Ийначу кепехь латархочо Двалишвили Мераба дIахьедина, Дагестанера UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб аьхка Гуьржийчу ван дагахь ву аьлла.
"Цуьнан Iалашо ю - Гуьржийчуьрчу сан доттагIашца дикачух масех проект кхочушъян", - билгалдаьккхина гуьржийн спортхочо. Цо бахарехь, Хьабиб хьакъ вац цуьнца негативе хила, ткъа иза Сухуми воьдуш ву аьлла, дийцадаккхар, цунна хетарехь, цхьа Абхазерчу хаамийн гIирсаша яржийна информаци ю.
"Гуьржийчуьрчу ММА-н фанаташна хьоьху ас, позитиве хилар цуьнца. Иза вайн мостагI вац, иза вайн доттагI ву, вайца цхьана дуккха а диканиг дийр долуш а ву", - билгалдаьккхина Двалишвилис.
Дуьненаюкъарчу бераш Iалашдаран дийнахь, Мангал-беттан 1-чохь, Абхази вар Нурмагомедовс юкъахдаьккхина, "Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Гуьржийн а агIор Америко шена елла виза дIаяккхарца а, UFC-ца лела юкъарло а, Америкаца долу контракташ а дохарх болчу кхерамца доьзна а". Ша-шех пачхьалкх олучу республикан спортан а, кегийрхойн а гIуллакхаш луьстучу комитето дира оцу кепара дIахьедар.
Absolute Championship Akhmat лиган вице-президенто "ХукВам" шоун эфирехь дийцира, Нурмагомедов Хьабибна 440 миллион сом (ялх миллион даллар) дала кийча ду шаьш, шайн клубехь иза латахь аьлла.
- 2021 шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб цо карьера ерзорца доьзна ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.
- Цхьанакхеттачу къаьмнийн организаци юкъайогIучу дукхахйолчу пачхьалкхаша Гуьржийчоьнан дакъа лору Абхази. Оьрсийчоьно къобалйина цуьнан пачхьалкхалла 2008 шарахь. Абхазино барт хIоттийна Оьрсийчоьнца цуьнан эскарш шен территори тIехь латто.
Текстехь нисъяла тарло ша-шех пачхьалкх лоручу Абхазехь лела терминологи а, топонимаш а.