ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШарIехь дац Кадыровс лелориг, аьлла шен шина кIентан декъий дIадоьхучу дас


ГIалгIайчоьнан вахархочо Тимурзиев АхьмадханаНохчийчоьнан куьйгалхочуьнга дIадехна Соьлжа-ГIалахь 2020-чу шеран ГIуран-баттахь вийначу шен шина кIентан декъий.

Белларш дIа цабохкийтар ШарIо магош дац, и нах мел баккхий зуламхой хиллехь а, билгалдаьккхина Темурзиевс "Фортанга" портале хIоттийначу видео чохь.

"Суна хаьа, мел хала ду беллачийн гергарчарна, церан лазамах со саннарг бен кхетар вац. Сан дагна кхачор доцу тезет ду иза. Сан ши кIант бакъ ву ца боху ас. Воьйтур вацара ас цаьрга цхьа а, шаьш а болуьйтур бацара. Ахь сан бераш схьаделча, уьш дIадухкур дара ас, Рамзан. КIеззиг а торуш делахь, дIабохкийтахь соьга уьш", - доьху дас.

Декъий дIа цадалар шен кепехь довзийтина Нохчийчуьрчу Iедало – вежарий полисхошна тIелетта, царна дуьхьал терроризмах долу бехктакхаман гIуллакх гIаттийна, аьлла цо.

  • Официалан версица, ГIуран-беттан 28-чохь ТемурзиевгIар – Хьасан а, Хьусайн а уьрсаш карахь тIелетта къепе тергалъеш лелачу полисхошна, гIоьртина цаьргара герз даккха. Оцу хьелашкахь вийна 22 шо долу полисхо-сержант Джабраилов Мохьмад, лазийна цуьнан ьелхан накъост. Вежарийн ТемурзиевгIар циггахь байъина.
  • Нохчийчуьрчу полицино шина кIиранах лецна кхебира байъинчу ТемурзиевгIеран да Ахьмадхан а, нана Зарета а. Уьш террорхошца зIенехь бу яц бац билгалдоккхуш дара Iедал. Ша дIахецча, "Грозный" телеканалехула шен бераш бахьанехь нах шена къинтIерабехира дас.
  • Дечкен-бетта юккъехь 1ADAT телеграм-канало хаам баржийра, шина вешех цхьаъ дийна ву, цунна гIело йо, иза вен кечлуш бу ницкъхой, аьлла. Иза харцдира Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG