ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дестечун ирс а, дакъазалла а


Нохчийчоь -- Нохчийн артисташ кечлуш бу сцени тIе бовла.
Нохчийчоь -- Нохчийн артисташ кечлуш бу сцени тIе бовла.

Дестечун а, меран берийн а юкъаметтиг мацахлерчул а хIинца хаъал хьааме лору бахархоша.

Вайнехан халкъан барта кхоллараллехь а ур-аттал цуьрриг дика ялхош яц десте. Фольклоран тайп-тайпанчу жанрашкахь туьйранашкахь, кицанашкахь, ширачу дийцаршкахь иза гойту дера а, къиза а,доцца аьлча меран берашна генахь кхаба еза цхьа ницкъала «бIабу» санна.

Ма-дарра аьлча и турпалхо хIумма а юьхькIаме ца гайтина,оьрсий биста кхаччалц, кхечу кхаьмнийн барта кхоллараллехь а. Дестечу хьокъехь нахана хетарг зеро гучудаьккхинарг а хетало тидаме эца хакъдолуш. Цхьаболчарна моттарехь (и саннарш кIезиг бу ала мотт ца керча) 40-50 шо хьалха адамаш а, церан лехамаш а, цара луьстучу хьашт-дезаршка хьаьжжина, кхечу кепара хилла.

Ша динарг бен тIедогIуш хIума цахиларна, Iедало хIинца санна еш гIоленаша йоцуш, хене бовлар луьра хиларна, дестеш а хилла хир бу цундела хIетахь къиза аьлла хьажам болчех ю ткъе итт шарахь сов ишколехь къехьегна,тахана пенсехь йолу Эльмурзаева Марет.

Марет: «Хьалхалера а,хIинцалера а дестех аьлча суна хIун башхалла гой. Хьалхалера баккхийц зударий шайн хIумнаш долуш ма хиллий. Таханлерчу хьолаца дуьстича церан мелла а алсам хилла меран берашца лелош йолу къизалла. Тахана а хаало и къизалла хаяла-м, амма хьалхалерниг аьттехьа а дац».

ХIинца ахьа а боху шайн тамашена хIуманаш долуш хилла хьалха зударий. Хьо дуьххьала а йоцуш кхечара а олу хьалха десте берашца къиза хилла! Стенна, мича бахьаненна? Дуьйцу Эльмурзаева Марета.

Марет: «И бахьна дера ду хIинца санна массо хIуманна а патар баьттIа,токхо йолуш хан цахилар. Къоьлла хилла юучунна а,молчунна а. Тахана санна Iедало беш аьттонаш а ца хилла. Масала Iаьнна даа даьтта дIадилла дезаш дара,и даккхархьама тIуо IаIо безаш хилла. Доьзална и тIо тоьхна берам латто таро а ца хилла дукха нехан. Дахарехь лол бета безаро сов йоккхуш хилла хир ю-къ дестийн къизалла а».

Дестечу хьокъехь къамел динчу Маретана хетарехь,десте хила кхаж баьлла зудчун сийдацарал сов, хьалха заманахь меран берашца десте дера хилийтарехь шенчул дакъа лаьцна къоьлло а. Къам дохийча а, юха цIа дирзича а, лаг а лаьцна, оцу къоьлло адам хьийзош дебба хир ю-кх цхьаболчарлахь и къизалла а боху Эльмурзаева Марета.

Марет: «Ахь мичча ехьча а,мичча йиллича а десте десте ю-кх. Цунах меран берашна нана хир яц хьуна! Цхьа кепаш,моттаргIанаш-м лелор хир ю цо! Десте херо ма ю,берашна даI ма ду».

Ишта хьажам болчех ю,шен йоьIан бераш дестечунна хьалха дисна ладегIамехь ехаш йолу Соьлжа гIалин юххерчу цхьана эвлара Малика. Цо халонга а дуьйлуш дуьйцура дестечу йоьIан берашна бечу тIеIаткъамах.

Малика: «Десте меран берашна цкъа а дика хир ю аьлча со-м ца теша. Нанас беш болу барт а, терго а цуо йийр ма яц. Десте цу дена хьалха ма яьлланехь и доьзал а,да а дIасакъаьсташ ду,царне юккъе херо юлуш ю. Десте десте ю-кх муха а,хIуъу а дийцича а. Дукха диканан дакъа хьогуш-м ца Iа цугнна хьалха долу бераш. Ас лечкъа а ца до,сан йоI араяьлла схьаеъна ю,цуьнан бераш дестечунна хьалха ду.

ХIинца и бераш шайн дех доьлуш Iаш ду-кх. Стенна аьлча хаьа дас шайн ненехь етташ даллийна Iазап а, хIинца кIеза санна, дестечунна хьеставалар а. Шен караеънарг тIетухуш, и чувеъча цIера яда езаш, и йиттина охьайиллича лулахоша тхойга телпе тухуш, хIоккхехь, эццахь йиттина Iуьллуш ю бохуш бала ма хьегна цу йоIа.

Цу зудчун вала да вац те, цуьнан цIерачарна ца хаьа те цуьнга даллориг бохуш нах цец а буьйлуш, и ловш Iийна-кх иза. Дала нийсо йойла цунна. Дика хьаха ду и бераш даккхий долуш. Цара боху-кх шайн да и ялийчахьана стаглара ваьлла. Дерриге а берашка дойтуш, ша цхьа хIума ца до боху дестечо. КIеззиг хIума даьлча а да чухоьхкуш. Бераш хьийзадойту. Нана елхьара ишта хир ма дацара…»

Дестечу хьокъехь,масалш а далош, къамелаш динарш дуккха а бара. Церан массеран а жамI дича гучудолург ду, хьалха а я хIинца а вайнахалахь хIумма сийлахь,хастаме юьйцуш яц десте. Шеко а йоцуш ба-м бу царлахь диканиш а. Бакъду, белахь а,уьш даима а ца тоьъу ахча я кхин мехала хIума санна, Iаламат кIезиг бу.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG