ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIусам йоцчу синошна гIодан марзвелларг


Алиханова Алина

Ши шо ду Къилбаседа ХIирийчуьра Шапранов Вадим, да воцу дийнаташ а лоьхуш, уьш дезачарна дIалуш хьийза. Оцу юкъанна цо "хIусамашка дерзийна" 200 са.

СинпаргIато

"Оцо сан дагна там бо", - боху 45 шо долчу, БуьритIехь цхьана чоьнах лаьттачу петарахь вехачу машенлелорхочо.

18 цициг деха шен Вадиман цIахь. Беран хенахь дуьйна деза цунна дийнаташ: ша волчохь мел хилла "акхаро" охьаягарйо цо, ткъа хилаза ю, гарехь, еккъа цхьа вок (крокодил)!

Дийнаташна гIодан волавелла иза ши шо хьалха. Юьхьанца боьшура цо наха дийнаташна гIодарх лаьцна хуьлу интернетера хаамаш. ТIаьхьо ша волавелира дийнаташ лехьон. Делахь а, цунна ца товра "дийнатийн доладечара, оцу дийнаташна дарба оьшу бохуш, церан сакхташ видеошкахь а гойтуш, сагIадехар".

"Сан а ю социалан машанехь агIо, луучара тосу ахча. Амма ас ца гойту цомгуш хилла дийнаташ, суна уьш самукъане гойла лаьа, ас нехан самукъадериг бен ца гойту", - билгалдаьккхира Вадима ша "Кавказ.Реалиица" къамелдеш.

ЦIахь ца кхобу Шапрановс жIаьлеш. Цкъа диъ кIеза чудигинера цо, амма "цхьана чоьнах бен йоцчу хIусамехь хала дара уьш кхаба".

ЖIаьла дара Вадима дуьххьара лечуьра кIелхьардаьккхинарг – иза цуьнан кIанта Ивана далийнера. Кхо бер ду Вадиман, царна массарна а еза дийнаташ, цундела гIо до цара дена. Дуьйцу жIаьла, машено лазийна, чевнаш хилла дара. Иза дендеш дайира доьзало 40 эзар сом. Амма эрна ца яхара харж – ден а делла, хIинца Заманкул юьртахь кхобуш ду наха и жIаьла.

"ХIетахь со кхийтира, машенлелорхочуьнга мискачу дийнаташна тIех доккха гIо далур доцийла. Цундела йиллира ас машанехь сайн агIо. Ун кхетта дийнаташ цIа ца кхоьхьу ас, кхераме ду иза", - дуьйцу Вадима.

Цкъа цициган кIорни ялийнера цо, карийна. ЦIе тиллира цунна "Луивиттон" – ишта цIе йолчу "курачу мачийн гIутакхахь" карийнера цунна иза.

"Цомгуш яра кIорни, ткъа арахь шийла яра цунна. Iуьйранна лор волчу дига дагахь вара со. ТIаьхьо цуьнан кхидолу "йиша-ваша" а карийра суна. Ун кхетта хиллера массарна а, ас лоьре дерриг а дайтира, амма хьалхий-тIаьхьий делира уьш. Ша бакъдолу тезет хIоьттинера тхан доьзалехь", - дагалоьцу Вадима.

Тешна ву иза дийнаташ хьекъале хиларх, масала, цицигна хаьа шен кIорнеш цомгуш хилча, уьш ехар ю я яц, ехар хилча д1а ца кхуьйсу, боху Вадима. Иза тешна ву, ун кхетта, лечу хьоле кхаьчча бен цициго шен кIорни дIа ца тосу бохучух.

"Ирча меттиг ю дийнаташ тIеоьцу чоь"

"Самукъане хуьлу цицигаш тергалдеш. ХIораннан а ю шен амал. Соьга кест-кеста хотту: "Стенна хьоьгу ахь хIара бала?" … Мел доккха хазетар дохьу оцу дийнаташа, шайна хиича! КIадвелла, чувогIу хьо балхара, ткъа уьш тIехьолху, тIелета хьох, "хабарш дуьйцуш, доьлхуш, доьлуш" дуьхьалдовлу. ДIаболу кийрара массо а бала", - боху Вадима, шена-м кхаа цицигал сов хьашт а дера дацара шен чохь, олий, тIе а тухуш.

"Делахь а, ца валало со, и декъаза синош а гуш, уллехула тIех. Уьш, цIандой, цхьана хьесапе а даладой, кIиранденошкахь Беслане базара хьо ас. Дийнахь лаьттича, царех ах дIадуьгу соьгара кийрахь дегнаш долчу наха", - воьлу Вадим.

Дийнаташ чохь латточу Iедалан меттигашка дIа стенна ца ло цо шена карийна жIаьлеш, цицигаш, хаьттира "Кавказ.Реалиино" Шапрановга.

"Ирча меттиг ю дийнаташ тIеоьцу чоь. Готтачу гура чохь кхобу 20 а, кхин а сов дийнат. Делла Iохкурш а хаало, цхьа а кхочу хеннахь бала. Девлла лела жIаьлеш лоьцу, олу, амма дукха хьолехь тоьпаш етта царна. Инзаре хьал ду! Да воцчу, тесина лелачу дийнатех къа ца хета вайна", - балхабо Вадима шегара лазам.

Стенна тоьу шуна шайн каракхочу ахча?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG