ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаш Алеппо баха новкъабевлла Германера бахархой


Шема -- Шеман Iедалан ницкъийн эскархой Алеппохь, ГIура-бутт, 21, 2016
Шема -- Шеман Iедалан ницкъийн эскархой Алеппохь, ГIура-бутт, 21, 2016

Оршот Iуьйранна Берлинера дIа гIаш Алеппо кхача новкъаяьлла маьршачу европахойн цхьа тоба. „Алеппохь дуьхьа -машаран марш“ цIе йолчу акцехь дакъалоцуш бу и нах. Кхаа баттахь сов некъ бинчул тIаьхьа Шема кхача Iалашо йолчу церан лаам бу, цу махкара тIом дуьненан пачхьалкхийн куьйгалхошка сацабайтар.

Дуьненера ницкъ болчу пачхьалкхийн куьйгалхоша ца динарг я царна дан ца луург шаьш, маьршачу наха, дан йиш юйла гайта дагахь бу оршот Iуьйранна 10 сахьт даьлча Берлинерчу ТемпелхIоф кIоштанера гIаш Шемарчу Алеппо баха арабевлла болу нах.

Iиса пайхамар вина ларалуш долу мукъаденош чекх а девлла, цул тIаьхьа керистанийн Iадатехь „тийна оршот“ олучу, массара а доьзалшкахь марзо а оьцуш, садоIучу дийнахь 300 сов стаг новкъаваьлла Германера Алеппо кхача.

„Алеппон дуьхьа – машаран марш“ аьлла шайн акцин цIе тиллинчу церан Iалашо ю, даханчу шарахь Шемарчу мухIажарша Германе кхаччалца бина хилла болу некъ хIинца бIостанерчу агIор – Германера Шема кхаччалца гIаш бан, цу новкъахь керла-керлачу агIончашца шайн могIанаш а дузуш, ткъа иштта дуьненан юкъараллин Шемара тIом берзабайта а, цигарчу нахера баланаш байбайта а кхайкхамаш а беш.

И хIума долийнарг Берлинехь ехаш йолу журналист Албот Анна ю. Шина беран нана йолу Албот Полшера орамаш долуш ю. Дуккхаъчу шерашкахь Германехь Iаш йолчу цунна цкъа а тIом ца гина, я мацалла я бакъболу баланаш, амма Шемарчу тIамах лаьцна журналистийн талламаш беш шена гинчу сарташа а, видеоша а вуно боккха тIеIаткъам бира шена бохуш дийцира цо Маршо радионе.

Цкъа хьалха, цу нахах доглезаш, ша царна муха хIун накъосталла дийр дара-те аьлла ойла а йина, цо а, цуьнан хIусамдас а шайн Берлинерчу петарехь тIеийцира Шемара цхьа къона мухIажар, шайн доьзалан дакъа иза волуш санна цунна Iуналла а деш.

Ала дашна, и мухIажар хIинца Анница а, цуьнан хIусамдеца Томасца а гIаж Шема, шен даймахка ваха новкъаваьлла. Амма заманца иза а тоьуш доцийла кхийтира ша бохуш дийцира цо, къаьстина Алеппора къематде доладелча дуьйна схьа.

ЦIеххьана дагадеара цунна Шема кхаччалца маьршачу европахошца цхьаьна машаран марш йолон. Ткъа Фейсбукехь шен агIонна тIехь цо и шен идея нахе йовзийтича, де-буьйса а далале бIеннаш наха шай-шай дакъа лоцур ду цу акцехь, шай-шай кийча ву Шема кхача новкъавала, аьлла хаамаш битинера.

Албот Аннас дуьйцу.

Албот Анна: „Тхо 3000 стагца дIадуьйлалур долуш ду. Амма и бохург дац и массо а нах тхоьца Алеппо кхаччалца дIабогIур бу бохург. Боллучу новкъахь, хетарехь, тхоьца иштта дукха нах хир бац. Амма и ду и бахьана, тхо цу новкъа стенна довлу бохучунна – хIора а луучун новкъахь цхьана муьрана, цхьана некъан декъана тхох схьакхета йиш хилийта, Шермарчу халкъаца шайн солидаралла церан гайта таро хилийта.

Тхоьца вуно дукха адамаш Германера а, Австрера а, Туркойчуьра а, Шемара а зIене дуьйлу. Цара тхоьга олу, шайгахь ехачу хенахь цхьа а сатийсам ца биснера, шайна гора, мел дукха адамашна гуш ду цигахь хуьлуш лаьттарг, амма хIинца, эххар а, цхьаъ бевлла, шайн комфортерчу дахарера ара а бевлла, вай дерриг а цхьаьна хилар а, вай цигахь хуьлуш дерг кхин дIа ловр долуш доцийла гайтархьама“.

3000 стаг йоллучу акцехь дакъалоцуш велахь а, Берлинерчу Темпелхофера новкъабевллачу хьалхарчарна юккъехь 300 декъашхо вара, карахь кIай байракхаш а, гехь шайна некъаца оьшун долу четарш а, кхин болу гIирс а болуш.

Оршот дийнахь 15 чакхарма некъ бийр бу маршан декъашхоша, немцойн Бранденбург лаьтта кхаччалца. Цигахь царах схьакхетар ву кхин ши бIе стаг. Цул тIаьхьа цара хIора дийнахь юкъарчу хьесапехь 20 чакхарма гIаш некъ бийр бу, хIора социйлехь 100-200 стаг тIе а кхеташ. Ткъа боллу некъ а бина, Шеман дозане Машаран маршан декъашхой кхаа баттахь, ах баттахь кхача дагахь бу.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG