ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балтерчу пачхьалкхашка а, Малхбалерчу Европе а эскархой хьажо мега Цхьаьнатоьхначу Штаташа


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн масех эзар эскархо а, ткъа иштта тIеман хIрдкеманаш а, хIаваан кеманаш а НАТО-н Балтерчу а, Малхбалера Европерчу бертахойн территорина тIехь дIатардан аьттоне хьожуш ву президент Байден Джо. Цунах лаьцна яздо Радио Свобода-но The New York Times газетана тIе а тевжаш.

Оцу газето дийцарехь, америкахойн тIеман ницкъаш Европехь хилар алсамдаккха мегаш ду, Оьрсийоь Украинина тIелата кечлуш хиларх лаьцна хаамаш беш а болуш.

Газетехь болчу хаамашца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министралло масех вариант кховдийна президенте Байдене пхи эзар гергга эскархо Малхбалерчу Европе хьажор хьокъехь. Хаьл луьрчу далахь и контингент алсамъяккха мегаш ю иттаннашка, яздо The New York Times-а. Эскархойн цхьа дакъа хьажо мегаш ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн территорина тIера, кхин цхьа дакъа – дехьадаккха мегаш ду Европерчу пачхьалкхашкара. Царах цхьа а вариант яц эскарш Украине хьажорца йоьзна.

The New York Times газетица къамел динчу хаьстано билгалдаьккхина, тIеман дакъош алсамдахарх лаьцна сацам бан мегаш хиларх лаьцна Байдена, кху кIиранах. КIайн ЦIийнера хьастано чIагIдо, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир лууш вацара амеркахойн бIаьхой Литвахь а, Латвехь а, Эстонехь а хилийта.

Укрианина тIелата мегаш ю, бохуш хаамаш а болуш беш, Оьрсийчоь беларусийн эскархошца тIеман Iамораш дIахьуш ю, "Союзная решимость-2022" цIе а йолуш. Ша аьлча, Оьрсийчоьнан тIеман министралло малхбузе хьежош бу шайн Малхбален тIеман гонера эскархой.

Цул сов, оршотан дийнахь, Дечкен-беттан 24-хь, Амуран областера салти а, эпсарш а новкъабевлла Беларусе баха. Цара дакъалоцур ду союзан пачхьалкхан сихха реакци йон ницкъаш зерашкахь, аьлла ду Оьрсийчоьнан тIеман министраллан дIахьедарехь.

  • Стохка гурахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедарш до Украинин дозанашца Оьрсийчоьнан эскарш гуллуш хиларх лаьцна. ТIаьхьарчу кIиранашкахь Малхбузен пачхьалкхаш нисса дIа хаамаш беш ю баккъалла а кхерам хилархлаьцна Оьрсийчоь оцу пачхьалкхана тIелата мегаш хиларан.
  • Москвано харцдо шайн тIелата планаш хилар. Малхбузен пачхьалкхаша дIахьедина, нагахь иза хилахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал йохур ю "цкъа а хилла йоцу санкцеш" аьлла.
  • Стохка ГIуран-баттахь Оьрсийчоьно цхьамогIа тIедахкарш кхайкхийра Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, НАТО тIеман альянсе а, шайна юкъахь малхбалехьа шоръялар сацадар а долуш. ДIадаханчу кIиранах Оьрсийчоьнна а, Малхбузен пачхьалкхашна а юкъахь дийцарш хилира, Москвано йоьхучу гарантех лаьцна хаттар дийцаре деш. Оьрсийчоьно кхайкхийнарг Малхбузено юхатоьхнехь а, Москва жоп доьхуш ю кехата тIехь яздина долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG