ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра еддачу Тарамован доттагI Оьрсийчуьра дIаяхна


Тарамова Хьалимат а, Манылова Анна а
Тарамова Хьалимат а, Манылова Анна а

Нохчийн полисхоша гIо а деш, ХIинжа-ГIаларчу шелтерера дас цIа йигиначу Тарамова Хьалиматан доттагIчо Манылова Аннас дIакхайкхийна, ша Оьрсийчуьра дIаяха декхаре йира, муьлш бу цахуучу наха кхерамаш тийсарна аьлла.

Маныловас чIагIдо, шаьш Тарамован гергара ду боху нах шена кхерамаш тийса буьйлабеллера бохуш. Европе дехьаяьлла иза, цо бахарехь, Оьрсийчу юхаян цкъачунна дагахь яц.

Кху деношкахь Тарамова Хьалимата видео дIаязйира, шех лаьцна совнах къамелаш ма даржаде, ша а, шен нах а битахьара паргIат аьлла.

Бакъоларъярхо Анохина Светлана тешна ю, Тарамовас и видео шен лаамехь дIаязйина яц аьлла.

  • Кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь ницкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Иза ядош гIодина меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
  • Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.
  • Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Тарамова гайтира меттигерчу "Грозный" телеканалехь. 35 минотехь яьккхина лерина репортаж гайтира телехьожийло, Нохчийчуьра йоI "лачкъо гIортарх". Видео тIехь цо элира, шен гIуллакхаш дика а ду, цхьаммо а еш гIело а яц шена, "дага ца догIу" шена ша шелтере муха кхаьчна а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG