ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аьшпашбуьттуш нах Iехош бу аьлла, шеко йолуш нах лецна Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нах а Iехош, хьарамлонаш лелон тоба лаьцна Нохчийчохь. Меттигерчу телехьожийлан камераш тIе а хьийсош, бехкаш даьхна цаьргара.

Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан репортажехь дийцарехь, оцу тобанан декъашхо хиллачу таксхочо, нах тIекхуьйлуш хилла бозбуанчалаш лелочарна. Оцу командерчу цхьана зудчо чIагIонаш йо, ша бакъдолу малик а ду, шегахь нахана дарба ден дакъа а ду бохуш.

Соьлж-ГIаларчу бусалба дарба лелочу центран коьртачу говзанчас Эльжуркаев Адама къамел дина лецна балийначаьрца.

Стигалкъекъа-баттахь а лийцира Нохчийчохь, холмачалла лелош хилла аьлла, кхоллаеллачу шеконашца, меттигера бахархой. Пачхьалкхъан "Грозный" телеканалехь юьхьъехира цаьргара хIетахь а. Цара дош делира кхул тIаьхьа оцу кепарниг ца лелон.

Яхначу аьхка «Грозный» телеканало гайтира «кешнашкахь пал лелош» йолу зуда цо Iорайоккхуш. Ткъа тIаьхьо мохк къинтIера баккхийтира цо динца доцу «дарбанаш» лелорна «хIума хуучу» Ибрагимова Секинате а, цунах а тешна, иза йолчу леллачу Эскерханова Зулайга а.

Исламо зуламе лоруш хиларца а дузуш, лецна палтийсархой, «хIумахуурш», седа-жайна хьуьйсурш дуккхаза а гайтина махкарчу телевизионо. Церан юьхьйохург хIоразза а хуьлу Эльжуркаев Адам.

2021-чу шеран Зазадокху-баттахь депутата Милонов Виталийс Пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийра, маги а, халкъан дарбанаш а лелочарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарх. Оцу артиклца кхаа шаре гергга хан кхачайо, нагахь санна, низамехь доцучу некъашца лелийначу дарбанех и стаг веллехь.
Маги а, жинашца тайна нах хилар а Iилмано тIе ца дуьуту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG