ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахчанаш ца делла шайна аьлла, латкъамаш бинчу Украинера юхабирзинчу йолахошкара бехкбаьккхина


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Лур ду аьлла ахча а ца делла шайна, лазийначарна дарба а ца до аьлла, латкъамаш бинчу Украинера баьхкинчу лаамхой бу бохучаьрца цхьанакхетта парламентан спикер Даудов Мохьмад. Сюжет гайтина нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телеканало – цу тIехь чIагIдо, новкъабовлале хьалха лур ду аьллачул а сов ахча бIахошна дIаделла хиллера, реза ца хилар хаийтина хиллера цара «ца хаарна» аьлла, яздо Кавказ.Реалиино.

"Лаамхой" бохурш кечбеш, тIаме хьийсош бечу балхана тIехь терго латточу Даудовца цхьанакхетар хилира урхалхойн цхьахйолчу гIишло чохь. Видео йоккхуш хилла СайфуллахI кабинет чохь корта оллийна хиъна Iаш ву, биссина бIахой а бист ца хилира. Хезаш ду Даудовс тIе а чийхаш, ден къамел. Цхьанакхетаран юьххьехь хьаькамо дагадаийтира, юьхьанца дуьйна «лаамхошна» хIиттор ду аьллачу хьелех.

"Цхьаммо а ца дийцина цаьрга контарктех лаьцна – лаамхой санна баьхкина уьш, 300 эзар сом кара дIаделла царна. 28-чохь, аьлча а, 40 де даьллачул тIаьхьа, уьш юхабаьхкина, шина баттана аьлла, бахнашшехь", - боху Даудовс.

Иштта сюжетехь чIагIдо, "массо а агIор таллам бинчул тIаьхьа" олийла ду, "пачхьалкхан органашкара тергамза цхьа а висина вац" аьлла. Юьххьехь дуьйна ахчанца долу хаттар дирзина дара – баккхийчу барамашкахь ахча кхаьчна лаамхошна, лур ду аьллачул а сов, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалло.

Карладоккху, веа "ламмахочо" хьалхо хаамбира, шаьш Мариуполерчу тIамехь Зазадокху-беттан 18-чуьра 28-чу дийне кхаччалц тIемашкахь хиларх. Цара латкъамбира, чевнаш йина хиларх тоьшаллин кехаташ ца ло шайна, йа дарбанан цIийнехь тIе а ца лоцу аьлла. Цхьахволчу бIахочунна, цо бахарехь, заьIапхочун пенси сацийна кхо бутт а бу, видео тIехь "Москвара Коля" ву бохучо дIахьедира, шена лур ду аьлла 100 эзар сом схьа ца даларх а, хьаьнгара схьадеха деза а цахаарх. Кхайкхамбечара доьху "цхьанхьа гулдай, дистхилийта" шаьш.

  • БоьалгIа бутт а бу Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тIом бен. Эскаран терахь дузархьама, пачхьалкхехь къайлах мобилизаци кхайкхийна. Хьалхо хаам барца, Оьрсийчоьнан президентанан Путин Вадимирна хьалха Кадыров Рамзанан декхарш хилар ду, Украинерчу тIамехь дакъалаца Нохчийчуьра денна мел кIезиг а 200 "лаамхо" хьажо везаш хилар.
  • Бакъонашларъярхойн хаамашца, Нохчийчоьнан бахархошна мотиваци ю – йа ахча, йа герз лело аьтто хилар. Оцу юкъанна тIамтIера юхабирзинарш тIаьхь-тIаьхьа латкъамаш бан буьйлабелла, лур ду аьлла ахчанаш ца ло шайна, оьшу тIеман барзакъ доцуш тIама юккъе кхийсинера шаьш, яа-мала а ца латтайора бохуш.
  • Украинерчу тIамехь хиллачу Нохчийчуьрчу эскархочо дийцира Кавказ.Реалиина, катоьхна тIеман декъара дIа а ваьлла, юха а Украине ца хьажавайта, юрист лоьхуш ву ша аьлла.
  • Украинхойн талламо иштта хаамбо, нохчийн дакъошкахь хиллачу саботажах а. Доккхачу декъанна, Шела гIалара 42-чу дивизин гвардин 70-чу полкан бIахой дуьхьал бу Украинерчу тIамехь дакъалаца, шаьш Оьрсийчу юхадигар тIедожийнера цара, ткъа церан куьйгалла салтий шайна дуьхьалбовлар хьулдан гIерта.
  • Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIамтIе хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG