ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эшаршлакхархочунна Гетагазова Iайнаъна тIелатар динарг лаьцна


Гетагазова Iайнаъ
Гетагазова Iайнаъ

Чохь даккха пхи дей-буьйсий хан тоьхна Магасан вахархочунна Мержоев Элезна, цо дов даьллачу хенахь йишлакхархочунна Гетагазова Iайнаъна тIара тоьхна аьлла. Дийцарехь, инцидент иккхина цхьахйолчу кафе чохь, яздо "Кавуказский узел" ресурсо.

Мержоевс дIахьедарехь, дош дашера а даьлла, къовсаме ваьллачохь кьртах хIума тоьхнера цо Гетагазована, хаам бина Магасан кIоштан кхело.

"Мержоевна бехк тIечIагIбина административан бакъо йохорца, пхий дей-буьйсий тоьхна цунна чохь даккха", - аьллачу кхелерчу хьостан дешнаш далийна "Интерфаксо".

Маршо Радионо яздира хьалхо, 2019-чу шарахь Гетагазова Iайнаъна а, жигархочунна Халухаева Азина а юкъахь иккхинчу девнех. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна лерина йишлакхархочо аьллачу иллина тIехула дов даьллера цу шиннан.

Гетагазова Iайнаъ ю ГIалгIайчоьнан сийлахь артист, ишта цунна елла Нохчийчоьнан халкъан артистан цIе а. Керлачу статусах лаьцна тоьшалла цунна караделира Кадыров Рамзана.

Билгалдаккха деза, Гетагазова Iайнаъан Кадыровца дика юкъаметтигаш хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхо язвелла ву цуьнан Instagram-чу агIоне. Кадыровс сих-сиха "лайкаш" хIиттайо йиш лакхархочунна, яздора Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG