ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахчанах гулбина зуламхой". Северодонецкерчу маьждиган имама – кадыровхойх лаьцна


Украинхойн бусулбанаш Донецкан кIоштан Константиновка-эвлахь, 2022-чу шеран мангал-беттан 9-хь

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана украинхойн зорбанаш бехкейина нохчийн эскархоша Северодонецкера маьждиг дохорах лаьцна "фейк" яржорна. Яьгначу динан центрах лаьцна хаам цул хьалха баржийра Северодонецкан бусулбачу нехан юкъараллин имама Беризде Тимура.

"Бисмилля" цIе йолу исламан центрана цIерш тийсаран кассеташца леррина тохарш дина, бохуш дийцира Беридзес. Луганскан кIоштан администрацин куьйгалхочо Гайдай Сергейс тIечIагIдира цуьнан дешнаш, цо бохура, маьждигана тохарш деш вийра оцу кертахь хи оьцуш хилла 20 меттигера вахархо.

Украинхойн бусулбачу нехан тIамехьа йолчу ойланех, "делах бевллачу нахаца а, сатанисташца а" къийсам латторца Украинана дуьхьал йолу Оьрсийчоьнан агрессии къобалъярх а, оккупации йинчу латтанаш тIехь кадыровхоша хIун лелийна а дийцира Беридзе Тимура Кавказ.Реалиига.

Северодонецкера динан культуран центр
Северодонецкера динан культуран центр

– Буьззинчу барамехь болийначу тIамна муха реакци йира Украинерчу уммас?

– Украинерчу бусулбачу нехан Динан "Умма" урхаллин муфтиш Исмаилов СаьIид, гIирмхойнтатарийн къомера Рустемов Айдер а, Украинан бусулбачу нехан конгрессера Арифов Сейран а тIеман дуьххьарчу дийнахь дуьйна вуно чIогIа дуьхьал хилира оцу агрессина, цара Оьрсийчоьнан динан хьалханчашка кхайкхам а бира, тIом сацийта шайн аьтто берг де, аьлла. Оцу хенахь аса видеокхайкхам дIабазбира дуьненарчу куьйгалхошка, оьрсийн тайп-тайпанчу динан гIуллакххошна тIе Iаткъам бар доьхуш, царна дуьхьал персоналан санкцеш а йохуш.

Исламехь лелочу джихIадан маьIнехь ду, динан бух тIехь тIом бар, амма Оьрсийчоьнна а, Украинана а юккъехь берг политикан тIом бу

Украинерчу бусулбачу наханна иза политико коча оьллина харц тIом хета. Сийлахьа а, динца а догIуш хIумма а дац цуьнца. Кадыровс ма-аллара, делах бовлар, синмехаллаш талхор а юкъараллера дIадаккха дезахь, иза тешна хиларца ца, ша стага масала гайтарца а деш хуьлу, тIамца ца до.

Исламехь лелочу джихIадан маьIнехь ду, динан бух тIехь тIом бар, амма Оьрсийчоьнна а, Украинана а юккъехь берг политикан тIом бу. Украинхойн бусулбанаш – оцу тIамах уггаре чIогIа зен хилларш бу: 2014-чу шарахь церан шиъ кхоалгIа дакъа тахана оккупацехь йолчу ГIирмехь а, Донбассехь а дехаш дара.

КъурIанехь аьлла ду: "Шайца тIом бечарца тIом бе АллахIан некъа тIехь, амма магийначун дозанаш ма хедаде". Оцу тIамехь цхьана агIоно доза хадийна, тIелетта, шолгIаниг – дуьхьало еш ю.

– Ахь ма-аллара, Кадыровс масийттаза олура цунах "динан" тIом, иштта "ламастехь йолу мехаллаш ларъяр а, сатанизамана духьала къийсам а". Иштта хеташ официалехь цхьамогIа бусулбанаш а бу. Цаьрга хIун эр дара ахь?

– Ламастех дIахедар тайп-тайпанчу барамашкахь массо а пачхьалкахь ду, Оьрсийчохь цхьана. Цара бахьана а ца ло царна тIелата. Юха а боху аса, ламастехь йолу мехаллаш ларъяр кхетамца дан дезаш ду, нах бойъуш дан ца деза.

Халахетахь а, Оьрсийчохь массо а динан хьалханчаш политиках боьзна бу. Царах дукхаберш – КГБ-ра схьабевлла бу, церан хьехамашкахь дукха хуьлу большевикийн, империн идеологи, динан хьехамел а. Ур-атталла ГIурбанан дийнахь а Оьрсийчоьнан лакхарчу муфтис Таджуддин Талгата дезачу дийнан ламазехь и тIом къобал а беш, иза "джихIад" ду элира. Политикаца боьзна болу динан гIуллакххоша нехан синхаам тIехь ловзарш до, уьш харцонан а, Делах бовларан а некъашка а бохуш.

И тIом джихIад ду олучу муфтиша дош ло, тийсдаларшкахь белларш шахIидаш хир бу (исламехь Iазап лайнарш. – Редакцин билг.). Цо ислам дин галдоккху, тIелеттарг цхьанне агIор шахIид хила йиш яц. Исламо тIом бакъбо, дуьхьало еш ялахь, амма хIинца украинхойн бусулбанаш бу дуьхьало еш.

– Йолах тIаме баха кийча берш жигара дIакхойкху Нохчийчу, даккхийра ахчанаш а хьехош. Дукхачу кадыровхоша а олу ахчанна дуьхьа боьлху шаьш тIаме. Исламерчу ламасташца муха догIу иза?

– Иза цхьанадогIуш ца хиларна тIе тидам бахийтал аша. Церан хьалханчаша боху и тIом джихIад ду. Амма эскархой ахчана дуьхьа боьлху цига, шайн алап а оьцуш. ТIаккха мичахь ду цигахь джихIад? Йолах скархой лецарна нисса бIостане ду иза.

Ахчанна дуьхьа нах байъа воьдучунна кхераме барт бу иза, хIунда аьлча, иза вен тарло, тIаккха ахча кхочур дац цунна. Амма ислама бакъо ца ло шеконе болу барт бан, хIунда аьлча, цо кханенгахь стагна зулам кечдо. Шаьш дийна буьссур бу, юхабогIур бу, ахча лур ду, цунах беркате дахар кхуллур ду, боху гарантеш мичахь ю кадыровхойн?

Уьш АллахIан эскархой бац, йа украинхойн бусулбанаш боьхаллех цIанбийраш а, уьш шайна ахча доккхуш болу ма-барра зуламхой бу

Оьрсийчоьно лечкъадо байъинчу нехан бакъдолу терахь, амма Къилбаседа Кавказан бахархошна хаьа уьш мел дукха бу. Амма тIеман агрессии динца бакъяр оьшу царна. Уьш АллахIан эскархой бац, йа украинхойн бусулбанаш боьхаллех цIанбийраш, уьш шайна ахча доккхуш болу ма-барра зуламхой бу

– ТIом боьдучу беттанашкахь хьо а, кхинболу Донбассан бахархой а кадыровхошна тIеIитталора оккупци йинчу латтанаш тIехь. Царах лаьцна хIун эр дара ахь?

– Оьрсийн эскархойх кадыровхой къастош дерг – цкъа а тIеман хьалхенехь а ца хуьлуш, дIалаьцначу латтанаш уьш дIацIандеш хьийзар ду. Хьалхене кхин эскархой хьийсабо, амма оьрсийн къомах берш царлахь дукха бац. Цхьа муьлхха а урам, квартал, эвла схьаяккхича, кадыровхоша и гIаревлла видеош а йохуш, шайн шефе дIакхоьхьуйту.

ШолгIа аьлча – уьш вуно къиза а шога а бу. Кадыровхой чубахначу меттехь массочу хенахь даккхийрачу зуламийн ларш юьссу. Царна тIеIиттабеллачу Северодонецкерчу, Мариуполерчу, Рубежное гIаларчу рогIерчу маьршачу наха боху ишта.

Бусулбачу динехь тIом баран низамаш ду, Мухьаммад пайхамаро магош ца хилла къаной, зударий байъа, иштта, вуно чIогIа оьшуш дацахь, ладаме йолу инфраструктурин объекташ йохор а, хIунда аьлча тIом чекхбера бу, амма уьш маьршачу дахарна оьшур ю. Оьрсийн эскархоша а, церан декъехь болчу кадыровхоша а, "кIелхьараяьхна" гIаланаш гIамаран аренах тарйо.

– Северодонецкерчу динан центрера маьждиг дохорах лаьцна дийцахьа.

– Маьждиг дохийнарг цхьа къаьсттина Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча ву эра дац аса, амма иза хиларан бахьана дара, цигахь кадыровхой хилар. Ала мега, цIе тассар доладелла, леррина цунна тIе цIерш тийсаран снарядашца тохарш дича, хIунда аьлча, цIе масех дийнахь йогура. Маьждиг дерриг даьгна, нисса цхьа метр а дийна ца йиссина.

Оцу гIишлонна чуьра динан центр 2018-чу шарахь дуьйна болх беш яра, Украинехь уггара хаза, жигарчарах цхьаъ яра иза. Маьждиг ши гIат йолуш дара, хьалхарчунна тIехь зал яра 150 стагна лерина, шолгIачу гIат тIехь – ша центр а, библиотека а. ТIаьххьарчу хенахь тхан юкъараллин коьрта гIуллакх дара, хIусам йоцу, хьал эшначу наханна кхача латтор, оха хIора кIирандийнахь массарна кхача латтабора, церан хьоле а, дине а ца хьоьжуш.

ЦIаро эзар сов динан книгаш хIаллак йина, бIе сов тайп-тайпана арахецарш а, КъурIанан гочдарш а

ЦIаро эзар сов динан книгаш хIаллак йина, бIе сов тайп-тайпана арахецарш а, КъурIанан гочдарш а, уьш аса тайп-тайпанчу мехкашкара гулйина яра. Мискачу наханна дIасаекъа кечйина хилла йолу дукха бедарш а яьгна.

– Маьждиг дохорна лерина йолчу постехь Кадыровс хьо аьшпаш биттарна бехкевира.

– Кхаьсттина оьсийн эскархоша маьждигана тохарш дина хиларан масех тоьшалла ду сан. Цул сов, маьждигана тIе леррина хьажийна тоьхна хилар гойту лулара гIишлош дийна йиссина хиларо. Цул сов, гайтамна кадыровхоша арахецна сурт кхечу меттехь даьккхина хила тарло, схьакхаьчна хаамаш талла аьтто бац.

Кадыровхой мухха а бехказабийлахь а, шайн зуламаш къайлдахьа гIертахь а, АллахIана дерриг гуш ду, бекхам а генахь бац. ТIетуху аса, Кадыровн бакъо яц соьх мунафикъ стаг ву ала (шалхонаш лелориг. – Редакцин билг.), со дуьхьало латточу агIонехьа ву, тIаккха иза тIелеттарг ву. Ислам дин а Iамийна, мунафикъ мила ву, бакъ мила ву кхетар гIоле ду цунна а. Имаман санна сан Iалашо – ислам дин гал ца даккхийтар, бахархошна бакъдерг довзийтар, уьш миччахь бехаш балахь а.

Беридзе Тимур
Беридзе Тимур

– Цул сов хьо капеллан болх беш ву. Украина ларъечу бусулбачу нехан-тIемалойн муха хьежамаш бу? Къилбаседа Кавказера бахархой буй царлахь?

– Хазахета, Украинехь политика а, дин а вовшашца ийна ца хилар. ХIокху дерриг шерашкахь оха цхьа дуьхьало йоцуш маьждигаш дуттура, умман дахарехь цхьа а халонаш яцара.

Тхо тешна ду, оха хIинца дийриг джихIад хилар. Кхечу исламан пачхьалкхан динан хьалханчаша а тIечIагIйо и тхан ойла, цара фетваш а йоху (цхьана хаттарехула сацамаш. – ред.). Дуьненарчу бусулбачу нехан юкъаралло къобалйина ю тхан позиции, цара боху, даймохк ларбар – иза динан тIом бу.

Украина ларъечу эскархошлахь дукха нохчий бу. Уьш чIогIа дог тешна бу Кадыровн раж чекхяларе, шайн гергара нах бехачу историн латтанашка юхаберзаре а.

– Хьуна хетарехь, стенца доьзна хир ду хIара тIом берзар?

ТIом чекхбера бу, Путин коьртехь а волуш, Кремлан Iедало шайга кхийдориг хIун ду оьрсийн къоманна кхеттачул тIаьхьа

– Цунах хIун олу хьаьжжина. Иза гIирсан тIом бац, малхбалера Украинан латтанаш Оьрсийчоьно схьадаьхча чекхбера болуш бац иза. Иза чекхбера бу, Путин коьртехь а волуш, Кремлан Iедало шайга кхийдориг хIун ду оьрсийн къоманна кхеттачул тIаьхьа – къелла, церан дахарна а, ойланашна а тIехь шога контроль латтор, царах лайш бар а.

ТIеман тийсдаларш цхьана дозанехь совца мега, амма шеконехь ву со иза гергарчу беттанашкахь хирг хиларх. Амма тIом чекхбера бац, шайн даьхний лечкъош хилар а, шайна аьшпаш буьттуш хилар а оьрсашна ца кхетахь. ТIом соцур бу, оьрсийн 20 миллион бусулбачу наханна шаьш ислам динах вуно генабаьхна хилар кхетча. Цундела оцу маьIнаца тIеман чакхе генахь ю.

***

Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъа лаца йолахой юкъаийзоран керла кепаш кхуллуш ю Нохчийчоьнан урхалло. Кхечу регионашкарчу лаамхошна масех бIе эзар сом кара дIалур ду бехира, ткъа Нохчийчуьра "рекруташ" юкъабалабо иштта лечкъор бу, Iазапаш хьоьгуьйтур ду, бехктакхаман гIуллакхаш долор ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш. ХIинца Соьлжа-ГIалахь нехан дог иркарахIоттон керла кеп кхоьллина – нагахь санна, цара исламан дин тIелоций, царна кхин тIе а 50 эзар соьмана тIера 75 эзаре кхаччалц ахчанаш лур ду бохуш.

ТIом болабелча Москвана тайп-тайпанчу барамашкахь тIетайра исламан цхьайолу пачхьалкхаш. Дукхахйолу бусулба пачхьалкхаша тIом емал а бина, собар даран позиции хаьржира. Исламан пачхьалкхаша оцу тIамна муха реакци йира дехха дийцина Кавказ.Реалиига эксперташа.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG