Шена вевзаш воцчу стаге гергарчара маре дIаяла хьийзош хилла Дагестанера 18 шо долу К. Швеци дIаяхана. Бакъоларъярхошна тIетевжина хааамийн гIирсашкахь дийцарехь, йоI цIера яларца доьзна полицино бехктакхаман гIуллакх долийна, стаг лачкъоран артиклехь.
Оцу юкъанна, юьйцу йоI деца-ненаца Швецехь еха шен исс шо кхаьчча дуьйна, ю иза Швецин а, Оьрсийчоьнан а пачхьалкхийн яхархо. Байначу беттан 23-чохь Дагестане еанера иза, шен ден-ненан лаамца, "дедена тIе а хIуттуш, гергарчийн ловзарга а йоьдуш". Амма ша цIа кхаьчча цунна хиинера, ша маре яла уьш дагахь хиларх. ХIара дуьхьал яьлча, цуьнгара кехаташ а, телефон а схьаяьккхинера, "сий лардеш" шаьш юьйр ю бохуш, кхерамаш а туьйсуш, хааме даьккхина "Открытые медиа" гIирсо, "Правовая инициатива" проектан адвокатна Гнездилова Ольгина тIетевжина.
Швецерчу шен доттагIчуьнца зIене яла аьтто баьлла К-н, шведахойн полицига дIахаийтина хилла вукхо. Цул совнах, Дагестанерчу полицига а дIахьедина хиллера йоIа. Мангал-беттан 29-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дIайигинера иза, хеттарш дан. Цигахь буьйса яьккхинчул тIаьхьа, юха цIа а ца йогIуш, Москва дIа а яхана, цигара Швеци кхаьчна иза кеманца. К. "яйначул" тIаьхьа цуьнан гергарнаш полици бевлла хилла.
Кеп-кепарчу хаамашца, "Правовая инициатива" проектца зIене бевлла хилла я Швецин Iедалхой, я ша К., билгалдоккху "Медуза" гIирсо (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьара агент лерина иза.- Редакцин билгалдаккхар.).
Хаамийн гIирсашкахь хьалхо дийцира, Дагестане едда яхначу Нохчийчуьрчу Тарамова Хьалиматах лаьцна. Видео яржийра Тарамовас, ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо.
Мангал-баттахь ХIинжа-ГIаларчу шелтерера лачкъийна Нохчийчу йигира иза, цул тIаьхьа пачхьалкхан телехьожийлехь сюжет гайтира, Тарамова кхерамзаллехь ю аьлла. Бакъоларъярхой саготта бара, "сий лардеш" иза ен йигина хиларна.
ЦIера еддачех ю Дагестанера схьаяьлла, Тюменехь ехаш хилла 22 шо долу Магомедова Милана а.