ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президент лаьттинчух дечкапхьар хилла


Настоящее время (Карара Хан)

Маргвелашвили Георгий пхеа шарахь Iийра Гуьржийчоьнан коьртехь: 2013-чу шарахь хаьржинера, 2018-гIа шо доьрзуш дIаделира шегара гIант таханлерчу президенте Зурабишвили Саломега. Стенгахь ву иза хIинца?

Мехкан куьйгалхочун даржера дIавоьдуш цуьнан дацара 49 шо бен. Ткъа оцу гIента кхачале Iийнера дешаран министр. Цундела моьттура наханна, вуьсур ву иза политикехь.

Амма кхин некъ хаьржина шена Маргвелашвилис. Тбилиси а йитина, цунна 60 чаккхарма гена, лаьмнашкарчу Мцхета-Мтианети махкарчу жимчу Душети гIала дIавахара иза. 2500 долларх 2004-чу шарахь эцна цIа дара цуьнан цигахь.

Шен хIусаман декъа тIехь жима коттедж хIоттийра политика йитинчу Маргвелашвилис. Ма-моггу харж лахъеш, латта тесна тхов а бира цо оцу цIенна. Ша иза дина ваьлча, мехах садаIа туристаш кхайкха болийра Душети.

Хьешашна шен кертахь кхиина стоьмаш а латтабо Маргвелашвилис: Азербайджанан куьйгалхочо Алиев ИлхIама еллера цунна массех нар, Беларусин президенто Лукашенко Александра яийтинера ен картолаш.

"Президент" волчуьра хьешацIа лоцу наха Airbnb я кхечу онлайн-сервисашкахула, де-буьйса доккхург ло $80. Иттаннашкахь хилла цигахь туристаш кху тIаьххьарчу шина баттахь.

Амма уггаре а Маргвелашвили Георгийна дезаделларг ду шен куьйга дечка йийбар яр – хьешацIа чохь лаьтта цо дина текх а, гIенташ а. Ша воттанах а, хьешех-туристех а мукъаваьлча воьду иза студенташна хьеха Гуьржийчоьнан юкъарчу гIуллакхийн институте (GIPA).

ЦIахь бизнес елла а, пхьола лело а Маргвелашвили декхаревира, цо ша дийцарехь, ваха ахча эшаро. Пенси оьцу хан ца кхаьчна цуьнан – Гуьржийчохь 60 шо долуш йоьду зуда пенсе, борша стаг – 65 шо долуш. Ткъа пенси а, президент лаьттинчунна гуьржийн низамо дала ца магадо нагахь санна иза къанвелла вацахь я цомгуш кIел ца висинехь. Президент Iийначунна ло 7,2 эзар лари ($2600 гергга) - оццул алапа оьцура цо ша президент волчу шерашкахь.

Хьалхо Маргвелашвилин зудчо бохура Рустави-2 телеканална ша еллачу интервьюхь, шен доьзало ца дуьзина ахчанах "ур-атталла жима бохча а".

Маргвелашвили Георгийна хийра яц туризман бизнес: 25 шо хьалха, университет ша яьккхинчул тIаьхьа, хьешашна ломара некъаш бовзуьйтуш болх бира цо. ДегIанна сов хало хуьлуш бацахь а, аттачех бац цо тахана юьхьарлаьцна къинхьегам а.

"Синна паргIато луш, са цIиндеш хIума ду ас лелориг. Хьешаша йозанаш дуьту суна, шайна мел тайра со волучохь, тхан лаьмнашкахь, олий. Оцо чIогIа самукъадоккху сан", элира политик лаьттинчо ша Reutersна еллачу интервьюхь.

Шен декъа тIехь говраш лело дагахь а ву Маргвелашвили – лаьмнашкахула туристашна дIасабаха аьтто бийр бу цара. Ойла ю цуьнан хенан йохалла цхьа жима чагIардоккхийла хIотто а.

****

Президентан даржехь Маргвелашвили Iачу юкъанна ши-кхо скандал иккхира цуьнан доьзална гонах. Цуьнан йоI Анна яхана нуц Миндия Гогочури шозза нисвелира цхьацца дар-дацарш къесточу зуламийн декъа, уьрсаш диттира цунна массийттаза. Ткъа Маргвелашвили Аннас бохура, гуьржийн полици ю бехке, цо "новкъаболчу" политикийн воIаршна буха наркотикаш кхуьйсу.

Делахь а, гуьржаша дика вуьйцу президент лаьттина Маргвелашвили Георгий. Дагалоьцу, масала, 2015-чу шарахь Тбилиси хихьаьдча, цо муха къахьийгира бел кара а эцна.

Маргвелашвилис дийцарехь, туристашна дукха хьолехь хууш хуьлу шаьш хьаьнгара хIусам лоцу. Кхечу махкара баьхкинчарна цIеххьашха хеза хIара президент лаьттина стаг ву, олий. Советан пачхьалкх йоьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкара туристаш богIу шаьш лоцучу хIусаман да мила хилла а хууш, цецбуьйлу иза ломахь, луларчу цIенойх сов къаьсташ а йоцчу хIусамехь вехаш гича. Зуда-суртдиллархо а, 2015-чу а, 2018-чу а шерашкахь вина ши кIант а ву цуьнца, дац цIенна гонах я ха а, я хьолахочун хуьлу кхиболу белхалой а.

"Стаг Iедалера иштта дIаваха везийла гайта лаьа суна, политика йитича дахар кхачалуш доцийла хаийта гIерта" - элира Маргвелашвилис.

Сагатлой хьан жигаралла айхьа йитарна, политикера дIатасарна, хотту цуьнга хийлачо. "Аьттехьа а ца гатло!" – олу цо.

"Ас вуно хала даьккхина пхи шо ду и зама. Ткъа хIинца сайна Iаткъам а ца беш, парггIат веха со", боху Маргвелашвилис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG