ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Проект»: Росреестро къайлабаьккхина Кадыровн шолгIачу зудчун бахам


"Проект" ресурсо Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шолгIа хIусамнана ю аьллачу Хазуева Фатимин цIе хийцина Росреестро "Оьрсийчоьнан Федераци" аьлла. "Проекто" бина цуьнан тидам, яздо "Медиазона" гIирсо.

Охан-баттахь журналисташа бинчу талламца, Кадыровн шолгIачу зудчун Хазуева Фатимин долахь яра Соьлжа-ГIалара бассейнца цхьана йолу шахьар. Ткъа хIинца, Росреестран кехаташца, оцу шахьаран долахо Хазуева яц, "Оьрсийчоьнан Федераци"ю.

Грозненскан кIоштарчу Кишинев олучу меттигехь лаьтташ ду, йиллина бассейн а йолуш, 9 эзар квадрат долу цIа. Оцу кIоштахь дIатарбелла Нохчийчоьнан урхаллера кхинболу хьаькамаш а.

Ишта, Хазуеван долахь 370 миллион сом доьху чу-ара ца баккхалун бахам хаабелира "Проектна" Москвахь а цхьана. Хаамийн гIирсо билгалдаккхарехь, Кадыровн администрацехь болх беш ю иза официалехь, 100 эзар сом ца кхоччуш алапа а оьцуш. Даржашкахь бу цуьнан гергара нах а цхьана.

"Проекто" чIагIдарца, Хазуева шолгIа зуда хилира Кадыровн Нохчийчохь хазаллин конкурсехь цо дакъалаьцначул тIаьхьа.
Шаьш талламаш Iорабаьхначул тIаьхьа, шайн сайтана тIелетарш до, социалан машанашкахь яржийначу материалан видеоверсина аьрзнаш до бохуш, хаамаш бора "Проектан" журналисташа. "Грозный" канало бинчу латкъамца ютубехь дIакъевлира церан талламан материалаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG