ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан дас могуьйтур дацара шен суьрташ дIасалето"


Ичкерин президентан воIа Масхадов Анзора дуьйцу Кадыровн го шен ден сий бехдан гIертарх лаьцна

Халкъо хаьржинчу Нохчийн Республикан Ичкерин президентан Масхадов Асланан кIентан 43 шо ду. Веха Норвегехь. "Маршонан бIаьхо. Сан да – нохчийн президент" книгин автор ву иза.

Шайна дуьхьаллаьттачу блогерца Абдурахманов Тумсоца иккхина медиа-тIом дIахьош, Кадыровн гоно сийсазъеш го цунна шен ден цIе. Декхаре хуьлу доцург дуьйцучарна духьалхIотта.

"Ас Масхадов Анзор бехкево тIом боьдучу хенахь шен дена уллехь, цунна гIортор а хилла, Iийна вацарна. Бовхачу махкахь вара иза: цкъа Малайзехь доьшуш ву олура, юха Малхбалерчу комфортехь цхьаьнакхетаршка вахана лелачу шен дена юххехь нислора. Эхь хета дезара кIантанна ишта хьийза", элира Нохчийн Республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада социалан машанехула Абдурахмановца къийсалуш.

Хьалхара тIом а, Малайзи а

– Анзор, тIаьххьарчу хиламна тIера долор вай къамел. Даудовс хьо экам кхиийна кIант ву, генарчу бовха махкахь Iийна хьайн дас мостагIашца тIом бечу хенахь, элира. "Ша юхьIаьржа хета везара иштачу кIантанна", бохура цо. Хетий хьуна хьо юьхьIаьржа?

– Вер вац со иштачу нахаца къовсаме. Цара шайн кхетам бехачу оьрнашка дIатакхор ву хьо, тIаккха хьошур ву шайгарчу говзаллица. Суо бакъ ву баха декхаре вац со. Делахь а, ас ларамбо шун белхан, хьожу хьуна жоп дала.

Коьртаниг ду къам духкуш хьийзина вацар. Дисинарг дерриг а лов ас. 2000-лагIа шераш дуьйлалуш сан дас элира соьга: "АллахIна хьалха а, наханна хьалха а атта хир ду хьуна, халчу хьолехь хьайн халкъанна ахь гIодахь".

ДагадогIу Кадыров-воккхачо журналисташца ша дечу къамелашкахь, со республикан ахчанах Малайзехь сакъоруш лела, баьхна. И аьшпаш цо юха-юха буьттура, 2004-гIа шо тIекхаччалц. Ткъа со Малайзера дIавахана шо-м дара 2001-гIаниг! Ас суо волчу кхойкху сан махкахой цецбовлура: "Нохчийчохь тхоьга-м Масхадовн доьзал моз хьоьгуш беха ма олу". Юха а боху ас, кхечу нохчийнчул тоьлла ца хилла тхан дахар цкъа а.

Со а, кхин цхьаъ а хьажийра сан дас Малайзехь Нохчийн Республикан Ичкерин векалт схьаелла. Меттигерчу Iедало мага а деш, иза оха кхочушдира. ТIаьхьо дас уггаре коьртачу шен тIедахкарш кхочушден векал вира сох. Информацин болх бара суна тIехь, доккхачу декъанна. Нохчийчуьра ирча хьал ма-дарра дуьненна довзийта декхаре вара со оцу балха тIехь, Оьрсийчоьно дечу зуламех лаьцна хуьлура ас яржош йолу информаци. Цундела айхьа ойла ел, мел мах бу иштачу [Даудов Мохьмадан] къамелан?

Да вийначул тIаьхьа тхо кхечу пачхьалкхе дехьадевлира – халчу хьолехь бара тхан доьзал, тхох цхьаъ лачкъо а гIиртира.

–​ Хьалхарчу тIамехь хьо дена уллехь хилла. ХIетахь мел хан яра хьан?

– 17 шо дара сан, соьга дас элира: "Кхана дуьйна суна уллехь хир ву хьо". 1993-чу шарахь дара цо соьга и дешнаш аьлча.

Цунна хадеш, цуьнца дIасалелара со оцу хенахь. Шо даьлча тIом белира, Оьрсийчоь тIелетира тхуна. Айса бинчу тIамах лаьцна дийца товш ца хета суна, сайн декхар дара ас кхочушдийриг. Дукха хан йоццуш, ца ваьлла, даржийна ас машанашкахула оцу тIамехь, тхаьшна гобича, тIе деза герзаш деттачу деношкахь даьхна суьрташ.

Масала, Шаманов [Владимир, инарла] коьртехь волчу дакъоша гоне лаьцнера Шела, тхо цигахь дара, дас сацамбира тIамца и го бохо. ГIала йохочуьра кIелхьара йоккхуш вара иза. Хьаянза юьсу Шела кара а эцна, цигахь "зачисткаш" ян хьагна дара оьрсийн эскарш.

Масхадов Асланан Советан пачхьалкхера папорт
Масхадов Асланан Советан пачхьалкхера папорт

Го тIамца хадийра оха, оьрсийн эскаршна уллехула а девлла, дIадаха бен ца дуьсура. ШолгIачу дийнахь Шамановна хиира тхо цигара арадевллийла, ваха меттиг ца карош, догдаьттIа ву бохура иза.

Хьалхара тIом чекхбаьлча ден цхьадолу гIуллакхаш дIакхоьхьу референт Iийра со, иза махкал арарчу цхьаьнакхетаршка вахча, цуьнца лелара. 23 шо дара сан хIетахь.

–​ Ахь хьахийнначуьра, дозанал арахьарчу цхьаьнакхетарех хотт ас. ХIун паспорт леладора шун дас: советийн, Оьрсийчоьнан я Ичкериниг? Кадыровн гоно олу, цо Оьрсийчоьнан паспорт леладора.

– Сан метта оцу хьан хаттарна жоп делла хьалхо. Цара [кадыровхоша] "паспортан" тема гIаттийча, "Масхадов Аслана Оьрсийчоьнан паспорт леладора ша махкал араваьлча", цу тIе ши корта болчу аьрзунан мухIар а тухура, Оьрсийчоьно санкци а луш лелара, бохуш, дийца даьккхича. Уьш аьшпаш буйла хоуьйтуш, гайтина машанехула сан ден паспорт (блогеро Абдурахмановс шен эфирехь – ред.).

Ичкерин векала Масхадов Анзора Малайзехь лелийна документ
Ичкерин векала Масхадов Анзора Малайзехь лелийна документ

Тхуна мехкашка даха елла визанаш а яра гойтуш, дацара царна тIехь Оьрсийчоьнан мухIарш – хьо ваха дагахь волчу пачхьалкхан векалто бен ма ца лой визанаш.

Тхо тхаьш доьлхучу пачхьалкхе кхача Оьрсийчуьра ца довлура новкъа, Бакох я Истамуле а доьлхий, довлура. Цул сов, шен кема а латтадора тхуна цхьана нохчийн бизнесхочо. Тахана а ду сан Советан Пачхьалкхан паспорт, цуьнан чоьхьарниг а ду, литуван маттахь ду тIера йоза.

Паспортех лаьцна дийца даккхина: хьовсал, Масхадовс Кремло шега аьлларг дора шуна, бохуш. Шайн мохк шаьш бохкарх бехказбовла гIерта уьш.

Массо а хIуманал беламе ду, багах чопа а оьхуш, цара дуьйцург: ерриг а Оьрсийчоь а хадийна ваха веза Соьлжа-ГIалара Вашингтоне я Лондоне, боху. Школехь масса класс чекхъяьккхина цара? Мел евза геограрфи?

Сурт ду сан ден цхьана пачхьалкхе ваха иза араволуш даьккхина. Ичкерин паспорт ду цуьнан карахь. Журналисташа массийттаза хаьттира цуьнга паспортах лаьцна хIетахь, цо хIоразза а жоп лора: "Нохчийн Республикан Ичкерин паспортца воьдуш ву со".

Паспортах доьзна дац дерриг а, таханлерчу хьаькамашка [кадыровхошка] хьаьжча, Нохчийчоьнан президент санна тIеоьцура сан да Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Британино а, кхечу мехкаша а.

Кадыровхой тIе ца оьцу, уьш Оьрсийчоьнан патриоташ хиларна, Оьрсийчоь охьатаIо гIерта Цхьаьнатоьхна Штаташ а, цуьнга ладугIу мехкаш а. Иштта жоп лур ду-кх хьуна Соьлжа-ГIалара.

– Уьш Европе ца буьту, цаьргара муьлхха а зулам дала тарлуш хиларна. Масала, зуламийн, диктатурин буха т1ехь лаьттачу ражах бевдда Малхбале баьхкинчу наханна дуьхьал. Тханлерчу Нохчийчуьра идахь а, ца уьдура нах Ичкерера.

Оха тхайн къоман суверенитет кхайкхийра. Тхо Оьрсийчоьнах даймохк мукъабаккха гIертара, хIинца а гIерта. Оха кхерамзаллин гаранти лоьху тхайн къоманна, Оьрсийчоьне, цунна цигара Iедал хийца ма-лиъи, керла-керла тIемаш ца болабайтархьама.

Тхан къона пачхьалкх маршоне кхийдара: паспорташ а дара тхан тхешан (уьш схьаоьцуш а дара наха), оха ахча кечдинера арадаьккха, иза лела ца кхиинехь а. Цу тIе, Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин Конституци 1992-чу шаран бIаьста араелира. Ткъа Оьрсийчоьно и санна долу шен документ ца даьккхира юкъа 1993-гIа шо доьрзуш бен. И дерриг а оха дира тхешан мохк гобаьккхина къевлина латтош а болуш.

Уггаре доьхнарг ду, цара [кадыровхоша], маьждигашкахь, Делан цIе йохуш, маьттаза мотт лебар. Кхин нах аьшнашбийриг ледара адам ду. Шен ирачу маттаца, массарел а хьалха, ша бехво цо.

Шайн кхин дан хIума дацарна йоккха хиллачу зудчунна кхерамаш туьйсу цара – сан нанна, тхан гергарчарна. Товш дац ишта хьийза я боршачу стагна а, я бусалбанна а.

ШолгIачу ТIамах а, Рязанерчу "шекаран галех а" а, Селезневга доьссинчу шайхаллах а

–​ Паспорташ лдоькъура, ахча арахоьцура … Ичкери ян-м ма яц хIинца…


– Ичкери юьйцу даима а, Далла бу хастам, ца лекъна маршоне лаьтта хьогам. ГIалаташ ца дуьйлуш ца юьсу цхьа пачхьалкх а. Тхоьца а дара уьш. Дено-дено хийцалуш хьал а долуш, дозанаш къевлина, гобаьккхина хIиттийна эскарш а лаьтташ, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша кечбеш керла тIом а болуш.

Оьрсийчуьра бахархой гIайгIане боху хIума хила дезара цигарчу куьйгалхошна тIом шайна ма-лиъи боло магар. Доккху хIума а дац шайн махкахой чохь бийшина Iен цIенош лелхийтар! Нохчий бехкебан бахьана даьлчхьана.

ЦIенош нохчаша лелхийтина ала дац гайтина цхьа а тоьшалла. Мелхо а, дукха ду и зуламаш Iедалан къайлахчу ницкъаша динийла хоуьйту тоьшаллаш. Иза дара полоний-дIаьвшаца вийначу Литвиненко Александра баьхнарг. Лецнера Рязанехь ФСБ-ра нах. Аадамаш дехачу цIеношна буха, шекарх а тардина, гексоген диллинера цара.

Дагадаийтал 1999-чу шеран Марсхьокху-беттан 17-чохь, Пачхьалкхан Думин болх боьдуш, Жириновский Владимира [ЛДПР-н коьрта лидер] дина къамел. Спикерна Селезнев Геннадийна бехкбиллира цо, Волгодонскехь цIа эккхийтина цо стенна аьлла, иза хила хилале, цо и къамел дина кхо де даьлча стенна эккхийтина оцу гIалахь цIа, аьлла.



–​ Лелхийтинчу цIенойх дерг кIезиг-дукха девзаш хIума ду – бакъду, Селезневс Волгодонскехь бохам хилла аьлла кхо де даьлча бен ца эккхийтира цигахь цIа. Ас кхин хоттур дара хьоьга, Масхадов Аслан халкъо хаьржина вара, ткъа стенна магийра цо Басаев Шемална Дагестане тIом бан ваха?

– Мега, сан а ду тIаккха хаттар: тIом биначул тIаьхьа Басаев шен цIа стенна ваийтира Оьрсийчоьно? Мичахь дара, Нохчийчоь шайн кхаа гонна юкъахь ю, бохуш, телевизорш чохь дозалладина эскарш? Хьаннаш кIел ю ала а ма дац Басаевн тоба яхана, я юхаеана меттигаш.

Дагестане тоба яхийтар – тIом болорхьама Москох кечйина хилла операци юй-те, аьлла хета суна, бахьана ма дарий оьшуш? Массийттаза Карамахи, Чабанмахи ярташка хIун эцна вахара цул хьалхо Степашин Сергей [оцу муьрехь хилла Оьрсийчоьнан премьер-министр]? Масхадовс ша машаре кхайкхар Москвано стенна дитира тидамза? Дукха ду хеттарш, амма Оьрсийчоьнна ца тов шега цхьаъ хоттуш.

Басаевх дерг аьлча, иза оцу хенахь вацара нохчийн Iедалхошлахь, вацара Ичкерин эскарийн декъашхо а. Шен доттагIаша Хачилаевс [Надира] а, [Кебедов] Бахьавдина а дехча, вахара иза цига. Ткъа уьш бевдира тIаьхьо, Шемал кхеттера шена цара тешнабехк бинийла.

Оьрсийчоь тIелата кечъелла юй а хууш, сан дас дийхира Къилбаседа Кавказерчу республикийн лидершка тIом юхабоккхуш гIодар. Хууш ма дара, иза болалахь, дакъа массарна а кхочур дуйла. Сан да новкъавелира Дагестане ваха, цигарчу куьйгалхошца бертан къамелаш дан, амма цуьнан машенийн ковранна тIе герзаш диттира Оьрсийчоьнан эскарш лаьттачу агIор. ТIом Москвано хIета а, вета а болор бара, 1996-чу шарахь дуьйна яра иза цунна кечлуш.

Масхадовн некъ

–​ Хьайн дех дозалла дой ахь? Муха го хьуна "Масхадовн некъ"?


– Сан да оьзда, ша могIара стаг хеташ адам дара. Ца дезара цунна дозаллаш. Сан дас могуьйтур дацара шен суьрташ ког баькх-баккхинчохь дIасадетта. Цунна дезарг шен къам дара, хьаькамалла дацара.

ХIора кIантанна ву шен да турпал. Ас дозалла до иза даима а машарехьа лаьттина хиларх, терроран цхьа а кеп цо тIеоьцуш хилла яцарх. Сан да адам дара, бIаьхо а вара. Тоьшалла ду хIара – Нохчийн Республикехь Ичкерехь тIом сацош ша омра динчу деношкахь вийра сан да. Машар а кхайкхийна, Оьрсийчоьнан куьйгалхошка куьг кховдош, вистхилира иза (дуьххьара деш а дацара цо и тайпа къамел). Амма иза вийра, яцара Кремл машар оьшуш.

ХIун ойла юссу хьоьга хьайн да Даудовс емалвечу хенахь – иза ша "вехха лелийна Кадыровс зIенашца шен кертарчу жIаьлин буьнах а вихкина", чIагIдо-кх шайн лаамехь Украине бахначу нохчийн тIемалойн баьччас Осмаев Адама?


– Цо дуьйцучуьнга ладугIуш, ойла йо ас: мел кIорга хила деза стаг чувужу эхьан Iин, мостагIчунна дуьхьаллаьтташ кхелхинарг аьшнашван. И саннарг а дуьйцуш, шен къам дохкарх ша цIанво цо.

Шаьш халкъ доьхкар хьулдеш, динарг нийса хоьтуьйтуш, юьтту цара тIекхуьучу тIаьхьенан коьрта чу шайн пропаганда. Шаьш, шайна ма-оьшшу, "шардина" цара хилларг-лелларг. Дерриг а до тхан къоман турпалхой бехбархьама.

Хьан хIуъ а дийцарх а, хир дац церан аьлларг. ТIебаьхкинчу мостагIех леттачу нахах тхан къомо даима а баьхна "турпалш". Муьлххачу а нохчочуьнга хатта, мила ву Ушарма-шайх я обарг Зеламха. Цхьаммо а эр дац хьоьга: уьш къам доьхкина нах бу. Къам гортоха гIертачу агрессорех летта уьш, нохчийн байинчу нахе куьг ца дала летта.

Ахь буьйцу тешнабехк тахана-селхана бина ма баций. Масхадов Аслан сийсазвар стенна долийна кху муьрехь?

– Оьрсийчоьнан куьйгалхошна луург ду цара [кадыровхоша] дийриг. Ша тхан да вийча, тхо мел гIертарх а, цуьнан дакъа тхоьга схьа ца делла Кремло.

Оьрсийчоьнан куьйгаллехь, со тешна ву, тахана а бац тхан лаам кхочушбан нах. Патриархе Кирилле а тIехь дира оха дехар, гIуллакх ца хилла. Оьрсийчохь бен дац декъешца тIом беш.

Сан дас цкъа а дийр дацара иштаниг. Дакъа дIа цадалар ца догIу я динца а, я адаман кхетамца а. Хилла иза мостагI, амма вийна, иза вац кхин. Шаьш вийначун дакъа оьздачу, яхь йолчу наха дIалуш хуьлу.

Соьлжа-ГIалина оьрсийн эскарш тIетаьIначу хенахь, церан дукха нах белла Iохкуш а гой, сан дас тIом сацабе, шайн салтийн декъеш дIалахьаде, олура инарлашка. Вукхара кхин а чIогIа герзаш кхийса доладора.

Дас, цхьа а хIума а ца доьхуш, шайн бераш лоьхуш махка лестачу Оьрсийчуьрчу дай-наношка дIалора йийсарбина эскархой.

Хиндолчух

–​ Тахана Нохчийчоь муха хуьлийла лаьара хьуна?

– Суна сайн къам маьрша ган лаьа, цхьаммо а лаьллина лелош а доцуш. Ган лаьа Нохчийчоь кхерамзаллехь. Дала лардойла тхо рогIерчу тIамах а, тIамо бохьучу баланах а!

–​ Мила ву республикехь коьртаниг: Путин Владимир я Кадыров Рамзан?

– Шел лахарниг хIоттош верг ву коьрта.

Даймахка юхавоьрзур вуй хьо мацца а цкъа?


– Веза-Воккхачун карахь ду дерриг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG