ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ду уггар а лахара пенсеш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а лахара пенсеш хиларца билгалъяьлла Къилбаседа Кавказ.РБК агенталло довзийтина терахьаш, пачхьалкхан кхинхьегаман министралло арахецначу рапортех пайда а эцна.

ХIоттийначу тептаран чакхенехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь, Дагестан, ГIалмакхойчоь. Оцу мехкашкахь дахначу шарахь пенсхоша эцначу ахчанан барам - 12, 7, 12,9, 13,5 эзар сом.

Мелхо а уггар а лакхара къаналлин пенсеш оьцуш хилла Чукотскан а Ненецкан а автономин гонашкахь: юккъерчу барамехь аьлча, 27, 3 а, 24,4 а эзар сом ду цигахь.

Царна тIаьхьа йогIу Камчатка-мохк а, Магаданан кIошт а, цигарчу пенсхоша оьцу 23,4 эзар сом аьлла ду рапортехь.

Хьалхо хаам бара, Нохчийчуьрчу бахархоша банкашкахь латтош долчу ахчанах юккъерчу барамехь цхьана вахархочунна 11,8 эзар сом кхочу, аьлла. Оьрсийчохь тIаьххьара меттиг бу иза. Нохчийчоьнан лакхарчу позицехь яра ГIалгIайчоь – 12,2 эзар сом, Дагестан -26,4 эзар сом. Рейтинг хIоттийнера РИА "Новости" агенталло, Центробанкан терахьашна тIе а тевжаш.

Ткъа Нохчийчоьнан финансийн министрна Тагаев Султанна хетарехь, ахчанца вон дац махкарчу бахархошкара хьал, деккъа дIа уьш ца боьлла шайн ахча банкашкахь латто. Иштта тидира цо Оьрсийчоьнан рейтинго Нохчийчоь цхьана вахархочо банкехь латточу ахчан барам уггаре лахара болу мохк бу аьлла билгалдаккхар.

Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан кегий а, юккъера барамерчу а ярташкарчу алапийн рейтингехь тIаьххьарчу шина меттехь яра Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а.

Хьалхо Къилбаседа Кавказера а, Къилба федералан гонера а мехкаш нисбелира жимчу а, юккъерчу бараман а бизнесехь бахархой хилар гойтучу рейтингехь тIаьххьарчу могIаршка. Уггаре эшна хьал ду ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG