ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмад вазвина вуьйцу кху деношкахь


Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан администрацехь куьйгалхо лаьттина Кадыров Ахьмад, 23Тов2000
Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан администрацехь куьйгалхо лаьттина Кадыров Ахьмад, 23Тов2000

ТΙекхочуш ду Соьлж–ГΙалахь 2004-чу шарахь мехкан администрацин куьйгалхо хилла Кадыров Ахьмад вийна Стигалкъекъа-беттан 9-гΙа де. И терахь билгалдаккха кечлуш ду Нохчийчуьра Ιедал.


Сийлахь воккханиг ! Нохчийн къомана кхане елларг, ирсе, маьрша некъ гайтинарг! Халкъан къа-бала шена тIе а лаьцна, хьалхаваьлларг! Цу кепара кеп-чулацам болу, хастаме дешнаш ца кхоош, вийцаре веш ву кху муьрехь Кадыров-воккханиг.

Iедалехь болучара басарш ца кхоош, хаамийн гIирсашкахула кхайкхош ду цуьнан доьналла а, къонахалла а, кIорге йолу хьекъал а, гонахара политикан хьал дукха дика кхета а дина, цо халкъ нийсачу новкъа даккхар а.

«Къоман баьчча. Хьекъале политик. Къам кIелхьарадаьккхинарг. Цу сийлахьчу стеган хьокъехь мел хастаме дош аьлча а кIезиг хир ду. Стенна аьлча, цо къомана диначуьнан мах бан а бац. Цо шен ницкъ мел кхочург дина мохк денбан, маьршачу, кхоллараллечу новкъа баккха». Иштта дIахьедар дина Кадыров-воккхачуьнан хьокъехь Iедалдас Байсултанов Одеса.

Шена иза вовзарна а, ша цуьнца цхьана белхаш барна а воккхавуьйш ву чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а. И бахьанехь Къилбаседа Кавказехь йолчу кIошташлахь, угаре кхерам боцчех цхьаъ лору цо Нохчийчоь. «Кадыров воккханиг бахьнехь, - боху министро, - тIеман алу юкъара гIаьттина Нохчийчоь тахана синтеман да хилла, ирсе кхуьуш ю.

Кху муьрехь нохчийн хаамийн гIирсашкахь Кадыров Ахьмад хестош далочу тоьшаллийн а, деш долчу дIахьедарийн а, уьш доза а доцуш дукха хиларна, чот-хьесап далур дац. Ма-дарра аьлча, массо тIегIан Iедалда къардайна хьийзаш ву цуьнан хьуьнарш а, хаарш а, турпаллалла а, адамалла а йийцаре еш.

Бозуш боцчу тергамхоша билгал а доккхуш, хаамийн гIирсаша схьаоьхьучу хиламаша карладоккху, белха а боьлхуш, Iедалехь болчара а, боцучара а Ленинна а, Сталинна а хастамаш бар а, вилла а, вита а меттиг йоцуш, Брежнев хестор а и кх. дIа а.

Нохчийчохь дуьххьала нислуш хIума дац, цхьа билггал политик Дела санна хестор. Иза исторехь зеделла хIума ду. Иза лаа а дац. Иштта стаг–политик хестош, ирх мел хьо а, и хесточарна, Iедалехь болчарна, атта хуьлу, цунна лиънарг дара хIара, бохуш, шайн аьллар тIе а доккхуш, урхаллехь биса.

Цу кепара ойла-хьажам бу тахана махкахь тергаллучу хьолах дуккха а нехан. Кадыров воккхачуьнан хьокъехь хеттаре вийлар, цо мел, хIун меттиг дIаьлаьцна вайнехан дахарехь бохуш, масала, кхузахь сийлахь гIуллаккха-м муххале а дац, вуно а кхераме ду. Стенна аьлча, тахана цуьнан васт, мискъал–зарратал шеконе дилла йиш йоцуш дукха лакха ирхдаьхьна Iедалехь болучара, иза цхьана устаз-эвлаяан дарже ваккха санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG