ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Стаг вийначунна а санна, къинойх цIанвала хаьа къам доьхкинчунна


Осмаев Адам – Кадыров Ахьмадца хиллачу хийцамах а, нохчаша Маршо къуьйсуш схьабохьучу новкъах а

Украинерчу нохчийн тIемалойн-лаамхойн буьйранчина Осмаев Адамна масех кIело йина кху шерашкахь. Ши шо хьалха йийра цуьнан хIусамнана Окуева Амина. Цо шен тергонехь кхобу блогеран Абдурахманов Тумсонний, "кадыровхойнний" онлайн-дебаташ. "Кавказ.Реалица" къамелдеш Осмаевс дийцира, стенна емалво ша Кадыров Ахьмад, хIунда тоьлу Путин Владимир Кадыров Рамзанал.

Къам доьхкинчех а, турпалхойх а

Ичкерин агIор лаьттачу хьоьга хаттар нийса дацахь а, олуш ма-хиллара, "эксперимент цIена хилийтархьама" хоьтту ас хьоьга, Адам, мила нийса вара иккхинчу къовсамехь, Абдурахманов я Умаров, Шевченко, Даудов?

– Тумсо. Оха бохург деши санна цIена ду. Оккупантех даймохк Iалашбар дуьнено а къобалдо, бен-башха дац къам, цуьнан дин, географи.

Кадыровхойн позици – иза дерриг а дуьнено емалбечу каллаборационистийн позици ю. ТIех генара а яц Кадыров-воккханиг, шена говза дийца хааре терра, каллаборационисташ Iора бохуш лелла хан (ШолгIа тIом болалучу кхаччалц).

Уьш муха ца оьшу, цара вайна тоьшаллаш дитина хилча?! Бакъду, тIетовжа йоккха пачхьалкх а, дешин лаьмнаш а ду царна, амма эшалур дац оцу хьоле бакъдерг. Цхьа а вузур вац цара багахь кхаьрзичу хIоэх.

- Церан ледарло ю и "хIоаш" данне а дацар?

–​ Кадыровхошна эшам бохьу бакъдолучо, ткъа бакъдерг цаьрца дац, маршонехьа долчу тхоьца ду. Иза царна а хаьа. Цундела кест-кеста гIурту Кадыров Ичкерин зама бехъян, цхьа хан хьалха шен деца цхьаьна маьршачу Нохчийчоьнехьа лаьттинехь а.

Цу тIе, дуьненан низамаша а магадо къаьмнашна шаьшдовла, ткъа и бакъо, цхьана къоманна ягIахь, йогIу нохчашна. Мел дукха зама ю оха тхайн тоьллачу эзарнийн цIийца маршонехьа кхаьжнаш туьйсу.

ХIуттур варий хьо, Абдурахманов Тумсо санна, Кадыров Ахьмад емалван?

– Со вуьззина реза ву Тумсос бохучунна. Тешна ву, нохчаша-патриоташа аьндерг а ду изза.

Муьлххачу а зуламхочунна санна, хаьа къам доьхкинчунна, ша бакъван… Ас алссам эр ду: цо санна ирча шен къам доьхкина хир дац дуьненан исторехь цхьаммо а. Ичкерин муфтис кхайкхам бича, нохчийн тоьлла кIентий, мехкарий эзарнашкахь арабевлира [Оьрсийчоьнна дуьхьал], ткъа важа, мостагIчуьнгахьа а ваьлла, дуьхьахIоьттира оцу кIенташна, мехкаршна.

- Муьлш бу турпалхой?

– Тхуна Дала аьтто бина турпалхошца. Оцо тхан къам юьхькIайдо – ду нохчашна къонахаллин а, доьналлин а масалш. Массо а заманашкахь хилла турпалш, ткъа кхузамано уьш вуно дукха кхоьллина, нохчашлахь йоккха процент. Доггах шен даймахк ларбинарг, магош долучун зил ца хадош лелларг милла а ву турпалхо.

Дудаев ЖовхIар, Масхадов Аслан, берраш а санна кхиболу лидерш, церан куьйгакIелхьарнаш цIенна чекхбевлла дахаран некъах. Со ирсе ву оццул дукха турпалш кхиийначу къомах схьаваьлла хиларна, церан заманахь вина хиларна. Амма уьш ца хиллехь, цаьргара доьналлин масалш ваьшка кхаьчна ца хиллехь, хуур бацара вайна къамдохкархойн а, кIиллойн а мах.

–​ Цкъа вай къамел деш, ахь билгалдаьккхира, Кадыров-жимчун тетовжа нах бац шен уллера гаргарнаш бен, аьлла. Бахьана ахь дуьйзира цунан гонехь, тахана муьтIахь белахь а, цо хьалха вуно ирча хьийзийна "тIемалой хилларца". Муьлш бара ахь буьйцурш?

– Цхьаболчу хаамашца, коча зIе а оьллина, Кадыровн кертахь, жIаьлин бун чохь, пайдабоцчу ваьккхина кхаьбна Даудов Мохьмад ("Лорд" а олу цунах). Цул тIаьхьа бен ца хилла цунах "тешаме" кадыровхо.

И информаци стенагара ю? Эладитанах тера ма иза.

– Иза суна Кадыровн гонерчу хьостанаша хаийтина. Иза вехха латтийна зIенашца жIаьлин буьнах воьзна, амма цо, ша мутIахь хилар гойтуш, дIовш делла шеца хьалха уьйрехь хиллачу накъосташна, цул тIаьхьа хIаллакбина, царалахь цуьнан шича а хилла. Хаа ду шуна Оьрсийчоьнан Турпалхойн седарчий цара нохчийн цIий Iенош даьхна дуйла.

Билгалдаккхар: "Кавказ.Реалиигахь " дац Даудов лаьцна дуьйцург тIечIагIден тоьшаллаш.

Кадыровхойн Нохчийчоьнах лаьцна

– Дукхахболучарна хетарехь, къамелашца къовсаме бевлла кадыровхой эшна. Селхана цхьа а ца хIуттура цаьрга "бур-бур" ала, ткъа хIинца гина цаьрца къийсавала йиш юйла а, уьш кхин тIех кхераме боцийла а.

– Хила догIуш дара ишта. Оццу новкъах чекхъевлла аьшпашна тIехь, нах кхерорца чIагIъелла лаьттина коллаборационистийн кхийолу режимаш а. Протест кхуьуш лаьттар ю, маьршачу нахе ца лало иштаниг.

Тарло протест баккъал а кхиа. Цул тIаьхьа хIун хир ду Нохчийчоьнах?

– Вайна ца хаьа хиндерг, амма исторехь лелларг тергоне а оьцуш, ала йиш ю хиндолчух лаьцна. Ситуаци керла яц, Оьрсийчоьнан империно дуккхаза а лелийна ша тахана караэцна болу гIирс. Башхалла ю тахана халкъ дешна хиларца а, къовладелла дехаш дацарца а. Кхузаманан технологеша керла гIирс белла вайн кара. ХIинцалера къийсаман гIулчаш тIаьххьаранаш хила а мега, бIешерашкара схьабеъна некъ тола тарло.

Шеко а йоцуш, хир бу бекхам Кадыровна а, цунна гонахарчу кхечу зуламхошна а. Ас цундела кхойкху цхьацца бахьанашца оцу могIаршка кхаьчначаьрга, кIарга ма де шайгара хьал, бита и го. Оцу бандица ца бича а бу белхаш дуккха.

Рамзане цабезам бу хьан?

– Веза-воккхачу оьрсийн яздархочун Толстой Леван дешнашца олу ас - цо ма-дарра хаийтина муха го оьрсий нохчашна. Тхайн къомаца акхаро санна къиза хьийзарна Оьрсийчоьнан Турпалхой хиллачу нахе тхо кхин муха хьийса деза?

Толстой, "Хьаьжа-Мурд": "Оьрсашка болу цабезам цхьаммо а ца балхабора. Жимачу а, воккхачу а, массо а нохчочун ойла цабезамал а сов яра. Иза цабезам бацара, и оьрсийн жIаьлеш адамаш цаларар, царех хьожаяр, дегаза хетар, маьIна доцчу церан къизаллах цецбийлар дара, цундела уьш хIаллакбан лаар, мукхадехкий, дIаьвше гезгаш, берзалой хIаллакъян лаар санна, ша-шен Iалашдархьама адаме буссу могIара лаам бара".

- Ишта делахь, коьрта зулам хьангара схьа ду, Путин Владимирера я Кадыров Рамзанера?

– Шеко яц, Путин – иза массо а зуламийн хьоста ду. Делахь а, Путинан галвалар Iехавалар хила а мега, цунна шен дайша ларйина импери денъян лаьа (зуламан империи за елахь а). Ткъа Кадыров, биллина мостагIаллехь лаьттачийн агIор а ваьлла, шен къомо даьккхина сий бехдан хIоьттина.

–​ Ичкерин дозанал арахьарчу Iедалан премьер-министрна Закаев Ахьмадна гарехь, Кадыров-жимачух массо а зуламех жоп дала декхареверг вина тахана, "кхечу регионашкахь лела коррупци, кхидолу зуламаш а ца гуш, яздо массо прессехь Нохчийчоьнах лаьцна".

– Хила мега, доллучунна а бехке иза веш а. Цхьаццайолчу тобанаша, гIеранаша… Оьрсашна, ма-дарра аьлча, ца деза ночхашца доьзна мел долу хIума (шаьш кхиийна коллаборационисташ а ца беза царна ур-атталла).

Делахь а, Кадыров декъахь волчу "гIеранна" тIехь дика тхов бу – Путин, цхьанне а ца могуьйту цунна могуьйтург. Iедал хийцаделлачул тIаьхьа вуно хала зама хIуттур ю цара. Оьрсийчохь, даима а санна, тIевеъначу "паччахьо" шел хьалха Iийначунна тIехьарчадо вониг дерриг а.

ХIусамнана йийначул тIаьхьа

2017-чу шеран бIаьста Киевехь шуна кIелойира, ткъа цул тIаьхьа пхи бутт баьлча, йийра хьан зуда Окуева Амина. Мила ву оцу зуламашна тIехьа хаьий хьуна?

– ЦIераш яха ца лаьа суна. Амма иза дайтинарг Москва ю, вовшахтоьхнарг а, кхочушдинарг а – Оьрсийчоьнан коллаборационисташ.

Долийнарг мостагIаша чекхдаккхарна ца кхоьру хьо?

– Веза-Воккхачух кхоьру, кхин цхьаннах а, я хIуманнах а ца кхоьру со. Бакъдерг хьайгахьа хилча атта ду.

ХIинца хIун деш ву хьо?

– Сан дахар массо а фронташкарчу къийсамашкахь долу дикка хан ю хIинца. Олуш ма-хиллара, тоталан тIамехь ву.

Ткъа кхидIа?

– Адамна, нохчочунна, бусалбанна санна, сайна тIера декхар дIакхехьа, даймохк окукупантех мукъабаккха гIертар дуьсу суна. Сайн итт са хилча, уьш дерраш а дIалур дара ас оцу къийсамна.

Вай акхарой ма яц, шайн синош лардеш, тIелеташ уьш хиларх а. Котамаш кеп-кепара стенна лела, цецвуьйлура со суо бер долуш. Муьлхха а котам йодура адамна хьалхара. Амма шех нана хилча, шен кIорнеш лардеш, хIора летара адамех. Оцу котамехь долу доьналла а дац-те соьгахь?!

Нохчий ханна дIатоь шайна тIе хала мур базбелча, амма ма мотталаш иза дог, дегI лехна Iа. Халкъ меттадеъначул тIаьхьа оха схьаоьцур ю тхаьшка "кхаллалуччул суверенитет" [шен заманахь Ельцина ма-аллара]. Ткъа цкъачунна оха гIелйийр ю Путинан импери, тхаьшка иза мел гIелъяло.

–​ Украинера схьа "зуламан импери" гIелъян хала а дац, аьррий-те хьоьга хьан оппоненташа?

– Тахана Украинехьа къийсар – иза Путинан режимна дуьхьал бен вуно мехала болх бу. Со тешна ву, Украина шен суверенитет чIагIйина яьлча, Нохчийчоьнан а бер бу шен суверенитет меттахIотто аьтто. Цундела оха Украинан дуьхьа гIоракхочург дерриг а до.

Ичкерина ца дина гIо до шен маршо къовсучу Украинина дуьнено. Цундела ду тхо кхузахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG