ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан цIе тиллина Дагестанерчу маьждигна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанерчу Новолакскан кIоштарчу Бонай-юртахь юккъерчу маьждигна Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIе тиллина. "Грозный-информ" агенталло бина цунах лаьцна хаам.

1980-чу шерашкахь дина маьждиг юха тодира цунна цIе туьллуш церемони дIаяхьале хьалха. Цул совнах, тIейогIучу заманчохь и гIишло тоеш кхин а цхьа могIа белхаш бан дагахь бу. 300 стагана лерина ду маьждиг.

Агенталло чIагIдарехь, маьждигна Кадыров Ахьмадан цIе тиллар - меттигерчу бахархоша шаьш тIеэцна сацам бу. 1 400 гергга стаг ву оцу эвлахь вехаш, дукхахберш нохчий а болуш.

Гуьмса кIоштан къедас Абдулмуслимов Iамира дакъалецира маьждиг схьадоьллучу барамехь.

Ши кIира хьалха Соьлжа-ГIаларчу аэрпортна Кадыров Ахьмадан цIе туьллуш, хьесап дира.

Дечкен-баттахь Ленинскан кIоштан цIе хийцира Ахматовн кIошт аьлла.

Нохчийчохь 346 урам бу, КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIераш техкина. Уьш схьабевллачу ярташна улле мел а гIоьрта а алсам бу оцу ярташкахь церан цIарах урамаш яздора "Би-би-си-н Оьрсийн сервисо" бинчу талламца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG