ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

30 шо кхечи нохчаша хьалхара президент Дудаев ЖовхIар хаьржина


Нохчийн хьалхара президент Дудаев ЖовхIар
Нохчийн хьалхара президент Дудаев ЖовхIар

Тахана, ГIадужу-беттан 27-чохь 30 шо кхечи, Нохчийчохь дIабаьхьначу харжамашкахь Дудаев ЖовхIара толам баьккхина. Нурадиловн цIарахчу нохчийн театрехь дIаяьхьира хьалхарчу президентан инаугураци. Харжамашкахь дакъалецира хIетахь 458 144 харжамхочо. Официалехула бинчу хаамца, Дудаевгахьа кхаьжнаш тесира оцу дийнахь 412 671 вахархочо.

Харжамашкахь хилира цхьа могIа пачхьалкхашкара тергамчаш (Гуьржийчоь, Латви, Эстони), ишта Iедалшца йозуш йоцчу организацийн векалш а. Цара цхьабоса дIахьедира, харжамашкахь къепе йохийна яц аьлла.

Дудаев ЖовхIар воцург а, кхин а 12 кандилат вара президентан харжамашкахь дакъалоцуш.

Лахьан-беттан 1-чу дийнахь шен дуьххьара омра арахийцира Дудаевс, Нохчийчоьнан суверенитет дIакхайкхош. Цуьнца а догIуш, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан Федерацин (РСФСР) а, Советан пачхьалкхан а куьйгакIелара елира.

1996-чу шеран Охан-беттан 21-чохь тIеман кеманан ракеташ тоьхна, нохчийн хьалхара президент хилла Дудаев ЖовхIар вийра. Политикан диалог юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIерташ яра цу деношкахь Оьрсийчоь.

Нохчийчоьнан президент Дудаев Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш велахь а, цуьнан сий до дуккха а пачхьалкхашкахь. Хьалхара дагалацаман у гучуделира Эстонерчу Тартухь 1997-чу шарахь Товбеца-беттан 20-чу дийнахь, «Барклай» олучу хьешан хIусаман пена тIехь. Полтавехь Никитченко урамехь йолчу цхьана хIусаман тIехь схьадиллира Дудаевна хьажийна шолгIа у.

Боснехь а, Герцеговинехь а Горажде олучу гIалахь бу Дудаев Джохаран цIарх урамаш.

Латвин коьртачу гIалахь Ригехь ю цуьнан цIарх аллей (I996). Литвахь, Вилнюсехь ю Дудаевн цIарах сквер.

Польшин Варшавехь майда ю Дудаев Джохаран цIе лелош (2005).

Украинехь Ивано-Франковскехь а, Львовх а бу Дудаевн урамаш.

Львовхь болчу ураман нохчийн президентан цIе тиллина I966-чу шарахь.

Ткъа Вилнюсехь хIоттийнчу дагалецаман тIулга тIехь яздина ду хIара дешнаш: "ХIай кIант! Нагахь, тIедогIучу бIешаре а ваьлла, лекхачу Кавказе а кхаьчна, хьо гонаха дIасахьаьжча, диц ма делахь, къам а гIаттийна, лараме маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь а арабевлла къонахий хилла хилар" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG