Ростуризм урхалло, Росавиацияна тIаьххье хаам бина, кеманаш лелар официалан кепехь юхаметтахIоттийна доцучу пачхьалкхашка кира а, некъахой а дIасалелон рейсаш совцош ю шаьш аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо, "Коммерсант" газетана тIе а тевжаш.
Карарчу хенахь Оьрсийчохь магош ду рожехь йоцу рейсаш ян, кхечу пачхьалкхийн гражданаш дIабуьгуш а, Оьрсийчоьнан махкахой цIабалош а, ткъа иштта дарбадайта а, деша а дIасабоьлху нах дIасалелош а.
Туризман индустрин векало дийцарехь, карарчу хенахь коьртачу декъана цу кепарчу кира а, некъахой а дIасалелочу рейсашца туристаш боьлху меттигаш ю Кипр а, Тунис а. Охан-баттахь дуьйна Оьрсийчуьра туристаш тIеоьцучу Кипре воьдура хIора дийнахь 3 эзар гергга турист. Верриг а оцу гIайри тIехь хила мегаш ву тахана 14-42 эзар Оьрсийчоьнан махкахо.
Оьрсийчоьнан пандемица къийсам латторан оперативан Штабо бинчу сацамца, Мангал-бутт болалуш лаьрча кеманаш лелар юхаметтахIоттийна 43 пачхьалкхаца. Кипр а, Тунис а яц царна юкъахь.
Оьрсийчуьрчоьнан аэропорташкара кхечу пачхьалкхашка кеманашца дIасалелар ханна сацийна ду стохка Зазадоккху-беттан 27-хь дуьйна, коронавирус яьржаш а йолуш. Пандемияца долу хьал гIолечу даларе хьаьжжина цхьайолчу пачхьалкхаша юхаметахIоттош ду цхьана декъана махкал арахьа кеманаш лелар.