ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шен гергарнаш лецарх Путине хаттар дар доьху блогеро


Блогер Абдурахманов Тумсо

ХIора шарахь а санна, тахана йоьдучу Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-конференцехь шен гергара нах Нохчийчохь дIалецарх лаций хаттар дар доьху нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Де хьалха дIахьедира цо, Нохчийчохь бехачу шен гергарчех кхоъ дIавигарх телеграм-каналехь

Дийцарехь, лачкъийна йигина цуьнан шича Абдурахманова Тахмина а, шичин кIант Абдурахманов Дени а, шича Цукаев Мохьмад а.

"Журналисташ, хаттийша Путине бехк-гунахь доцуш дIабигина, Нохчийчохь йийсаре лецна, карарчу хенахь гIело латтош болчу тхан гергарчех лаций. ХIокху шен пресс-конференцехь Путина дукха дуьйцур ма ду, ша гарант лаьттачу низамах а, адаман бакъонех а лаьцна", - тIетоьхна Абдурахмановс.

ТIаьхьо блогере анониман хаам кхаьчна, цуьнан шича хьийзор ю шаьш, нагахь санана, Абдурахмановс Кадыровга гечдар а дехна, тIейогIучу заманчохь критика ечуьра иза ца сацахь аьлла.

Талламхочун Грозев Христон аьтто баьлла хаа, блогере хаам баийтина телефон 28 шо долчу, Кадыров Рамзанна муьтIахь долчу СОБР спецназан эпсаран цIартIехь хиларх.

  • Хьалхо яздора Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос хаамбарх. Цо дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
  • Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила а видео дIаязйина, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.
  • Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедо, шайн куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш Нохчийчохь лечкъийна хиларх. "Вайфондан" информацица, Нохчийчохь лецна Садулаевн уллора гергарнаш: Хасанов Хьасан, Хасанов Хьусейн, Хасиев ИбрахIим.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG