ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтерчу Тумгоев Тимурера хьал-де хаа аьтто бац гергарчийн


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Саратов-махкахь набахтехь хан токхучу БуьритIерчу Тумгоев Тимур латточу меттигах а, цуьнгарчу хьолах а йишина хаийта дуьхьал бевлла федералан таIзар кхочушдаран урхаллехь (ФСИН), Тумговен шен лаам бу ишта аьлла, билгалдоккхуш. Саратовн кIоштарчу ФСИН-ера кехат кхаьчна Тимуран йишига Тумгоева Марине оцу кепарчу хаамца, яздо "Кавказский узел" интернет-ресурсо.

Кехатан чулацамехь ду, Тумгоев Тимур "дуьхьал ву" шех лаьцна информаци йишига дIахаийта: ша волчу меттигах а, шен могушаллех а. Цундела шен вешех дерг хаа лучу йишин Тумгоева Маринин дехар кхочушдойла яц аьлла.

Маринас дийцарехь, тIаьххьара шен вешица къамел хилла цуьнан Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь, хIетахь дуьйна цуьнгарчу хьолах лаьцна хаа йиш йоцуш ю иза.

"Вон низам талгориг ву" аьлла, дIакхайкхийна Тумгоев Саратовн кIоштарчу кхечу "шогачу набахте" дехьавоккхуш ву аьлла, хезнера цунна хьалхо.

"Иза ган тIедуьтуш а дац тхо, цунна хьакъ дац боху, гIад дайча ангали дуьхьал а долуш бен гойтийла дац бохура", - дийцина Тумгоева Маринас "Кавказский узел" гIирсан корреспонденте.

Ша Балашов яха дагахь ю тIедогIучу кIиранчохь, набахтен хьаькамна тIе а кхаьчча, шен ваша гайта аьлла, дехар дан, боху цо.

"Бакъоларъярхо Юсупова ПатIимат хир ю соьца. Дегайовхо ю сан, куьйгалхочунна тIе а кхочур ю, айса арабаьккхина некъ кхиамца кхочуш а хир бу аьлла", - дIахьедина Тумгоевас.

Оцу юкъанна, Тумгоев Тимуран адвокато аьлла ресурсе, кест-кеста къамел хуьлу шен цуьнца, тIехьаьжна вон вацара иза аьлла.

Маршо Радионо яздира, 2018-чу шарахь Украинано Оьрсийчоьне Тумгоев Тимур дIаваларх. Оьрсийчоьнан ФСБ-но бехкевора иза Шемахь Асад Башаран ражна дуьхьал тIемашкахь дакъалаьцна ву аьлла. Ростоврчу тIеман кхело 18 шо хан тоьхна цунна, набахтехь луьрачу хьолехь такха.

Ткъа Тумгоевс Шеман территори тIехь ша хилла а вац аьлла, дIакхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG