Нохчийчуьрчу некъан низаман полисхоша "Буйсанан берзалой" байкерийн тобанца некъан акци дIаяьхьна "Внимание, мотоциклист" аьлла. Полисхоша а, байкерша а Соьлж-ГIалин урамашкахь мотоциклаш тIехь хехка а луш, машенашлелолорхошна карлаехира некъан низамашца леларан бакъонаш.
Байкерийн зама гергакхочуш юй а хоуьйтуш, 50 мотоциклисто инспекторшца цхьаьна хехкабелира гIалин коьртачу некъашкахула.
Новкъахь мотоциклист хIилланца санна гучуволу, цундела машенашлелорхошна дагахь а доцуш нисло цуьнан гучувалар.
Некъахь лелачарна байкерийн зама герга юйла дIахаийтар ю шайн акцин коьрта Iалашо аьлла дакъалаьцначара.