2000-чу шеран чиллан-беттан 5-чохь Соьлжа-ГIали йистера Керла БухIан-Йуьртахь федералан Iедалша "паспорташ толлуш ду" а бохуш, "зачисткаш" дIайаьхьира. Официалан хьостанаша олура цунах "тӀемалойх нах паргIатбоху леррина операци". Цхьана дийнахь ОМОН-ан дакъоша лаххара а 56 маьрша вахархо вийра: царна тоьпаш йиттира, уьш багийра, лелхийтира. 25 шо ду оцу зуламашна тIехула цхьа а жоьпе ца озийна, ткъа Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша бан ма-безза таллам ца бина хIинца а.
Нохчийчохь шолгӀа тӀом болалуш Керла БухIан-Йуьртахь вехаш вара 10 эзар гергга стаг. 1999 шеран гезгамашин-баттера чиллан-батте кхаччалц йуьрта тIе герзаш диттира, кеманаша тохарш дира, инфраструктура йохийра. "Оцу массо а беттанашкахь лармаш чохь хан йаьккхира оха, - дагалоьцу бахархоша. - Дийнахь а, буса а кеманаша бомбанаш йеттара гӀалина. Хи лоьхуш шовдане дахча, бомбанех а, хIоьънех а ка йаьллачохь лечкъара тхо. Цул тӀаьхьа ара а довлий, йуха а хи текхадора".
Талламаш бина бац, бехкечарна дина таIзар а дац
Бахархой йуьртара дӀабахара, гуманитаран коридорашкахула ГӀалгӀайчу дIаоьхура уьш, царна а тIе йеттара. Амма хIетте а, 2000-чу шеран чиллан-бутт болалуш ши эзар гергга стаг висира кхузахь. Беттанашкахь тIуьначу лармаш чохь лечкъаш Iара нах, и бахьана долуш дуккха а нахана лен цамгарш кхетара. "Мемориал" бакъонашларъяран центро хIоттийначу лерринчу рапортехь далийна цхьана лор-йишин тоьшаллаш, цо бахарехь цхьаберш леш бара пневмонех. "Зачисткаш" дIайахьале ши бутт хьалха Керла БухIан-Йуьртара кешнашкахь гучуделира 75 керла каш.
Чиллан-беттан 4-чу дийнахь юьрта чубаьхкира федералан эскархой, цкъа хьалха паспорташка хьовса. Бахархоша дийцарехь, салтий цкъа аьлла ца Iара: кхана цхьа саьхьара нах чубогIур бу, цара шуна тIе жIаьлеш хоьцур ду.
"[ШолгӀачу дийнахь] цӀенош даго доладелла, нах орца доьхуш мохь бетта буьйлабелча, тхо кхийтира, цара дийцина "жӀаьлеш" Керла БухIана-Йуьрта чудаьхкинийла. Цара, кехаташ а ца хоьттуш, нах бойура, багабора", - аьлла дийцинера хIетахь дийна йисинчу Исмаилова Маринас, цуьнан дешнаш ду далийна бакъонашларъярхоша хIоттийначу рапортехь а.
ОМОН-н ши тоба чуйеара Керла БухIан-Йуьрта чидлан-беттан 5-чохь дийнахь 11 сахьт долуш. ТIаьхьо бакъонашларйархоша тIечIагIдира, Къилбаседа Кавказана тIеман гонийн прокуратурин кехаташна тIетевжина, Санкт-Петербургера а, Рязанера а дакъоша дIайаьхьнера "леррина операци" аьлла.
Цхьана тобано къилбаседехьара, вукхо къилбера "цӀанйира" йурт. Human Rights Watch организацино а, "Мемориало" а гулдинчу бахархойн тоьшаллашца, салтийн лелар къаьсташ дара: къилбаседерчу тобано цӀенош дагадора, адамашна герзаш диттира, ткъа къилберчу тобано къоланаш дора меттигерчу бахархошна а, церан хӀусамашкахь а.
И де чекхдалале Керла БухIан-Йуьртахь 114 стаг карош вацара, шайна йукъахь байинарш а, лецнарш а, тӀепаза байинарш а болуш. Оцу терахьах цхьа дакъа, Арсамурзаев Муса а, Абу-Бакар а санна, лармаш чохь лечкъаш хиллера. Мусана ган а гуш, тоьпаш туьйхира цуьнан вежаршна. Салташа герз тохале, царех цхьаммо Абу-Бакар Мусанна тӀе теттира, ший а охьа а вожош. Хетарехь, и бахьана долуш дийна бисина хир бара уьш - ларми чувоьдучу меттехь охьаэгнера уьш, герз деттачу йукъанна аьтто баьллера церан текхаш дехьабовла. Цул тӀаьхьа цӀе теснера церан цӀийнах.
Исс шо долчу Лайлаан бIаьргашна а гуш, цуьнан нанна Кайпина а, церан лулахочунна Сугаипов Авалуна а, муьлш бу къастанза дисинчу кхин шина стагана а герз диттинера. 71 шо долчу Ахмадова РакаIат цкъа хьалха урамехь лазийна хиллера, цул тӀаьхьа, ша ма йехьара бохуш, дехарш динехь а, тIе герз тоьхна йийнера иза.
Геригашца вовшахваьккхира иза
70 шо долу Кузнецова Елена йийра ларми чу кхоьссиначу гранатан геригаша. Елена, лулахоша дийцарехь, цомгуш йара, бомбанаш йеттар лахделча а ур-атталла ара ца йолура иза лармичуьра. "Зачисткаш" йечу дийнахь цуьнан ларми чохь лечкъана Iаш хиллера 70 шо долу Кхокха а, цуьнан йоӀ Нуржан а. Салташа массаьрга а арадовла аьлла омра динера, амма Кузнецован ницкъ ца кхаьчнера гIатта. Цул тӀаьхьа цара ларми чу граната кхоьссинера. Цу кертахь оццу минотехь герзаш диттинера Яхъяев Ханпашина а, Хасбулатов Мусанна а.
ХӀетахь 60 шо долчу Мусаев Юсупа дийцира "Мемориалан" бакъонашларъярхошка шен вежарий а, вешин бераш а, лулахой а баларх лаьцна: "Декъий керташка кхехьа тхо дуьйладелча, салташа сонера тIейетта йолийра… Суьйранна сан шича веара, цо элира, кхин а исс дакъа карийна шена".
Мазаев Маташан йуккъерчу урамерчу хӀусамашкахь герзаш диттира Ахмедов Ӏисанна а, Темиров Султанна а, Умхаев Ризванна а. Къаьсттина къизалла гайтира Темировца: цуьнан корта баьккхина хиллера, хетарехь, йоккха топ тоьхна, цул тӀаьхьа автомат йиттина букъадаьIакх ма йу вовшахваьккхинера иза. Лулахошна байинчу нехан декъий чиллан-беттан 6-чу сарахь бен ца карийнера.
Шен цIенна хьалхха вийна хиллера 72 шо долу Гайтаев Мохьмад а. "ЗаьIапхо вара иза, жимчохь некъан бохамехь лазийна. Мара а бацара цуьнан, леррина лелош бIаьргех духку куьзганаш дара цуьнан. Iуьллуш вара иза, коьртах а, некхах а герз тоьхнера цунна, ткъа цуьнан куьзганаш кевна тIе оьхкина дара", - дийцина лор-йишас Чадаева Асета.
Оццу урамехь карийра 73 шо долу Хайдаев Гула а. Кевнехь Ӏуьллуш вара иза, дӀакховдийначу куьйга паспорт а долуш. Чевнаша гойтура, иза гергарчу меттигехь герз тоьхна вийна хилар. "Эскархоша хьийзош волчу Темиров Султанан мохь хезна, араиккхинчух тера дара Хайдаев Гула. Оцу минотехь цунна а герз тоьхнера", - билгалдоккху бакъонашларъярхойн рапортехь.
Оьрсийн эскархоша шайн цӀийнан ларми чу вигинера Идигов Лом-Ӏели а, Муса а, тIаккха цу чу граната кхоьссина хиллера. "Сан вашас шеца дӀахьулйина хир йара и граната, хӀунда аьлча, вовшаххваьккхина вара верриг а. Со кхетамчуьра ваьллера. Буьйсанна меттавеача, ларми чуьра аравелира со", - дагалоьцу дийна висиначу Мусас.
Шайн хӀусамехь вагийра 60 шо долу Магомадов Салман а, 53 шо долу Ӏабдул а. Тешо Исмаилова Маринас дийцарехь, масех де даьлча бен ца карийнера церан дакъа. Полиэтиленан тӀоьрмиг чу таррйеллера церан декъех йисина чалхаш. Изза динера эскархоша Ахтаев Лемина а, Ахматов Ӏисанна а.
Вийначун Хаджимурадов Ӏалвин кӀанта дийцира, Оьрсийчоьнан эскархоша Азуев Ӏайндин дашо цергаш йаьхнера аьлла. Иза тӀечӀагӀдина лор-йишас Чадаева Асета а, дакъа гинчу йуьртарчу кхечу бахархоша а. ТӀаьхьо дийна бисинчу наха йинчу видео тӀехь гуш дара, веллачун бага йатIийна хилар.
ТӀаьхьо цу видеох тоьшалла хилира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелана, ткъа иза тӀечӀагӀдарехь дакъалоцуш йара "Мемориал" а. И бохам хилла итт шо кхочучу хенахь рапорт хIоттийначу бакъоларйархойх цхьаммо, Байсаев Iусамас билгалдаьккхира, Керла БухIан-Йуьртахь динчу зуламан "къаьсташ башхалла" хилар – маьрша нах байъина стен-борша а ца къестош, церан хене ца хьоьжуш, къоман билгало а ца хоьржуш.
Оьрсийчоьно теллина дац
Чиллан-беттан 5-чу дийнахь Керла БухIан-Йуьртахь "зачистка" дӀайаьхьна ца Iаш, оцу эвлана гонахула а цхьана йинера. Цхьаъ ах километр генахь, Окружная олучу кӀоштахь вийнера ЭстамировгӀеран доьзалера лаххара а виъ стаг, шайлахь шо кхаьчна бер а, исс буут кхочуш доьзалхочух йолу зуда а йолуш. Байъинчу массарна а герзашца чевнаш йина хиллера, цхьа дакъа ах даьгна а дара.
Зазадокху-баттахь Къилбаседа Кавказан тӀеман гонан тӀеман прокуратурано сацам бира, Соьлжа-гӀалин йистехь адамаш дайарна бехктакхаман гӀуллакх схьаделла дуьхьало йеш. Документ тӀехь чIагIдина дара, Оьрсийчоьнан Федерацин тӀеман министраллан а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а эскарша билгалдаьхначу деношкахь "тӀеман операцеш йина йац, паспорташ толлуш а ца хилла" аьлла. И бохург дара, дина зулам дац. Оцу йукъанна цу резолюцехь къобалдинера, "зачисткаш" Петербургера а, Рязанан кӀоштара а ОМОН-ан белхахоша дӀайаьхьна хилар, ткъа уьш "тӀеман прокуратурин Ӏуналлехь" бацара аьлла.
Кхерамзаллин структураша кхин дӀа а деллачу жоьпех гучудолу, Оьрсийчоьнан Ӏедалша харц ца дар, и операци Керла БухIан-Йуьртахь а, Соьлжа-ГIалин кхечу кӀошташкахь а дӀайаьхьна хилар, амма маьршачу бахархошна йукъахь зуламаш лелийна хилар къобал ца до.
Пачхьалкхо дуьхьало йешшехь, дийна бисинчу нехан аьтто баьллера дIадоьхкина хилла декъий схьадаха, иза бусулба динехь магош дацахь а. Прокуратуро масийттазза тӀедуьллура царна и процедура йита, амма охан-баттахь эксгумаци йира мухха а делахь а – патологоанатомаша дакъа а ца лоцуш, латкъамхоша билгал ма-даккхара. Байъинчу ЭстамировгӀаьрца цхьаьна хьаладаьккхинера Керла БухIан-Йуьртахь байъинчу кхин а 30 стеган декъий а.
Хаамаш шортта бу, тешаш а бу, уьш дийца кийча а бу
Таллам дӀабахьарх дийцича, аьлча а, иза бина цахиларх лаьцна дуьйцуш, йуьхьанца дуьйна хила тарлуш долу тоьшаллаш гулдан аьтто ца баьлла байинчийн гергарнаш бахьана долуш бен, билгалдоккху "Мемориалан" спецрапорт хIотточарна йукъахь хиллачу Черкасов Александра. Цо бахарехь, тахана а и гӀуллакх, 25 шо хьалха хиллачу меттехь лаьтташ ду.
"Жимма а гIуллакх хьалхататтадалар –цхьана а структурин гIоьнца дацара, цхьаццаболу талламхой бахьана долуш дара" - боху къамелдечо.
Цу талламхойх цхьаъ вара нохчийн прокуратуран белхахо. Ша Петарбургехь командировкехь волуш хӀоттийнера цо ОМОН-полкан хиллачу боллу эскархойн фототаблица. Иза тешашна дIагайтархьама а, Керлачу БухIан-Йуьртахь зуламаш динарш гучубаха а. И бахьана долуш, оцу таблицех пайда а оьцуш, вевзинера цхьа эскархо. Амма бакъ ду, цунна гонах таллам ца болийра, ца долийна кхиндолу процессуалан гӀуллакхаш а санна.
"Кхин дIа гIуллакх Страсбурган агIор хьажийра. Оьрсийоьно и зулам теллина дац", - дерзийра Черкасовс.
ГӀуллакх масийттаза сацийра, масийттаза йуха а долийра. Дукхах долу протоколаш 2003-чу шеран аьхка бен ца хӀиттийра, хетарехь, Европан кхело динчу дехарна жоп луш.
2000-чу шеран марсхьокху-баттахь, чиллан-беттан 5-чу дийнахь байинчех цхьаннан кӀанта Эстамиров Руслана, шен ненаца а, вешин кӀантаца а цхьаьна латкъам бира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Оьрсийчоьнан Федерацехь жоп доцуш бисира цара низамашлардаран органашка а, кхелашка а бина дуккха а кхайкхамаш. Кхин цхьа иск чуйелира "Мусаев а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьллачу гӀуллакхехула. 2006-чу а, 2007-чу а шерашкахь Страсбургерчу кхело Оьрсийчоьнан Ӏедалш низамаш дохорна бехке хилар тӀечӀагӀдира, цу кепара сацамаш кхин тӀаьхьо а бира.
Амма ЕСПЧ-н сацамаша тӀеӀаткъам ца бира пачхьалкхан чоьхьа талламаш дӀабахьарна. 2022-чу шарахь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело Керла БухIан-Йуьртахь дуккха а нах байъарна бехктакхаман гӀуллакх долон дуьхьало йинехь а, хӀетахь дуьйна цуьнан кхиамех лаьцна цхьа а информаци ца хилла. Бахьана - Ӏедалш саготта цахилар ду, бохуш дуьйцу Human Rights Watch’s Европехь а, Йуккъерчу Азехь а долчу декъан директоран гӀовсо Локшина Таняс.
"Хаамаш Iаламат дукха бу, тешаш а бу, уьш дийца кийча а бу", - билгалдоккху къамелхочо. Цо бохура, Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелош йолу кепаш хӀинца Украинехь лелочух къаьсташ йац.
Керла БухIан-Йуьртахь дина зулам, - шакъаьстина йа цхьа башха эпизод йац, амма 1995-чу шарахь СемаьIашкахь дуккха а адамаш дайар теллина цахиларан тӀаьхье йу, бохура Черкасовс.
"Цхьа а бина таллам бац, бехкенаш бац, дина таӀзар дац. И бохург ду, кхиндIа а и саннарг лелон мегар ду. Буча (2022-чу шарахь оьрсийн эскархоша оцу Украинин гӀалин бахархой байъар ду дуьйцург. – Редакцин билгалдаккхар) цхьана барамехь аьлча, Керла БухIан-Йурт йу а, СемаьIашка а йу. Зуламна таIзар ца даро керла зуламаш дойту, и зIе хадон йезаш йу",- аьлла, дерзийра бакъонашларйархочо шен къамел.
- Украинехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа, дуккхаъчу говзанчаша а, тергамчаша а дуьстира оцу тӀелатарна а, Нохчийчохь хиллачу шина тӀамна а йукъахь дерг. Локшина Таня тешна йу, Кавказан республике эскарш хьовсийна ца хиллехь, керла тӀелатар дан аьтто хир бацара бохучух. Тхан редакцина йеллачу интервьюхь цо дийцира Украинехь тӀом болабалале а, цул тӀаьхьа а Нохчийчохь адамийн бакъонашца доьзначу хьолах а, Кадыров Рамзанан культах а, ур-атталла Оьрсийчоь Европан Кхеташонера арайаьлча а Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацамаш мехала хиларх а лаьцна.
- Бакъонашларъярхочо, герзаца тӀом болчу зонехь юридикан проекташкахь а, аренан миссешкахь а дакъалаьцначу Дмитриевский Станислава дийцира Кавказ.Реалии сайте, муха болх бира Оьрсийчоьнан-Нохчийн доттагӀаллин йукъаралло Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдуш. Ишта цо дийцира, республикехь кхоьллина модель президентана Путин Владимирна "эвсара" хIунда йу а.
- 2009-чу шеран товбеца-беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь лачкъийна дIайигина, йийра нохчийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья. Иза йейтина нах хIица а цкъачунна карийна бац. Эстемирован доттагӀаша а, белхан накъосташа а дагалоьцу цуьнан дахар а, кхолларалла а.