ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Baza: Ставропольехь полицин караяхна эккхийтар дан дагахь хилла террорхо


 МВД-н Ставролан махкара урхалла
МВД-н Ставролан махкара урхалла

Ставролан махкарчу Железноводскехь полицин караяхна, ша а леш, эккхийтар дан дагахь хилла жима зуда. Цуьнах лаьцна хаам бина цхьамогIа зорбан гIирсаша а, регионан антитерроран комитето а, тIаьхьо ша цуьнах лаьцна хIоттийна пост дIаяьккхина йолчу.

Baza телеграм-канало чIагIдарехь, йоI хиджаб йоьхна хилла. Цо дийцина полицехь, дуккха а дамааш гулделлачехь ша эккхийта план йолуш хиларх лаьцна, Стигалкъкекъа-баттахь дезаденош даздеш, амма ойла хийцаелира шен аьлла.

"Цхьа хан хьалха йоIана бевзина хилла байинчу тIемалойх бисна муьлуш бу ца хуу зударий. Цара цунна вербовка йина, ткъа Руруева Лаянас (цIе хийцина ю) дийцарехь, цара тешийна иза теракт ян езаш хиларх. Масех баттахь бомба кечйина цо, Iожалхочун доьхка а кечдина. Амма 2021-чу шарахь бIаьсте йолуш Лаяна кхетта ша кийча ша цахиларх ша эккхийта. Ткъа кхин а масех бутт баьлча сацам бина цо полицин караяха еза ша аьлла", - яздо Baza телеграм-канало.

"Комитет против пыток" тобано дийцина Кавказ.Реалиига и истори леррина кхоьллина йолчух тера ду, низамаш лардон органаша шайн белхан жамIаш лакхара гайта кхуллуш ду цу тайпа теша хала долу дийцарш аьлла.

"Цу тайпа практика лелош ю Нохчийчохь, ткъа цигара яьржаш ю Кавказехула а, кхин дIа Оьрсийчухула а. Нохчийчохь контртерроран операцешна тIехь ахча доккхуш ду, луш ду тIом бина аьлла ахча, терроризмца къийсам латторна луш санна. Амма оццу Нохчийчуьрчу полицин белхахоша дина тоьшаллаш ду "фейкан" террорхой кхиош берш шаьш белхахой хиларх лаьцна. Ткъа иза деш даиман а пайда оьцуш ю ислам динца йоьзна тема, Оьрсийчуьра шен бен бала боцуш беха нах дукха атта тешаш хиларна террорхой-бусалбанех лаьцначу исторех", - дийцира "Комитет против пыток" тобан юриста Янгулбаев Абубакара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG