ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америко 10 млн доллар кхайкхийна DarkSide тобан лидерех лаьцна хаамбинчунна


Гайтаман сурт

Американ Пачхьалкхан департамента мах балар кхайкхийна 10 миллион доллар барамехь, Американ Федералан талламан сервисо (FBI,ФБР) Оьрсийчоьнца юзучу DarkSide хIакерийн тобанан муьлхха а лидер мила ву къасто аьтто луш болу хаам бинчунна. Цул сов 5 миллион доллар гергга кхайкхийна, муьлхха а муьлххачу а пачхьалкхехь оцу трбан декъашхо лаца аьтто беш информаци еллачунна.

Кхушара Стигалкъекъа-баттахь DarkSide тобанан хIакерш тIелатар дира Американ биргIанаш тосу Colonial Pipeline компанина. Цхьана кIиранна шен биргIанийн машанан болх а сацийна, хIакершна биткоинашкахь 4,4 миллион доллар дала дийзира оцу компанин.

Товбеца-баттахь (июль) Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедало мах балар кхайкхийра 10 миллион доллар гергга барамехь, кхечу пачхьалкхаша де а аьлла, америкахойн объекташна тIелетарш дина киберзуламхой болу меттиг каро гIо динчунна.

Масех ладаме кибертIелатар динчул тIаьхьа, шайна юкъахь Colonial Pipeline биргIа болх бечуьра сацийнарг а долуш, Цхьаьнатоьхначу Штатийн официалан Iедалхоша жоьпалла тIедожийра Оьрсийчоьнан территори тIера зуламаш дечу хIакерийн тобанашна. Америка-Оьрсийчоьна саммитехь Мангал-баттахь Джо Байдена кхайкхам бира Путин Владимире, цара дийриг сацо гIулчаш яхахьара аьлла. Делахь а, Оьрсийчуьра дечу хIакерийн тIелатарийн терахь лахлуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG