ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусин историн книжки тIера дIаяьккхина Алексиевич Светланин цIе


Алексиевич Светлана
Алексиевич Светлана

Беларусин 11-чу классан историн дешаран книжки тIера дIадаьккхина Нобелан согIат делла йолу Алексиевич Светлана хьахор. 2020-чу шарахь дуьхьалонан акцеш йолаелча дуьххьара дуьйна Алексиевич юкъаяхнера беларусийн оппозицин Координацин кхеташонан президиумна. Историн керлачу дешаран книжкин чулацам теллина "Еврорадион" журналисташа, яздо "Карара Хан" телеканала.

Керлачу книжки тIехь иштта яц Беларусин Лаккхарчу кхеташонан гIантдех Шушкевич Станиславах лаьцна информаци а. 1991-чу шарахь цо тIе куьг таIийнера СССР пачхьалкх йоьхна хилар тIечIагIдинчу Беловежехь бинчу бартана, цул тIаьхьа йозуш йоцйш хиллачу Беларусин хьалхара куьйгалхо а хIуттуш.

Стохка Беларусехь дуьхьалонан акцеш хилча Шушкевича жигара критика йира, коьртачу харжамийн кимиссино президентан харжамашкахь толам баьккхинарг ву аьлла дIакхайкхийначу, Лукашенко Александра лелочунна.

Марсхьокху-бутт болалуш гучуделира, Алексиевич Светлана беларусийн школан лаккхарчу классийн Оьрсийчоьнан литературин программина юкъаряьккхина хилар. Иза йоцург оцу программина юкъарваьккхина Нобелан совгIатан делла волу Солженицын Александр а.

Беларусин яздархоша оьрсийн маттахь язйинчу литературина юкъахь яра Алексиевич Светланас язйина "ТIаьхххьара тешаш" книга. ХIинца иза цигара дIаяьккхина.

Беларусийн яздархошна юкъахь Нобелан совгIат делларг ша цхьаъ бен яц Алексиевич. Иза карачу хенахь ехаш ю Германехь, оппозицехь ю иза Лукашенкон режимана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG