ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь тIелатаран кхерам а лаьтташ, Украине веъна Американ Пачхьалкхан секретарь Блинкен Энтони


Украине веъна Американ Пачхьалкхан секретарь Блинкен Энтони, Дечкен-беттан 19-гIа, 2022 шо
Украине веъна Американ Пачхьалкхан секретарь Блинкен Энтони, Дечкен-беттан 19-гIа, 2022 шо

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан серкретарь Блинкен Энтони кхаьчна Украине, президентца Зеленский Владимирца дийцарш дIадахьа, Оьрсийчоь оцу шен луларчу пачхьалкхана тIамца тIелата кечлуш хиларан кхерам лаьтташ а болуш. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан сайта тIехь дIахьедина ма хиллара, Блинкен Украине вар доьзна ду Америко къахьегарца, Оьрсийчоь кхето гIерташ конфликт марсаяккхаран метта дипломатийн некъ лахар гIоле хиларх.

Украинин куьйгалхошца хилла ца Iаш Блинкен Киевехь цхьаьнакхетар ву Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалаллин белхахошца, цо дуьйцур царна, нагахь хьал кхин а чолхе далахь,Вашингтона йохург йолчу гIулчех лаьцна.

Киевере дIа пачхьалкхан секретарь ваха дагахь ву Берлине, Германин арахьарчу гIуллакхийн министраца Бербок Анналеница цхьаьна а кхетта, дийцаре дан Оьрсийчоьнца тIаьххьара шайн хиллачу контактех а, Украинина дуьхьал ОЬрсийчоьнан агресси сацор Iалашонца дийр долчух а лаьцна.

Цул сов, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментерчу лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочо журналисташца хиллачу брифингехь дIахьедина, Оьрсийчоьнан эскарш, Iамораш дIадахьа аьлла, Беларусехь дIатардаро, аьтто бан мега Оьрсийчоьнан оцу пачхьалкхехула Украинина тIелата.

"Сингаттам баьккхина Оьрсийчоьнан эскарш Беларуси агIор доьлхуш хиларх лаьцначу хаамо, даима а хуьлу тIеман Iамораш дIадахьа доьлхуш уьш долуш санна. Оцунна хан харжар шена тIе тидам бохуьйтуш ду, цундела сингаттам боккхуш а ду, Оьрсийчоьно эскарш Беларусехь дIатардеш хила мега, цхьана тIеман Iамораш дIахьуш ду аьлла кеп а хIоттийна, Украинина къилбаседехьахула тIелата мегаш хилар", - элира Iедалхочо, цуьнан цIе йоккхуш яц.

Цо дийцарехь, Украинин дозанашкахула дуккха а эскархой дIатарбина Оьрсийчоьно, тIеман Iаморашна оьшучулла а алсам.

"Вай муьрехь ду, Оьрсийчоь мичча хенахь Укринина атака ян йолаяла мегачу", - дIахьедина Пачхьалкхан департаментан лаккхарчу даржерчу Iедалхочо, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ "кхечу чакхенна кечлуш ю", нагахь Москвано Украинина дуьхьал керла тIеман аресси ян сацам бахь, аьлла тIе а тухуш.

"Дипломати елла яц", – элира цо, "Американ агIонна хета, дипломати бен кхин кеп яц и конфликт дIаерзо" аьлла, тIе а тухуш.

Дечкен-беттан 18-хь Блинкена телефонехула дийцарш дIадаьхьира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраца Лавров Сергейца. Пачхьалкхан департаментан зорбан-сервисо бинчу хаамца, пачхьалкхан секретара билгалдаьккхира мехала хилар дипломатин некъ дIабахьар, вуно синтем байина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъ Укринехь а, цуьнан дозанашца а тIегулбар бахьана долуш хIоьттина гIоьртина хьал даста, аьлла.

Бинчу хаамехь дуьцуш ма хиллара, Блинкена иштта тIечIагIдира Америка шеко йоцуш лаьтташ хилар Украинин суверенитет а, территорин цхьаалла а хила еза бохучунна тIехь.

Лавровн Блинкенца хиллачу къамелах лаьцна Оьрсийчоьнан МИД-о бинчу хаамехь акцент тIеяхийтина Оьрсийчоьно тIедожош йоьхучу "кхерамазаллин гарантешна", дIадахначу кIиранах хиллачу дийцаршкахь йийцаре йинчу. Москвано боху, шена кехата тIехь яздина жоп дала деза царна дуьхьал.

Цул сов, Оьрсийчоьнан МИД-ан хаамехь аьлла ду: "Министро кхайкхам бира Пачхьалкхан секретаре кечйеш йолуш санна юьйцучу "Оьрсийчоьнан агрессех" лаьцна спекуляцеш ца яржоре, амма Киеве кхочуш байта буьззинчу барамехь Минскера барт".

100 эзар гергга Оьрсийчоьнан бIаьхо Украинан малхбалерчу дозане тIеозоро кхерам тесна, Москва дагахь хила мега аьлла, шен лулачочуьнца тIом бан. Москвано чIагIдо, ша Украинина тIелатар кечдеш яц, оццу хенахь реза а ца хуьлу иза украинахойн дозанца долчу эскарийн терахь лахдан.

Нагахь Оьрсийчоьнехьа болу ницкъаш Украиниан тIелата гIортахь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена дош делла Путин Владимирна, и тIелатар "цуьнан экономикана хIаллакъяран тIаьхьалоне" доьрзур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG