ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров суьде вала дагахь ву бакъонашларъярхо Янгулбаев


Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

Нохчийн бакъонашларъярхо Янгулбаев Абубакар дагахь ву Кадыров Рамзан суьде вала, цо шайн доьзал террорхой бу аларна. Цунах лаьцна ша Янгулбаевс дIахьедина Кавказ.Реалиига, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьйцучунна Кремло йинчу реакцина комментари еш.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, журналисташ, къаьсттина СПЧ-н декъашхоша, террорхошна гIо дарх лаьцна аьлла Кадыровн дешнаш, цунна шена хетарг ду аьлла.

"Цу тайпа реакци хиларо чусадаийтира суна, хIунда аьлча Кремлна цахета Кадыровна хетарг. Соьга хаьттича, иза ду Кадыров кхачийна бохург, иза цуьнан чакхенан юьхье ю", - дIахьедина Янгулбаевс.

Дечкен-беттан 23-хь Кадыровс д1ахьедира шен официалан телеграм-каналехь "Iазап лелорна дуьхьал Комитетан" (организаци юкъатоьхна ю НКО-"иноагентийн реестрна"), Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхо Каляпин Игорь а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а шена террористаш бу аьлла.

ЯнгулбаевгIеран доьзал а террорхойн агIончаш бу аьлла, дIакхайкхийна Кадыров Рамзана.

И бахьана долуш Нохчийчоьнан куьйгалхо суьде вала дагахь ву Янгульбаев, цо эладита кхолларна. Хьалха цу кепара гIулч яккхар цхьа а тIаьхьало йолуш гIуллакх ду аьлла цахетара шена, ткъа хIинца иза "пайда бохьур болуш хета, боху цо.

"Лехам чулур бу геннара дIа, юристашкахула тешаллин кехат а делла царна. Суна ца хаьа Кадыровн регистраци мичахь ю, цундела талла деза мича хьажо беза лехам террориторехула жоьпалла лохуш. Суна чIогIа мехала ду тхан доьзалан сий а, пусар а, цунна хьажийна сий доцуш хIуманаш дийцар суьдехула къастор ду ас", - боху бакъонашларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG