ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Боруссия" эккхийтина оьрсийн спекулянто


Германерчу футболан "Боруссия Дортмунд" клубан акцешна тIехь ахча даккха дагахь хилла иза.

Немцойн Тюбинген латта тIехь Iуьллучу Фройденштадтехь пIераскан Iуьйранна сахуьлучу хенахь полицин леринчу тобанан операци дIахьочу хенахь цу операцин декъачарний бен хууш дацара, лоцуш верг мила ву.

Ткъа операци дIаяьллачул тIаьхьа Тюбингенерчу полицин векалша шаьш лаьцначух лаьцна информаци журналисташка а, юкъараллийна а йовзийтича, теша хала долуш сов инзаре а, тамашийна а хIума гучуделира.

Даханчу кIиранахь Германехь уггаре а сийдолчех футболхойн Боруссия Дортмунд клубан ловзархой чохь болу автобус эккхийтинарг оьрсийн къомах стаг хилла, ткъа цо иза даран бахьана футболхой байъарна тIехь шена са яккха Iалашо хилар хилла. Ткъа иза муха саяккха дагахь хилла бохург вуно чолхе а, маьттаза а схемица дагадаийтина хилла цо, цинизмаллин доза а доцуш.

Сергей цIе йолчу оьрсийчо план хIоттийна хилла, ша нагахь санна Боруссия клубан финансийн биржера акцеш эцахь, ткъа цул тIаьхьа цу клубан футболхошна дуьхьал террорхойн тIелатар хилахь, шайн ловзархойн кхерамазалла Iалаш ца ялуш йолчу клубан акцеш механа яйлур ю, тIаккха шен уьш йохкар-эцарна тIехь саяккха таро хир ю, аьлла.

Цу Iалашонца цу оьрсийчо банкера кредит а эцна, кху беттан 11-чохь 15 эзар Боруссия клубан сертификат эцна хилла, цул тIаьхьа царех акцеш эца бакъо а йоккхуш шена. Цу сертификатех цо 78 эзар евро делла хилла, ткъа шена терактехь футболан клубан акцийн сийдайча ер йолу сана цо гергарчу хьесапехь 4 миллион евро мах хIоттийна хилла.

Цу Iалашонца цо Боруссия футболхойн тоба шайн рогIерчу ловзаре стадионе дIайюьгучу церан автобус тIех йолчу новкхахь кхоъ куьйга йина фугас йоьллинера. Ткъа цу фугасашна уллохь куьйга яздина йоза дитинера, и эккхийтар радикалечу исламхоша дича санна, ДаIиш тобан цIарах футболхошна а, Германин урхаллина а кхерамаш а туьйсуш.

Фугасан эккхаро, Делан къинхетамца, цхьа а ца вийнера, футболхойх цхьанний, футболхой ларбечу полисхойх цхьанний яй чевнаш яр бен, автобус йохор бен кхин зе ца хуьлуш диснера и эккхарш.

Ша Сергей шен талор динчул тIаьхьа Боруссия клубан гIишлонна гена

ПIераскан дийнахь Сергей В. - цуьнан ма-ярра фамили меттигерчу низамашца гIарйоккхуш яц, - Тюбингинерчу прокуратурин сацамца бехкталламан набахте хьажийна. Амма цо динчу террорхойн тIелатарца боьзна болу талламаш кхин дIа а хьош бу Iедалхоша.

Цара лохуш ву Сергейна фугасаш яхка гIо дина волу кхин а шиъ оьрсийн къомах волу жимстаг. Цу шиммо аренда йиначу машенахь Сергейс лелийна долу оьккху молха цунна тIекхачийна хиларна шеконе лаьцна ву Iедало. Роттенбург цIе йолчу гIалахь цу шиннах цхьаъ вехачу петарехь лехамаш дIабаьхьира полисхоша.

Талламаша бечу полисхойн кхин а къастон дезаш ду, Сергейна тIехьа лаьтташ цхьа а кхин ницкъаш хиллий-те бохург. Цул совнаха, цунна сел дика оьккху молха лелош мичара хууш хилла, фугасаш яран а, яхкаран а говзалла цунна хьан я мичахь Iамийна хилла бохург а ду хаттарш кхуллуш, Маршо радиоца къамелехь Австрерчу нохчийн диаспорин жигархочо Исханов Хьусейна ма-дийцара.

Цунна хетарехь, сахьт дац и Сергей санна болу нах Европерчу пачхьалкхашкахь диверсеш я оьрсийн къайлахчу сервисаша хьовсийн хила а, меттигера Iедалш совтIехь радикалечу исламхойн талоршна тIе тидам бахийтина хиларх пайда а оьцуш.

Исханов Хьусейн: „Кху Европе зуламаш дан чубахкийтина дуккхаъ нах хилар къайле яц, хьастагIа Германерчу ЦДФ канало филм а гайтира цу Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша схьаоьхуьйтучу шпионех лаьцна. Европа а, Германи а Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш телхина ю, цундела муьлхачу агIор йина а цигахь дестабилизаци ярехь интерес хир ю оьрсийн Iедалийн.

Европерчу Iедалхоша сема ларбан беза цу махкара схьаоьхуш болу нах, мухIажарш санна баькхина хуьлийла уьш я кхечу агIор. ХIинца оцу Дортмундехь дерг-м цхьадика доккха зулам ца хуьлуш дIадирзи, амма цу хиламо гойту, и санна долу хIума хьанна санехь ду“.

Цу юкъана цецвоккхуш бу немцойн полицино Оьрсийчуьра талорхо гучуваккхарехь бина болх. Цара тидам бинера, Боруссия клубана уллорчу хьешийн цIийна чуьрчу интернетан вай-файх пайда а оьцун, ойланехула цхьаммо цу клубан акцийн сертификаташ эцна хиларна.

ТIаккха царна гучудаьллера уьш эцнарг ши де хьалха цу отелехь сецна хилар а, цо шена лерина урамехь кораш долу чоь эхна хилар а- хетарехь, футболхой автобус чу ховшу хан ларйархьама, нийсачу хенахь фугас эккхийта Iалашонца.

Цунна дуьхьал схьадиллина нах байъа гIортарна а, лелхийтарш дарна а, чевнаш ярна а бехке веш долу зуламан гIуллакх. Германин чоьхьарчу гIуллакхан министро Де Мезьер Томаса элира цу хьокъехь журналисташка: „Цу стага иза боккъал а иштта динехь, иза къаьстина маьттаза зулам ду“, аьлла.

XS
SM
MD
LG