2014-чу шарахь тIеман базашкахь тIелатарш дарца шайна дина зен меттахIоттаде аьлла, тIедожийна Оьрсийчоьнна Чехин Iедалхоша. Врбетицерчу бахархошна дикка зенаш динера хIетахь, Чехин бахархой байъинера. 23 миллион евро (29,7 миллион долларш) аьлла мах хадийна шаьш тIедожийначу компенсацин.
Чехин арахьарчу гIулллакхийн министран гIовса Смолек Мартина оршотан дийнахь дипломатин нота кховдийна Прагерчу Оьрсийчоьнан векале Змеевский Александре, шаьш бина эшам кхачо йоллуш меттахIоттабе аьлла. Чехехь арадолучу «Млада фронта Днес» газетано бина и хаам.
Билгалъяьккхинчу компенсацин нийса ах Чехин къилба-малхбалерчу Злинскан кIоштан регионалан бюджете хьажор долуш ду, ткъа важа ах - оцу лелхийтаршкахь байъинчийн доьзалшна а, хIусамаш йохийначу бахархошна а дIасадоькъур ду.
Чехин Iедалхоша чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш гунахь ю 2014-чу шарахь Врбетице юьртарчу герзаш латточу гIишлошкахь лелхийтарш дарна.
Прагас дохку бехкаш дIатеттина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Чехино тIеэцна барамаш "кхетаме боцуш а, шина пачхьалкхан юкъаметтигашна зен дохьур долуш а" лерина цо. Хиламца доьзна Европан Барто шен мехкашкара арабоххучул дипломаташ Оьрсийчуьра дIахьийсош хьийзара Кремл.