ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЯнгулбаевгIеран доьзал террорхойн агIончаш бу аьлла, дIакхайкхийна Кадыров Рамзана


ЯнгулабевгIеран доьзал террорхойн агIончаш бу аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, полисхо хиллачунна Туркойчохь тIелатар вовшахтохарна бехкаш а дохкуш. Уьш лоцучу заманчохь байъахь реза хир ву ша аьалла Кадыровс.

"ЯнгулбаевгIара терроризме а, экстремизме а кхайкхамаш бо, иза къобалйо, -яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь. - Машанехь цхьаммо даржийначу йозанаштIехь гуш ду, цара вовшахтоьхна Туркойчохь дина Нохчийчохь бакъоларъяран органашкахь болх бинчунна дина хилла тIелатар. Оцу йозанашца къаьстина, ЯнгулбаевгIеран боллу доьзало террорхойн тобанаш къобалъеш хилар, дийнна маша кхуллуш дакъалалаца Iалашо а хилла. Оцу тIера суна хета, уьш леца беза, низамо ма бохху, царна таIзар дан а деза. Нагахь санна, цара дуьхьало йой, террорхойн агIончаш санна, уьш террористаш бан а бу, байъа беза".

Кадыровс билгалдаьккхина, "ЯнгулбаевгIара доллу къомах лаьцна дийцинчунна тIехула Нохчийчоьнан бахархой эргIадбахна, царна тIекхачахь, цара уьш ловзор бац" аьлла.

"Бакъоларъяран органаш царна хьалха тIекхачахь — цаьргахьа ду, церан сийсазбаро оьгIазбахийтина нохчий кхочучул а. Дийнна къомах лаьцна маьттаза къамелаш дина ЯнгулбаевгIара. Со IадIахь а, юкъаралло шена хетарг эра ду", - дерзийна къамел Кадыровс.

Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а. ДIайигинчу дийнахь дуьйна Мусаева Заремигара хьал хууш дац цуьнан доьзална бакъонан статусехь.

Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.

ГIуран-беттан 28-чохь Пятигорскехь лецира Янгулбаев Сайдин а, Мусаева Заремин а воккхаха волу кIант Янгулбаев Абубакар - "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист. Терроризме кхайкхамаш барх йолчу артиклехь гIаттийначу гIуллакхца хеттарш динера цуьнга, оппозицин IАДАТ телеграм-каналан модераторшлахь иза ву аьлла хеташ. Нохчийн полисхоша таллам бира цуьнан хIусамехь, телефон а, ноутбук а схьаяьккхира. Цул хьалха дIахьедира Янгулбаевс, ницкъхоша Нохчийчохь беха шен герганаш нуьцкъаша дIабигарх.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG