ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бепигдархоша дIахьедина иза механа даздала мегаш хиларх лаьцна


Russia -- Buying a loaf of bread in Kurgan, 11Jul2007
Russia -- Buying a loaf of bread in Kurgan, 11Jul2007

Бепигдархоша хаам бина йохка-эцаран машанашка Марсхьокху-баттахь дуьйна баьпкан мехаш хьалабера хиларх лаьцна 7-12 процентана, дама а, кхин долу а, иза дан оьшу сурсаташ даздалар бахьана долуш, хаам бо Свобода Радионо, "Коммерсант", газетана тIе а тежаш.

Кхаллар дан оьшу сурсаташ масийттаза даздела, ша бепиг хIора шарахь цхьана соьмана а бен дазлуш а доцуш, дийцина газете Оьрсийчоьнан пурнхойн (бепигдархойн) бертан президента Лялин Алексейс.

Иштта, цо дийцарехь, масала, маргаринан мах тIекхетта 38 процентана, шекар дазделла 9 процентана, сурсаташ дIахьарчош йолу материал – 26 процентана. Бепигдаран къоман бартан директоро Айдиев Рустама а билгалдаьккхина шайна белхалой тоьаш ца хилар, ткъа и бахьана долуш алапа хьалдаккха дезаш хьал нисделла хилар болчу белхахошна.

Оьрсийчоьнан юьртбахаман министраллехь дIахьедина, баьпкан а, кхин йолчу а деман кхачанан продукцин а мехаш цхьанаметта лаьтташ бу, ткъа бепиг туьканашкахь духкуш хIоттийна мехаш 6 процентана а бен база ца белла тIаьхьарчу шарахь а, ткъа иза деш оьшучу сурсатийн мехаш, шайна юкъахь кIа а долуш, охьабовлуш бу аьлла.

Цул сов министраллехь дагадаийтина, баьпкан мах цхьатерра латтийта Iедало гIортор еш хилар. 2020-гIа шо чекхдолуш Iедало хIора цхьана килана тIе 2 сом ахча лора бепигдархошна. Амма оцу сферехь болх бечу совдегарша билгалдаккхара, шайна гIортор еш тидаме оьцуш ца хилар бепиг дан оьшучу сурсатийн мехаш хьаладовлуш хилар.

  • Кхушара Зазадоккху-баттахь Росстато хаам бира, цхьана шерачохь Оьрсийчуьрчу кхачанан сурсатийн мехаш дестар алсамдаьлла Евробартехь болчу гайтамца буьстича 7,5-зза аьлла. Кхачанан инфляци яра 8,2 процент, Евробартана юкъарчу пачхьалкхашкахь цуьнан барам 1,1 процент а бен йоцучу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG