ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терк – уггаре боьха хи


Махкара коьрта хи бехдаларо сагатдойту Нохчийчоьне

Москварчу хьаькамаша хи цIандеш гIодан дош делла. Кадыров Рамзана догдоху хи денден федералан программа юкъаяккхаре.

Хьалхо а хазийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо шена хих лаьцна хетарг - 2017-чу шарахь. Амма хIетахь дина къамел спортах а, политиках а доьзна дара, ткъа Терканна "гIаж кхийтира" махкарчу футболан тобанна "Ахьмад" цIе тилла цунна дагадарна. "Терк нохчийн хи дац, гуьржийн хи ду. Иза Оьрсийчоьнан ялх регионах чекхдолу, ткъа стенга кхочу – суна иза ца хаьа! ДуьнентIехь уггаре боьха хи! Цундела боьха ю цуьнан цIе а!", дIахьедира Кадыровс.

Нохчийчоьнан IаламIалашдаран урхаллехь билгалдоккху Терк доккхачу декъанна Къилбаседа ХIирийчохь бехдеш хилар, къаьсттина Моздокехь. Бутт хьалха ХIирийчоьнан Юкъараллин кхеташоно а дира иза бакъ – дийхира Iедале "Экологи" цIе йолчу къоман проекте Терк дендаран программа йиллар.

ГIайгIа бохьу хи

Гуьржийчуьрчу ломан хьостанашкара, ешачу шанийн тархашкара охьадолало Терк олийла коьртера дуьйна схьа догIу боьха. Хууш ду экологашна иза бехдийраш ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а индустри юйла.

Кхуллу юкъ-кара Терка чу дIаьвше коьчалш кхуьйсучарна таIзар ден комиссеш, йиллина яц еш терго делахь а. Масала, Идал-хи ца хеддаш зуьй, цуьнан могашалла тергонехь кхобу Идал а, цуьнан генаш а толлучу Оьрсийчоьнан Iилманийн академин институто.

Терка тIехь 7 гидрологин ха лаьтта, боху официалерчу хьостанаша. Амма дац иза оцу хеша Iилмано ма-хьоьхху хих жоп ло бохург, тIоьхула ду ден Iуналла – кIоргалла, бос, цIеналла таллар.

Терканна Iаткъаме ю шена тIе ток яккккхархьама хIиттийна гечош (плотинаш). Моздокехь и тайпа гечо хIоттаяла, масала, хаалора хичохь уггаре экаме болу бакъ-чIара (форель). ХIинца бац иза – ца балало гечойх чекх.

Массо а мохк бала беза Терканна орцах

ХIирийн эколог Хадиков Ацамаз вевза виллина Терках доглозуш хьийзарца. "Вон хьал ду хинехь, тахана самайолуш ю Нохчийчоь, ткъа ас гIагIа балхо болийна ду 8 шо. ХIетахь Оьрсийчоьнан IаламIалашдаран урхалло а бохура, Терк бехкдийраш дукха бац Нохчийчохь, бу уггаре хьалха ГIебарта-Балкхаройчохь а, ХIирийчохь а", боху Ацамаза.

Терк БуьрийтIехь
Терк БуьрийтIехь

ХIирийчохь Терк бехдо "Электроцинкой", "Победитой". БуьрийтIехь бу хи бехдийраш доккхачу декъанна, тешна ву эколог-къийсамхо. "Къилбаседа Кавказна дуьхьал химин тIом латтош латтабо ХIирийчоьно. Уггаре боьха индустри вайн лаьтта тIехь ю. Амма баккхийчу хьакамаша кегийчу хьакамашка куьйгаш яздойту хи бехден коьчалш Терка чу кхуьйсуш хилар къайладохьуьйтуш", дуьйцу Хадиковс.

Цо дагадохкуьйту кхечу экологан, Абдурахманов ГIайрбекан, терахьаш – Дагестанехь Теркан хица карочу цинкан барам бу хила торучул 2000-за совдолуш.

Хи таллаза тIехдукха хан яьлла, боху хIирийн эколого. Йосту цо Iаламна зуламдечу нехан къайле: Терках кхета Камбилеевка-хи, ткъа иза дузу "Собачья Балка" олучу хьостанах, амма цу чу дIадуьтту "Электроцинко" а, "Победито" а шаьш болх беш IаьIа дIовш.

Кабилеевки чохь 2007-чу шарахь 898-за дукха дара цинк, даш дара мегачул 71-за дукха. Ткъа оццу шарахь официалехь бинчу талламаша гайтина терахьаш кхин дара - цинк 12-за бен сов ца даьллера, ткъа даш хица данне а дацара! Кхин цкъа а ца теллина хиш. Иза яц криминал? – цецвуьйлу Хадиков.

Гонахарчу хиш чуьра чIара дIаьвше бу, ткъа наха иза лоцу, буу, оцо адамашна шаьш деш дуьйна кхета цамгарш ло, билгалдаьккхира эколого.

Хадиков Ацамаз воккхаве нохчаша Терк цIандан айбинчу балхах. "Хинера хьал хIинцачул тIаьхьа толур ду, кхидIа йиш Къилбаседа Кавказан аренаш хьанъеш, цуьнан бахархошна стом, хасстом, ялта латтош долу ниIмат балехь кхабийта", боху Ацамаза.

Терк Iалашдаран институт, я филиал схьаелларе догдоху эксперто. "Оьрсийчохь массо а хинел боьханиг ду Терк. Ткъа Камбилеевка – делла, чохь садолу хIума ца еха хи ду. Тергам биллина латто беза, цкъачунна иза бацахь а", аьлла хета IаламIалашдархочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG