ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буйнаш тIехь бакъо: 2023 шо а, Нохчийчуьра адамийн бакъонаш а


Нохчийчоьнан куьйгалхочун воI Кадыров Адам а, зорбанан министр Дудаев Ахьмад а
Нохчийчоьнан куьйгалхочун воI Кадыров Адам а, зорбанан министр Дудаев Ахьмад а

КъорIан дагийна аьлла СИЗОхь латточунна Кадыровн кIанта йеттар уггар а дукха дийцинчех цхьаъ дара 2023-чу шарахь адамийн бакъонаш хьешарца доьзна. Журналисташна а, бакъоларйархошна а керла тIелетарш дина хиларца дагахь лаьттина ца Iаш, Кадыровн куьйгакIел йолчу ницкъаллин структурашна йукъахь резабоцчарна а цхьаьна тIаьхьабийлира. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, муха дагахь лаьттар ду Нохчийчохь 2023 шо адамийн бакъонашца хиллачу хьолехь.

Буйнашца КъорIанехьа

19 шо долчу Журавель Никитина бехкзуламан гIуллакхца тIаьхьабовларх дуккха а беттанашкахь пиар-кампани хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "КъорIан Iалашдийриг" иза волуш санна, ткъа цул тIаьхьа – цхьа могIа совгIаташ дира цуьнан кIантана.

Севастополера вахархо лецира стигалкъекъа-баттахь делах тешачийн дог-ойла аьшнашйина аьлла – Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагош йаьккхинчу роликна тIехула. Официалан версица, и видео дIайазйинера Журавеля украинхойн къайлахчу сервисаша 10 эзар сом шена лур ду аьлча.

Цхьа ши де даьлча Журавелян гIуллакх Нохчийчохь таллийта дIало аьлла, тIедожийра Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра. Шаьш волайнхой ду бохуш, "дуккхаъчу бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах. Лаьцнарг Соьлжа-ГIала дIакхачийча, республикин Iедалхоша студенташ а, бюджетан организацин белхахой а арабехира, "мехк-кхел" йайта бохуш, кхайкхамаш бе аьлла.

Кадыровс КъорIан дагорах пайдаийцира,"Малхбузе а, Украина а" бехкейархьама, бусалбашна дуьхьал питанаш леладо аьлла

Федералан Iедалша цхьана а кепара дуьхьало ца йира гIуллакх Нохчийчу дIалучу хенахь: йуьхьанца сацамна тIетайра юстицин министр Чуйченко Константин, ткъа мангал-бутт йуккъе баьллачу хенахь "тIеман корреспонденташца" хиллачу цхьанакхетарехь президенто Путин Владимира дIахьедира, Журавеля шена тоьхна хан "бусалба нах дукха болчу" регионехь токхур йу аьлла. Кадыровс КъорIан дагорах пайдаийцира,"Малхбузе а, Украина а" бехкейархьама, бусалбашна дуьхьал питанаш леладо аьлла.

Марсхьокху-бутт йуккъе болучу заманчохь Журавеля СИЗО-ра кхайкхамбира Оьрсийчоьнан омбудсмене Москалькова Татьяне. Цо дийцинера, мехкан урхалхо ша волчу веанчу хенахь, цуьнан 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама йиттира шена аьлла. Нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура а бакъ дира Журавеля Москалькове дIахьедар. Хилларг бакъ дац бохуш, дуьхьалонаш ца йира Нохчийчохь: цуьнан метта Кадыровн гонерчу наха гIо дохура цуьнан кIанте, царна хетарехь, "ша бакъволу бусалба, пачхьалкхан патриот хилар" дIагайтинера цо.

Кхин а цхьа бутт баьлча Кадыровс "алаза дисинарг" гучудаьккхира, Соьлжа-ГIаларчу цхьахйолчу кабинет чохь Журавельна йеттачу хенахь дIайазйина хилла видео йаржош. Цуьнца хIоттийначу постехь дас йаздира, шен кIанта "Адама динчух дозалла до" ша аьлла. Ур-атталла цул тIаьхьа а омбудсмено Москалькова Татьянас а, адамийн бакъонаш Iалашйечу президентан Кхеташонан куьйгалхочо Фадеев Валерийс а дуьххьалдIа йемал ца дира Нохчийчоьнан урхалхочун кIантера даьлларг.

Йетташ йаьккхина видео зорбане хIоттийра, Кадыровн могушалла телхина йогIу бохуш, марсадаьккхина дуьйцучу йуккъехула. Тележурналисто Собчак Ксенияс бахарехь, цуьнан телефонехула къамел хиллера Нохчийчоьнан урхалхочуьнца, оцу къамелехь Кадыровс аьлла хиллера, лаьцначунна йеттачу заманчохь ша чохь вацара аьлла.

ГIадужу-баттахь даржийначу Кадыровн Журавельца къамелан декъехь тидам бало кабинетан, цунна йиттинчу кабинет чохь хилларг ду цу чохь а. Оцу видео тIехь Журавеля доьху хьаькаме "дин Iамо" бакъо ло шена аьлла, Кадыровс пурба ца ло. Цхьана публикацин бала ца кхечира оцу йукъанна федералан терго латточу органийн. Кадыров Адам берхIийтта шаре а валанза ву аьлла, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долон дуьхьал хилира республикехь. Амма бакъду, цо цхьана а кепара новкъарло ца йира йиттинчул тIаьхьа цунна исс совгIат лучу хенахь, церан цхьа дакъа цунна кхачон хьакъ дацара, цуьнан 15 шо бен цахиларна.

Кхелехь гIуллакх листар масийттаза йукъахдаьккхира, СИЗО-хь латтош волчу бехкевийриг а, "волайнхой" а кхеле ца бахкарна – тIаьхьо Журавель гучуваьккхира бIаьрга кIелара таммагIа дIадерзанза.

Оцу гIуллакхехула волайнхо ву аьлла билгалваьлла 13 имам, цаьрга хеттарш дина бевлла хIинца: царех хIораммо а дIахьедира "боллу бусалбашна вас йарх", ткъа цхьана имамо латкъамбира, и ролик бахьана долуш "цIийн Iаткъам айбеллера" шен аьлла. РогIера кхеташо хир йолуш йу дечкен-беттан 9-чохь – оцу дийнахь тешашка хеттарш дан а дагахь бу.

Кхел хилале хьалха йеттар

Товбеца-беттанн 4-чохь Iуьйранна муьлш бу цахуучу наха Нохчийчохь къиза йиттира "Новая газетин" журанлистана Милашина Еленина а, адвокат волчу Немов Александрна а. Нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина таIзар кхайкхочу кхеле догIуш хиллера и шиъ. Аэропортера Соьлжа-ГIала хIорш схьабогIучу хенахь церан таксин некъ бихкинера кхаа машено: герзашца болчу наха йиттира цу чохь хиллачарна гIожмашца а, мийрашца а, иштта кхерамаш тийсинера тоьпаш тухур йу бохуш, дийцира Кавказ.Реалии редакцина Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" филиалан белхахоша. Царна йеттачу хенахь, цаьрга баьхна хиллера: "Шуьга бехира. ДIагIо кхузара, хIумаъ ма йазделаш".

2022-чу шеран дечкен-баттахь лачкъийра суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамнана Мусаева – цул тIаьхьа шолгIачу дийнахь Кадыровс кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран боллу доьзална. Йуьхьанца 15 дей-буьйсий Мусаева Зареме чохь даккхийта сацам бира полисхо сийсазвина аьлла, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакх диллира: протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера иза бохура, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнашца, "бIаьрг баккхаза ваьлла" и. Милашина Еленас дуьйзира шайна тIелатар Мусаевана таIзар кхайкхорца – оцу дийнахь пхи шой ахшой туьйхира цунна набахтехь даккха.

Немов а, Милашина а долчу дарбан цIийне веара полисхо, хиллачух лаьцна цу шинга хеттарш дан, амма и шиъ дуьхьал хилира, нийсонца и толлург хиларх шайн шеконаш йолу дела. Цул тIаьхьа, Нохчийчоьнан омбудсмен Солтаев Мансур улло а ваьлла, Бесланера дарбан хIусаме дIадигира и шиъ – Кадырвос тIедожийнера цунна. Милашинин хьен туьта лазийнера, пIелгаш кегдинера: цул совнах, тIелеттачара корта а баьшна, баьццара коьчал хьаькхнера цуьнан коьртах. ХIаллакдинера доллу кехаташ а, техника а. Немовн когана уьрсан чов йинера. Товбеца-беттан 5-чохь лерринчу кеманца Къилбаседа ХIирийчуьра Москвара дарбан цIийне дIадигира и шиъ.

Хууш дара, бехкенаш гучубохур боций а, уьш жоьпалле озор боций а

Кремлехь дIахьедира, "талламан барамаш дIахьочу хенахь маса кепаш лелон йеза" аьлла. ТIелатар таллар тIедожийра омбудсмено Москальковас а, депутато Хинштейн Александра а, адамийн бакъонашкахула йолчу президентан Кхеташонан хьалханчас Фадеев Валерийс а. ГIуллакх оцу сохьта Нохчийчу дIахьажийра: Талламан комитетан куьйгалхочо меттигерчу урхаллин хьаькамна Волков Виталийна тIедиллира талламбар а, тIелатарх дерриг охьайаздай шега чу а ло аьлла. Кадыровс а дош делира "йистйаккха", амма цул тIаьхьа дуьйна оцу хьолах лаьцна аьлла дош дац.

Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллехь дIахьедира могушаллина зен деш харцахьа леларх таллам болорах, аьлла, волайнхоша шайн белхан хьокъехь дина тIелатар дара бохушшехь, цуьнца йогIу артикл ца лерира.

Товбеца-бутт бовш бехкбиллар хаъал шордира: бехкхуламан гIуллакх хийцира журналисто бечу балхана новкъарло йар, талораш дар, адвокатана вуьйр ву бохуш кхерамаш тийсар, иштта бакъо йоцуш документаш схьадахар, уьш хIаллакдар аьллачу артиклашкахула.

Волайнхо лерира иштта таксхо а. Оцу йукъанна Милашине товбеца-баттахь Нохчийчуьра талламхочо хеттарш динчул тIаьхьа схьа хилла хаам бац, талламбарх лаьцна.

ГIуран-баттахь адвокато Немов Александра кехат дахьийтира Талламан комитетан урхалхочуьнга Бастрыкине Нохчийчуьра бехкзуламан гIуллакх кхечухьа дIало аьлла: тIелеттачара кхерамаш тийсинера царна, йуха а Нохчийчу багIахь, шаьш хIаллакбийр бу аьлла. Оцу тIехула билггал кхерам лаьттара царна, нагахь санна волайнхоша талламан барамашкахь дакъалоцур делахь, билгалдаьккхира Немовс. Цул совнах, Нохчийчуьра талламхойн интерес йац дина зуламаш даста, оцу гIуллакхна йукъарабуьйлур бу уьш, йаздира цо.

ГIуллакх дерзийна олийла дац, амма Къилбаседа Кавказехь оцу кепара гIуллакхийн жамIаш лерича, гуш ду, бехкенаш билгалбохур бац, уьш таIзаре хIиттор бац, бохура "Iазапашна дуьхьал Командехь".

ГIуллакх таллар кхечу меттигехь хилийта аьлла динчу дехарна Талламан комитетера деана жоп дац, кхин дIа а Нохчийчохь толлуш ду и, хаамбира редакцига Немов Александра.

Шайчарна йукъахь а хийра

Журналисто Милашина Еленас билгалдаьккхира, шена а, адвокатана Немов Александрна а тIелатар динарш, изза нохчийн ницкъахой бу, 2023-гIа шарахь хиллачу резонансе гIуллакхна гунахь болу – республикера чоьхьарчу гIуллакхийн хилла белхахо Халидлв Ясин лачкъийнарш. 19 шо долу полисхо лецира стигалкъекъа-беттан 20-чохь Казахстанца лаьттачу дозанехь Оьрсийчуьра араволучу хенахь. Исилькульскан кIоштара чоьхьарчу гIуллакхийн декъо нохчийн ницкъахошка дIавелира иза.

Шен 17 шо долуш дуьйна Шела кIоштарчу полицин декъехь болх беш хилла ву Халидов, цул тIаьхьа транспортан ОМОН-ехь, ткъа 2022-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна Украинерчу тIамехь хилла ву иза, хаамбира Милашинас. Куьйгалло дIа ца валийтира Халидов, терроризмах гIуллакх дуьхьал айдийр ду аьлла – цуьнан хиллачу белхан накъосташа "бакъо йоцуш лаьцнера" иза муьтIахь цахилар гучудаьлча. Амма цул тIаьхьа аьтто хилира полисхочун регионера вада.

Зазадокху-баттахь, кадыровхоша лачкъийна, Нохчийчохь хан токхуш йолчу Мусаева Заремин кIенташа Янгулбаев ИбрахIима а, БойсгIара а лелочу 1АДАТ боламе гIо дехнера цо. Нохчийчохь кадыровхоша шога адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а тоьшаллаш далийнера полисхочо.

Делахь а, 1АДАТ-а зорбанехь йаржийра Халидовс шайга йелла информаци, иза махкара ара а ваккхале. Янгулбаев ИбрахIима а, БойсгIара а динчо МВД-н хиллачу белхахочун гIуллакх кхин а тIе чолхе даьккхира. ХIунда аьлча, Iедална гергахь хIинццалц схьа цуьнан бехк бара, балхара дIавала лаар, билгалдаьккхира оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос.

Дозанехь лаьцначул тIаьхьа вайра Халидов: юристашна Немов Александрна а, Караваев Александрна а ца карийра шаьш Iалашван тIелаьцнарг Нохчийчохь. Республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министралло информаци ца йелира, иза латточу меттигах лаьцна. Цуьнан адвокаташ Нохчийчуьра МВД а, прокуратуре а бевлира, ишта Омскан кIоштара ФСБ-н а, дозанхойн урхалле а Росгвардин куьйгалхочуьнга Золотов Викторе а, омбудсмене Москалькова Татьяне а.

Ши кIира даьллачу хенахь Нохчийчуьра прокуратуре хаамбира, Халидов меттигерчу полицин дакъошкахь цахиларх, ткъа Росгвардин кхерамзалла Iалашйечу урхаллехь элира, зазадокху-беттан 15-чохь цуьнан шен лаамца балхара дIаваьлла иза – цуьнан хьокъехь цхьа а талламаш бина бац аьлла.

1ADAT-а тIечIагIдира Халидовс шайга гIо дехна хилар – амма шаьш динчух кхетийра жигархоша, Нохчийчохь а, оккупаци йинчу украинхойн Энергодарехь а бух боцуш нахана дуьхьал гIуллакхаш дохучу заманчохь экс-полисхо йукъахь хилла ву аьлла, информаци кхаьчнера шайга аьлла. Халидовх лаьцна хаамаш нахала баха сацам бира 1АДАТ-ан модераторша нахана хаа дезаш хIума и хиларна. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Соьлжа-ГIалахь ГИБДД-н белхахочунна тIелатар деш а питанаш лелийна бохура цо, дийцира Кавказ.Реалиин редакцига Янгулбаев ИбрахIима.

Бакъоларйархоша йемалдира Халидовгара кхаьчна информаци, Оьрсийчуьра цунна эвакуаци а йале зорбане йаккхар. Гезгамашин-баттахь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро Халидов Ясин политикан тутмакх ву элира- царна хетарехь, Кадыровн рожо лаьцна Халидов иза "йамартхо" волуш санна, цуьнан дахарна, нагахь санна, иза хIинца а са чохь велахь, боккха кхерам лаьтта.

  • Бакъоларйархоша билгалдоккхура, "меттигерчу Iедалхошна луьйш берш лоьцу, уьш бертаза къайлабоху, шайна таIзар доцуш и доьрзур дуй хууш". Цара бохург тIечIагIдо, оппозицин телеграм-каналан чатан можераторан Тепсуркаев Саламанан масало. Кадыровхоша лачкъийна, тIехь ницкъбина, хетарехь, вийна иза. Бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема, кадыровхоша Лаха Новгородехь лачкъийна, Соьлжа-ГIалахь полисхочунна тIелеттера аьлла бехкейира иза.
  • Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу йукъанна "Новая газето" а, бакъоларйаран "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамаш бира Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь республикехь лачкъийна нах бу латтош аьалла. "Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.
  • Нохчийчохь белхаш бечу бакъоларйархошна кест-кеста кхерамаш туьйсу: гIадужу-баттахь Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" юристана Аламов Мохьмадна кхерамаш тийсира 28 шо долчу Яндиева Маринина цо гIо дина аьлла. ГIалгIайчохь тIехаийна Минеральные Воды гIала дIайигинера цо иза шен машенахь. Доьзалехь ницкъ бора шена аьлла йоIа гIо дехнера "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн доттагIчуьнга орца дийхира. Яндиеван доьзало ультиматум хIоттийра: цхьана кIиранчохь Марина цIа йогIу, йа Мохьмад а, цуьнан гергарнаш а шаьш бойур бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG