ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь меттигера вахархо вийна. Полисхошна тIелатар динера цо, боху Iедалхоша 


СК возбудил дело после нападения на церковь в Грозном
СК возбудил дело после нападения на церковь в Грозном

Бакъоларъяран органийн белхахошна тIелетта меттигера вахархо вийна Нохчийчохь, полисхошна зен ца хилла аьлла, хааме даьккхина шоьтан сарахь Талламан комитетан урхалло.
ЧIагIдарца, инцидент Iоттаелла пIераскан суьйранна ялх сахьт долучу заманчохь Висаитовн кIошта чувуллучохь.

Урс карахь долчу вахархочо тIелатар динера полисхойна тобанна, стационаран постехь ха дечу хенахь. Полисхоша герз тоьхна зуламхочунна, дарбан хIусамехь кхелхина иза йинчу чевнех.

Герз когах тоьхна тIелеттачунна, яздо "Комсомольская правда" газетано. Иштта хаамийн гIирсо цIарца вовзийтина зуламхо дуьххьара тIелеттарг: 35 шо долу сержант Газабаев Мохьмад ву иза.

РЕН ТВ каналан информацица, тIелатар дечу заманчохь иттех ницкъхо хилла постехь лаьтташ - виъ меттигера, ялх Брянскан кIоштара баьхкинчех хилла. 28 шо долчу Инаев Къурейша цкъа хьалха уьрсаца тIелатар дина цхьахволчу полисхочунна, амма важа ларийна дIаэккха. Цуьнан накъосташа иза човхош герз кхоьсинера, амма тIаккха а къар ца велла тIелетарг.

Бехкзуламан гIуллакх ду айдина, бакъоларъяран органийн белхахочунна тIекховдарца доьзна.

ГIебарат-Балкхаройчохь карарчу беттан 3-чохь полисхоша дIахьедира, шаьш контртерроран операци дIаяхьарх а, цигахь пхи стаг хIаллакварх а. Къоман антитерроран комитетан версица, "терроран зуламаш дан Iалашо кхобуш хиллера" цара. Вийначух цхьахволчун, Хупсергенов Хасанбин гергарчарна тIехь ницкъбина лараш карийра шайн стеган дегIа тIехь. Кхачам боллуш таллам дIабахьар тIедожийна цара хиллачу инцидентах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG