ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лас-Вегасе хьуьнарш шардан дIавоьдуш ву Чимаев Хьамзат


Кадыров Рамзан а, Чимаев Хьамзат а
Кадыров Рамзан а, Чимаев Хьамзат а


UFC-н латархочун Чимаев Хьамзатан тренеро Андреас Майкла дийцина, ша верасалла лелочун юхавирзинчул тIаьхьа йолчу Iалашонех. Америкерчу Лас-Вегасехь Iаморашкахь хир ву Чимаев, кху шарахь дуьххьара шен октагонехь хиндолчу латарна кечлуш, хаам бина BJPenn.com ресурсо.

Хаамийен гIирсо билгалдаккхарехь, иза меттавеанчул тIаьхьа Магни Нилца спортхочун латар кечдан Iалашо ю цуьнан командан.

"И дика латар ду, тхуна лууш а ду. Оха хIуъа а дийцахь а, тIаьххьара дош Хьамзатан хир ду. Кепе а веана, тIедогIучу кIиранах лата лаьа шена ала а тарло цо. Далла бен хууш дац, кху шарахь масазза летар ву иза", - аьалла Чимаевн менеджеро Шамма Мадждис.

Швецехь вехаш вара Чимаев Хьамзат.
ММА-рчу шен йоццачу карьерехь исс латарх чекхваьлла иза, иссазза а тоьлла, толамех кхоъ цо баьккхина UFC системехь. UFC-н рекорд хIоттийна цо хенал хьалха, 66 дийнахь кхузза толарца.

Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира Чимаевна, иза Соьлжа-ГIала а вахна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.

Цул тIаьхьа UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата дIахьедира Инстаграмехула, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. ТIаккха Кадыровс, шен Чимаевца къамел хилла, иза спортехь вуьсувш ву, элира.

ТIаьхьо Швецера Нохчийчу дIавигира UFC –н латархо Кадыров Рамзана. ХIинццалц схьа Нохчийчохь вара Чимаев Хьамзат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG