ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахьмад МасIуда тIе ца эцна Панджшер дIайоьхучу талибийн ультиматум


Панджшерерчу дуьхьалонан ницкъийн лидер МасIуд Ахьмад
Панджшерерчу дуьхьалонан ницкъийн лидер МасIуд Ахьмад

"Талибан" боламо (Оьрсийчохь, терроран а лаьрра, бихкина бу иза) дIахьедина, Афганистанан къилбаседа-малхбалерчу Панджшер провинце тIемалой хьажабо шаьш, меттигера Iедалхой реза ца хиларна маьрша Iедал шайга дIадала аьлла.

Панджшеран чIож – тIаьххьара мехкан территори ю, талибаш Iунала деш йоцу. Оцу регионера дукхаха болу бахархой бу къомах таджикаш.

Исламисташ ультиматум кхайкхийна цигарчу дуьхьалонан ницкъийн лидере МасIуд Ахьмаде – хилла волчу вевзаш волчу тIемалойн командиран МасIуд Ахьмад-Шахан кIанте.

Талибаш дIахьедина, МасIудана 4 ахьт ло шаьш, цуьнан агIончашка герз охьадиллийта аьлла. Иза ца дахь, аьлла ду «Талибанан» дIахьедарехь, дуьхьалонан боламан декъашхошна "таIзар дийр долуш ду".

"Аль-Арабия" телекомпанина кIиранан дийнахь интервью луш МасIуда дIахьедира, ша кийча хиларх лаьцна талибашца дийцарш дIадахьа а, маслаIат каро а, дуьхь-дахьал латтар марса ца далийта. Цо кхайкхам бира къоман цхьаъалин шуьйра Iедал кхолла деза, талибаш дакъа а лоцуш аьлла. Амма, нагахь талибаш къамел дан реза ца хилахь, тIом ца хилча ца болуш бу, тIетуьйхира цо.

Reuters агенталлана телефонехула интервью луш МасIуда дIахьедира, талибашца машар баран дийцарш дIадахьа аьтто хиларе сатесна ву ша, амма шен ницкъаш тIаманна кийча бу аьлла.

  • "Талибана" дIахьедира шаьш Iуналла дар дIахьоттийна ерриг Афганистанан территори тIехь аьлла, Марсхьокху-беттан I1-хь. Кабул, тIом а ца беш, дIалаьцначул тIаьхьа талибаш дIахьедира тIом дIабирзина хиларх лаьцна. Боламан лидерша дIахьедира, Исламан эмират Афганистан юхаметтахIотто дагахь ду шаьш аьлла. Президент Гани Ашраф ведира махкара.
  • МасIуд Ахьмада а, хилла волчу вице-президента Салех Амруллас а, дIакхайкхийна Панджшер провинцехь талибашна дуьхьало йийр ю шаьш аьлла. Царах дIакхетта "Талибанца" юкъаметтигаш лело реза йоцу афганхойн армин тобанаш.
  • "Талибана" Iуналла дира Афганистанан дукхах йолчу территорина 1996-чу шарахь дуьйна 2001-шаре кхаччалц. Оцу боламан Iуналлера елира пачхьалкх Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, цуьнан бертахоша а оцу пачхьалкхехь тIеман операци дIаяьхьаначул тIаьхьа. Карарчу хенахь хилла тIеман тIелатар дIадаьхьира талибаша Американ эскарш оцу махкара арадовла кечлуш а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG