ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь юха а лецна Закаев Ахьмадан гергарнаш


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

КIиранан дийнахь Нохчийчохь юха а лецна, дIабигнера Лондонехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергара нах. Цуьнан ваша а, йижарий а, вешин а, йижарийн а дерриг бераш а, церан бераш а, ткъа иштта шичой а, маьхчой а дIабигнера Соьлжа-ГIала евзаш йоцучу тIеман структурин территорина тIе. Кавказ Реалиино Хьалха-МартантIерчу шен хьастана тIе а тевжаш дийцарехь, лецначу нахана юкъахь хилла кхаизхо а.

РогIера дIалацарехь Закаевн гергарчьрга видеокхайкхамаш ца байтина, телефонаш а теллина, болх беш йолу миттигаш билгал а яхийтина. Масех сахьтехь талламаш бинчул тIаьхьа, лецнарш дIахецна кIиранан сарахь.

  • Хьалхо хаам бинера, муьлш бу ца хуучу герзаца хиллачу наха Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна дIабигарх лаьцна. Царна юкъахь вара Закаевн ши ваша – Бувади а, Iела а, цаьршина хIусамнаной а, ткъа иштта йиша Зеза а. Суьйранна уьш дIахийцира, Закаевн цIарах критикан видеокхайкхам а язбайтина.
  • Нохчийчоьнан парламентан спикерца Даудов Мохьмадца цхьаьна йинчу эфирехь, Кадыровс кхерам тесира, "ша сийна цIе тесна вагор" ву аьлла.
  • Закаев Ахьмадан вевзаш волу нохчийн политик карарчу хенахь Британехь вехаш ву.
  • ДIадахначу кIиранах Кадыровс кхайкхам бира Закаевга, хьайн цхьа кIант Нохчийчу хьажаве, "ша шен эккхийтар а дина, гIазотехь валийта" аьлла. Кадыровна хетарехь, иштта "гайта езаш ю къонахалла" цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG