ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь шолгIа ю Оьрсийчохь хьалхарчу дийнахь кхажтасарехь дакъалацарца


Нохчийчоь

Нохчийчоь, хуьлуш ма хиллара, жигара дакъалоцуш ду Оьрсийчуьйрчу харжамашкахь хенал хьалха кхажтасарехь. Гезгмашин-беттан 17-хь республикехь кхаж тесна 300 сов эзар я 39,46% харжамхоша, яздо Кавказ.Реалиино республикан харжамийн комиссина тIе а тевжаш.

Ерриг Оьрсийчоь Гезгмашин-беттан 17-хь кхаж тесначу харжамхойн терахь ду - 16,85%.

Нохчийчоьнан статистика шолгIа ю Оьрсийчохь. Хаьлхарчу меттехь ю Оьрсийчоьнан тIеман министр, "Единая Россия" партин тептарна лидер волу Шойгу Сргей схьаваьлла Тыва. Цигахь хIинцале а кхаж тесна 40% сов меттигерчу бахархоша.

Нохчийчохь гуш-хезаш кхатасарехь дакъалецира шен доьзалца веанчу республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, муфтийс Межиев Салахьа а, харжамийн комиссин гIантдас Байханов Iумара а, кхиболчу республкерчу Iедалехь лаккхарчу даржашкахь болчу наха а.

Нохчийчохь харжамаш дIабоьлхуш бу тIехьожуш бозуш боцу тергамхой а боцуш. "Голос" (арахьарчу агенташна юкъатоьхна ю иза Оьрсийчохь) тобано бинчу хаамца, Гезгмашин-беттан 17-чу сарахь Нохчийчуьра цхьа а латкъам ца кхаьчнера цаьрга харцонаш лелийна хиларх лаьцна. Дустуш аьлча, Ставрополан махкара 13 латкъам бинера, Дагестанера – 6, ГIалгIачуьра – 12.

  • Нохчийчохь хоржуш ву республикан куьйгалхо а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан а, республикан парламентан а, Соьлжа-ГIалин думан а, ткъа иштта шина гIалан а, 14 муниципалан кIоштан а, 174 эвлан депутаташ.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG