакхайкхийра, Бакаев шайн дозанашка кхаьчна вац аьлла. Бакаевн кхолламах хууш дац хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG