ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхой: 410 политикан тутмакх ву Оьрсийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьарчу агентийн" тептарна юкъатоьхна йолчу "Мемориал" бакъонашларъяран центро карладаьккхина Оьрсийчьурчу политикан тутмакхийн тептар, хаам бо Свобода Радионо.

Цунна тIехь ю 410 цIе. Царах 329 стаг чувоьллина латтош ву, маьршша дин лело а, дин харжа а йолчу шен бакъонах пайда эца гIортрана, ткъа кхина 81 стаг ву кхечу политикан бахьанашца чувоьллина.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду бакъонашларъярхойн сайта тIехь.

ТIаьххьарчу 7,5 баттахь "Мемориалан" политикан тутмакхийн тептарна тIехь гучубелла а дуккха а керла нах. Навальный Алексей воцург, царах бу, цунна гIортор еш хиллачу акцийн декъашхой а, царах лаьцна дийцина болу Doxa студентийн журналера журналисташ а.

Cоцуш дац Iаткъам бар делах тешачу нахана а. ТIаьхьарчу 7 баттахь "Мемориала" политикан тутмакх лерина лаххара а 30 бусалба, шайна юкъахь Оьрсийчохь йихкинчу "Таблиги Джамаат" а, "Хизб ут-Тахрир" а тобанийн декъашхой хиларна бехке бинарш а болуш.

Репрессеш чIагIина "Иегован Тешашна" ("Свидетели Иеговы") дуьхьал а. Церан динан вовшахтохараллаш экстремистийн тобанаш лаьрра Оьрсийчохь 2017-чу шарахь. Бакъонашларъярхоша бечу хаамашца, Дечкен-баттахь дуьйна я цIахь лаьцна, я чувоьллина ву царах 46 стаг.

"Мемориала" билгалдоккху шаьш кечдинчу тептарехь дерг политикан тутмакхийн уггар лахара терахь хилар. Ма дарра дийцича, политикан тутмакхаш а, политика бахьана долуш чубоьхкина нах а дикка алсам бу Оьрсийчохь, боху бакъонашларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG