ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан вахархо шайн пачхьалкхера араваккха гIоьртина Украинан миграцин хьукмат


Украинан малхбалехьа оьрсийн сепаратисташна а, эскархошна а дуьхьал тIемаш бина Нохчийчуьра вахархо Читаев Рамзан шайн пачхьалкхера араваккха гIоьртина Украинера миграцин хьукмат.
Адамийн бакъонашкахула йолчу Украинан Хельсинкан юкъараллан (УХСПЧ) директоро Павличенко Александра бина и хаам Кавказ.Реалиига.

"Цо билггал "Аьтту секторан" декъехь кхаа эвлахь тIемаш бина хиларх тоьшаллаш кхаьчна тхоьга, тхайн партнерашка дехар дина оха, цунна адвокат ло аьлла", - дийцина Павличенкос. Цо ишта билгалдаьккхина, Читаев Оьрсийчоьнан вахархо хилар а.

"Адвокат юкъагIоьртинчул тIаьхьа, дIахецна иза" - аьлла, тIетоьхна бакъоларъярхочо.

Киевн кIоштарчу ша вехачу Белая Церковь олучу меттигехь лаьцна хиллера Читаев, цигара дIа вигинера иза Киеверчу миграцин урхалле. Адвокат тIе кхаьчначу заманчохь Читаев, иза дозане дIавига дезачу автобус чохь хиллера. Цкъачунна хууш дац, муьлхачу пачхьалкхе цунна депорт ян дагахь хиллера.

Украинхойн бакъоларъярхочо Захаров Бориса дийцарехь, пачхьалкхан президенто Зеленский Владимира тIечIагIйинчу къоман кхерамзаллин Кхеташонан санкцийн тептаре вазвина ву Читаев.

Къилбаседа Кавказера схьабевллачу бахархойн хьокъехь Украинан Iедалхой омра кхочушдан гIоьртина дуьххьара гоьяьлла меттиг ю хIара. БIеннашкахь бу Украинехь санкцийн тептаршка язбина Къилбаседа Кавказера бахархой. Официалехь дозанан барамаш хьажийна бу криминалан авторитеташна дуьхьал. Бакъду хьовзамаш хуьлу уьш бахьанехь тховкIело йоьхучарна а, цхьана ханна я гуттаренна а шайн пачхьалкхехь баха бакъо еллачарна а.

Киеверчу Деснянскан кхело набахтехь даккха диъ шо хан тоьхна 30 шо долчу Шеларчу С-А. Юсупна, бакъо йоцуш герз латторна.
Цо тIе ца дуьтура бехкаш, ткъа цуьнан адвокато билгалдаьккхира, иза лоцуш цуьнгара тапча яьккхина баьхнехь а, талламчашкахь тоьшаллина иза лоцуш дIаязйина видео а, сурт а цахилар.

Хьалхо хаам баьржира, Украинан президента Зеленский Владимира шен омрица тIечIагIдина къоман кхерамзаллан Кхеташоно хIоттийна санкцийн тептар, аьлла. Цуьнан могIаршкахь вара Ушармин батальонан буьйранча ЧIебарлойн Муслим а, оцу тобанера масех стаг а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG