ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударий балор стенна лахделла Кавказехь?


Юсупов Ашахан

Оьрсийчоьнан статистикан урхалло (Росстат) бахарехь, зударий балор массанхьачул а лахара ду Къилбаседа Кавказехь

2018-чу шарахь статисташа даржийначу терахьашна тIехь рейтинг хIоттийна "Московский комсомолец в Пскове" ("Московский комсомолец Псковехь") газето.

Оьрсийчоьнан регионашлахь уггаре кIезиг зударий балабийриг ГIалгIайчоь ю. Цигахь 1000 вахархочух кхоллабелла доьзал 3,8 бен бац (85-гIа меттиг). Рейтинган цул лакхарчу тIегIанехь ю Дагестанний, Къилбаседа ХIирийчоьй –4,9 доьзал.

Нохчийчоьнна, могIанаш лахара хьала багарбича, кхочу 7-гIа меттиг – эзарнах 4,8 доьзал. Цул цхьа могIа лакхахь бу Старопол мохк – 4,9.

Хьал мелла а гIолехьа ду кхарачошлахь, чергазашлахь, гIебартошлахь, балкхарошлахь – шера чохь кхоллало 5,4 доьзал.

Хьалхарчу меттехь ю Петарбух – 8,8 доьзал.

Тамашениг хIара ду: бусалба къаьмнашлахь зударий балораш алссам ду, маре боьлхурш, нускалш далораш массанхьачул а къона хуьлу цигахь, аьлла бу Оьрсийчуьрчу бахархойн кхетам.

Цу тIе, ала деза, хIора дийнахь го ХIинжа-ГIалахь, Несарахь я Соьлжа-ГIалахь ловзарш. Ткъа муха нисделла Росстато сурт оццул "лачдаьлла" гайтар, Кавказехь зудирий балор лахдалар?

Дагестанан пачхьалкхан университетерчу социолога Абдулагатов Загида дийцарехь, Iедалан хьукматашка а ца боьлхуш, бусалба хьесапехь маха бийраш (никIях) дукха бу Кавказерчу бусалбанашлахь. Цундела статистийн бIаьрг тIе ца кхуьу иштачарна, боху Iилманчас.

"Кхин цхьа хIума а ду - кхоллалучу доьзалийн чIагIалла. Доьзалш оьрсашлахь дукха кхоллалуш хила а тарло, амма цхьаьнакхетарш санна дукха ду дIасакъестарш а. Кхузахь яханарг-ялийнарг шен меттехь Iа алссам", билгалдоккху Абдулагатовс.

Цунна гарехь, массех зуда ялийнарш а бу дукха, амма и хьал муххале а дац Iедало тергоне оьцуш.

"Дагестанехь цхьа а цец ца волу стеган шиъ, я кхоъ зуда хиларх. Иштта кхоллабелла доьзалш статистикашна бац цкъачунна гуш. Марехь боцу зударий, хетарехь, шаьш а бац боршачу стеган шолгIа зударий хила дуьхьал. ХIунда аьлча, зударий Дагестанехь дукха бу божарел (+100 000). Цхьалха божарий кIезиг бу, хала ду зударшна маренаш каро", - дуьйцу Дагестанерчу социолого.

Идалца беха бусалбанаш герга бу зударий бигар-бахарца лакхарчу могIаршна. ГIезалойчоь ю 28-чу меттехь, Башкортостан – 37-чу меттехь.

"Регионийн экономика" фондерчу экономистна Халилов Халилна гарехь, 1990-чу шерашкахь галъяллачу демографино йитина лар ю гуш тахана.

"Демографин болар галдаьккхира 90-чу шераша, цундела 20-30 шераш кхаьчначу нехан процент лахара ю бахархойшлахь. Дагестанера 1000 вахархо схьаэцча, царалахь кIезиг бу зудаяллол болу божарий – йоьхна демографи", чIагIдо Халиловс.

Амма иза ца теша бусалбанаша шаьш балор-бахар лечкъадо статистех бохучух. Тоьшалла далош дагадоуьйту Iедало луш долу "ненан капитал" – иза масарна а оьшу, амма ца ло ялор-яхар Iедалх къайладаьхьинехь, дагадоуьйту экономисто.

Дагестанан статистико гойту хIара терахьаш: 2018-чу шеран хьалхарчу исс баттахь кхоллабелла 9883 доьзал (-482 лурчахлерчу хьолаца дуьстича). Тергамчаша бахарехь, шо шаре мел долу лахлуш лаьтта и терахь, ткъа бахьана ду къоначу доьзалийн дахарна дай-наной юкъагIертар а, къоначарна ахча цатоар а.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG